Муьлххачу а къоман дуьненан Iилма Iамор лаккхарчу тIегIанехь делахь, оцу къоман кхиар лакхара хуьлу, Iар-дахаран, хьал-бахаман, социальни хьелаш тоьлла хуьлу. Къам кхиаран коьрта бух бу дуьненан Iилма. Ткъа и Iилма хьоьхуш, къона тIаьхье кхетош-кхиош, и бух кхуллург хьехархо ву.
ХIун меттиг дIалоцу тахана хьехархочо вайн юкъараллехь? Халкъалахь мел лерам бу цуьнан? Муьлхачу хьелашкахь ду вайн школашкахь тахана дешаран хьал?
Олуш ду, дуьстича хаьа долуш долу хьал ма-дарра. Советийн Iедалехь «Командно-административни» системехь болх беш яра вайн школаш. Бакъдерг ала деза, дуккха а диканиг а дара хIетахьлерчу дешарехь а, хьехарехь а.
Сих-сиха хуьлура хьехархойн хаарш, говзаллаш лакхайоху семинараш, йиллина урокаш. Школашкахь йора дуьненахь гIарабевллачу яздархошна, Iилманчашна лерина суьйренаш. ХIинцачул жигара бара классан, школин арахьара болх, хуьлура факультативни белхаш. Низам талхош, дешарна новкъарло еш болчу дешархошна дов дан, човхо, церан дай-наношна тIеIаткъам бан Iедало хьехархочунна йитина цхьацца агIонаш, бакъонаш яра. Ледара доьшуш долу бераш шолгIачу шарна я гуьйренна деша дуьтура. Ала деза, хIетахь харцхьа лелаш, низам талхош болу дешархой а хуьлура ийманехь, гIиллакхе. Школехь я урам-новкъахь вогIуш-воьдуш хьехархо шайна гича мел ледарчу дешархоша а гIиллакх леладора. Ледара доьшуш долу бераш а шайнначул хIума ца хууш ца хуьлура.
Тахана тематически суьйренаш, факультативни белхаш кIезиг хуьлу. Дешаран низам талхош, хьехархочунна новкъарло еш болчу дешархошна деш цхьа а таIзар дац. Дукхах йолчу школашкахь ледара доьшуш долу бераш шолгIачу шарна деша дуьтуш а дац. Лакхарчу классийн дешархоша а, церан дай-наноша а хьехархочун беш лерам бац.
Вайна массарна а хаа дезара, хьехархочун сий доьжча, Iилманан сий дужий, тIаккха къоман сий лахлой. Бакъду, дешаран а, Iилманан а министерствос хIора шарахь дикачу хьехархошна юкъахь еш конкурсаш ю. Тоьллачу иттанашна хьехархошна луш Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу фондера гранташ ю. Иштта, «Шеран хьехархо» аьлла конкурсаш а хуьлу.
Хууш ма-хиллара, шен корматалле, говзалле хьаьжжина, шен балхе болчу безаме, шовкъе хьаьжжина болх бо хIора хьехархочо. Мел новкъа делахь а, хууш ду вайна, Нохчийн пачхьалкхан университето, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университето республикин школашкахь болх бан арахоьцуш болу цхьаболчу хьехархойн хаарш, говзаллаш лахара хилар. Цунна шен бахьана ду. Цул сов, цхьайолчу школашкахь тоьаш бац физикин, химин, иштта кхийолчу предметийн говзанчаш. И предметаш кхечу предметийн хьехархоша луш хуьлу: физика хьоьхуш математикаш хуьлу, хими хьоьхуш биологаш хуьлу. Ткъа оцу шина ВУЗ-о хIора шарахь арахоьцуш болу цхьа эзар гергга говзанчаш мича боьлху? Царах, юккъерчу барамехь 200 стаг бен ца воьду школашка болх бан.
Мича хьолехь бу-те тахана вайн школийн материально-технически бух? Кхочуш ян езаш йолчу дешаран пачхьалкхан программашца догIуш кхоьллина дуй-те цуьнан хьелаш? Республикин куьйгалхочо Р.Кадыровс дешарна еш йолу терго бахьанехь Нохчийчуьра ерриге а школийн хьелаш тоделла. Массо предметаш кхачам боллуш хьеха кхоьллина технически а, гайтаман а гIирсаш бу, юьххьанцарчу классашкахь «интерактивни» аннаш ду, иштта кхидолу хьелаш а ду.
Амма, кхачамбацарш а ду. Советийн Iедалан заманахь республикин ерриге а школашкахь физкабинеташ чохь йолчу стоьлашна тIехь электро розеткаш яра. (Лабораторни белхаш бан оьшуш ю уьш). Химин, физикин кабинеташ чохь гайтаман яккхий стоьлаш хуьлура. Тахана, ур-аттал, Соьлжа-ГIаларчу дукхах йолчу школашкахь физкабинеташ чохь дешархойн стоьлашна тIехь яц розеткаш, я ас юьйцу стоьлаш. Цо гойту цхьаболу лабораторни, практикин белхаш, талламаш ишттачу школашкахь беш цахилар. Ткъа, цхьаболу хьехархой, шайн ледарлонна, мало еш, и белхаш ца беш а Iа.
Советийн Iедалан заманахь школийн болх толлуш, йолу организацеш кIезиг яра. Шайн болх чекхбаьлча, талламхоша, цкъа хьалха, хазачу дашца баркалла а олуш, хьехархочун кхиамаш билгалбохура. Цул тIаьхьа шайна цатайнарг, цуьнан кхачамбацарш дуьйцура хьехархочун дог а ца дохош. Ткъа, тахана хьехархочун сакхташ, ледарлонаш бен ца юьйцу. Тахана цхьа кIира а ца долу школехь таллам ца беш. Школин болх талла богIурш, дукха хьолахь ледарлонаш гучуяха Iалашо йолуш бен ца богIу. Ишттачу хьелашкахь болх бан чIогIа хала ду, къоначу хьехархочунна-м муххале а. Цхьацца бахьанаш а хIиттош балхара дIабовлуш дуккха а къона хьехархой хаало. Лазаме ду иза. Къона хьехархой балхара дIа ца бовлу агIонаш леха езара вай. Хьалха санна, дуккха а белхаш бинчу хьехархойх и къона говзанчаш дIа а тухуш, шайн корматалла цаьрга лакхайоккхуьйтуш белхаш бан безара. Ткъа тахана хеза, пенсехь болу хьехархой дIабаха беза, бохуш. Цхьайолчу школашкахь 30–40 процент хьехархой пенсионни хан тIекхаьчна ма бу. Уьш дIабаьхча хIун хьал хIуттур ду ишттачу школашкахь?
Тахана зама хийцаелла, цуьнца хийцаелла дешаран система а. Юкъаевлла керла технологеш, дешархойн хаарш зуьйш йолу ГИА, ЕГЭ, дуккха а кхийолу керла проекташ. Вайн дахаре еана интернет. Дуккха а пайдехь гIирс а бу дешаран керлачу системин. Дешархочунна а, Iилманчина а оьшург дерриге а карадо интернета чохь. Амма дуккха а цаоьшург, маьттазниг, кегийнах хьекъалх тилош, галбохуш, оьздангаллех бохош материалаш ю интернетехь. Тахана хьехархойн декхар хилла ца Iаш, къоман а декхар хила деза кегий нах оцу зуламех ларбар.
Ала лаьа ЕГЭ-х лаьцна. Цу хьокъехь даима а къийсамаш бу лаьтташ Iилманчашна, хьехархошна, дай-наношна юкъахь. Сайна хетарг эр ду ас: ЕГЭ-н дика агIонаш алсам ю, хIунда аьлча, оцу ЕГЭ-но мелла а цIена къастадо институташкахь деша хьакъ долу бераш.
Заманца хийцаелла дешархойн дай-нанойн психологи. Цхьаболчу дай-наношна моьтту шайн доьзалш шаьш-шайн амалехь хьалакхиийта беза. Далла гергахь а, Iедална гергахь а шайна тIехь мел декхар ду ца хаьа царна. Цунна тоьшалла ду муьлххачу а школехь тахана беш болчу дай-нанойн гуламе 40–45 процент бен уьш цабахкар. Цул сов, оцу гуламе богIурш, дукха хьолахь, дика доьшучу дешархойн дай-наной хуьлу. Шайн берийн кхолламан, церан хиндолчу дахаран бала, сингаттам кIезиг хилар ду иза. Хьехархочо шайн берана цIахь бан беллачу белхан церан бала бац, церан дневникашца бала бац, школе боьлхуш Iаматаш цара хьо я ца хьо царна ца хаьа.
Дуьненан Iилма хууш хила дезий а, цуьнца бен сий доций а хаьа вайна. И Iилма хьоьхуш къахьоьгург хьехархо ву.
Хьехархо бохург Iаьрбийн маттахь устаз бохург ду. Ткъа, устаз бохург нохчийн кхетамехь деза дош ду, хIунда аьлча, эвлияийн даржехь вай иза лору дела.
АРЖИЕВ БАДРУДДИН, «Даймохк» газетан штатехь воцу корреспондент
№13, шот, чиллин (февраль) беттан 6-гIа де, 2016 шо