Эльжуркаев Мохьмадан – 70 шо

2-чу февралехь Х.Нурадиловн цIарахчу Нохчийн къоман театрехь юбилейни суьйре хилира Нохчийн Республикин яздархойн декъашхочун, поэтан, публицистан  Эльжуркаев Мохьмадан 70 шо кхачарна лерина.23

 Эльжуркаев Мохьмад вевза нохчийн къам а, мотт а дукхабезаш волу поэт, патриот санна.

Юбиляран суьйрене баьхкинера яздархой: Х-А.Берсанов, I.Кусаев, Э.Мамакаев, I.Яричев, С.Гакаев, А.Исмаилов, иштта дуккха а яздархой, Iилманан, культурин декъехь бевзина нах, нохчийн меттан а, литературин а хьехархой, студенташ.

Суьйренехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин яздархой союзан председатель К.Ибрагимов, Культурин министран заместитель Р.Мелькиев, историн Iилманийн доктор, профессор М.Ибрагимов, Европехь бехачу нохчийн къоман диаспорийн верас  Р.Ампукаев, Хьалха-МартантIера дуккха а бахархой.

Суьйре дIахьош вара яздархо Альтемиров Iаьрби. Сцени тIе кхайкхинчу Гакаев СаьIида доклад йира М.Эльжуркаевн дахарх а, кхоллараллех а лаьцна. Яздархочо Берсанов Хожа-Ахьмада элира: «Мохьмад шен къоме беана бала а, хазахетар а ловш, тIеоьцуш стаг ву. Ша а, шен доьзал а бусалба дино ма-доьхху нисбина вехаш бусалба стаг а ву».

Нохчийчоьнан яздархойн союзо совгIат кечдина хиллера юбилярана. Зорбане яьккхинера Мохьмадан «Бекхаман новкъахь»  цIе йолу книга. Юбиляр вайн къоман истори евзаш, толлуш хилар хууш ду иза  вевзачарна. Ша бинчу талламан белхан жамI дан тоьхна зил санна ду, авторан зорбане яьлла книга а. Ибрагимов Кантас элира: «Мохьмад, ахь боху Яздархойн союзо книга арахецна хьайна доккха совгIат дина. И совгIат оха хьуна дина дац, иза ахь тхуна, массарна а дина совгIат ду. Тхуна хийла ца хиъна, ца девзина хилларш ду ахь ешархойн кхиэле дехкинарш. Хьо Дала дукхавахавойла. Хьан йозанаш, керла книгаш гойла тIейогIучу заманахь а». Бельгера цIакхаьчначу Ампукаев Рамзана аьлларг а дара вайн Даймахках а, цуьнан дикано ирсе бечу къонахех а. «Аэропорте схьакхаьчча – хьо Даймахкахь вуй хаьа хьуна, ткъа хIара санна исбаьхьчу хIусамехь, Нохчийн къоман театрехь, яздархочун юбилейхь, иштта хаза цхьаьнакхетта цхьаьна бу боху яздархой, Iилманчаш гулбелла гича – хьо цIахь вуй хаьа хьуна».мохьмад

Хьалха-Мартан районан администрацин куьйгалхочун цIарах еанчу тобано а декъалвира Мохьмад. Шайн хилла барт а бовзийтира цара. «Эльжуркаев Мохьмадна Хьалха-Мартан районан сийлахь вахархо» цIе яла сацам хилла районан куьйгаллин а, районан депутатийн советан а. Стаг ша вехачу меттехь нахана дукхавезаш а, сий деш а хиларо гойту и стаг муха ваьхна.

Культурин министран заместитела Р.Милькиевс министран  Дааев Хожа-Баудин цIарах декъалвеш, «Культура кхиорехь къахьегарна» аьлла йолу министерствон мидал елира юбилярна.

Суьйренехь дош ала сцени тIе мел ваьллачо, цхьаъ вукхул хаза, тоьшалла дира Мохьмад къонах, дика да, дика кIант, дика яздархо хилар чIагIдеш.

Бевзаш болчу артисташа С.Макаевс, М.Ясаевс, М.Домбаевс, Хь.Бительгериевс иллеш элира суьйренехь. Довха дешнаш, даггара делла совгIаташ, дукха дара цу дийнахь. Поэтан юьртахой, гергара нах юьхькъам хилла гуора.

Суьйре ерзош дош делира Эльжуркаев Мохьмаде. Цо баркалла элира ша лерина мел веанчунна а, и суьйре вовшахтоьхначу А.Айдамировн цIарахчу республикин къоман библиотекин директоран заместительна Янгульбаева Маккина а, библиотекин куьйгаллина а, коллективана а.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

Авторан суьрта тIехь: Эльжуркаев Мохьмадан 70 шо кхачарна лерина суьйре  

№13, шот, чиллин (февраль) беттан 6-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: