Ойла лаьтта тIе ерзорца лаха еза токхо

Малхбузерчу пачхьалкхаша Россина дуьхьал экономикин а, политикин санкцеш юкъаялийначу хьолехь Iаламат мехала ду мехкан промышленностехь а, юьртан бахамехь а, экономикин кхечу дакъошкахь а чоьхьарчу таронех буьззина а, эвсаре а пайдаэца Iамар, дозанал арахьара хьалха чукхоьхьуш хиллачу меттана промышленни товараш а, юьртабахаман сурсаташ а арахецар мелла а сиха дIадолор.chechnya_ns1

   Мехала а, жоьпалле а декхар ду иза. Цуьнца вайн промышленникаш, аграреш а лароре хьаьжжина хир ду вайн дерриге а халкъан кханалера де, дахаран токхенан тIегIа. Цу декъехь шайна хьалха лаьттачу декхарех Нохчийчуьра ахархойн-фермерийн бахамийн, юьртан бахаман кооперативийн векалш кхеташ хилар хаалора Нохчийн Республикин юьртан бахаман министерствехь дIаяьхьначу Нохчийчоьнан ахархойн (фермерийн) бахамийн а, юьртабахаман кооперативийн а Ассоциацин конференцехь динчу къамелашка ладоьгIча.

Цигахь дакъалоцуш хиллачу аграрешна хетачуьнга ладогIа а, шайн ойланаш царна йовзийта а баьхкинчу хьаькамашна юкъахь вара республикин Правительствон Председателан гIоьнча Умаев МехIди, Нохчийчоьнан Правительствон жимачу а, юккъерчу а предпринимательствон гIуллакхашкахула йолчу комитетан председателан заместитель Джамуханов Авухан, республикин хьаштхойн бакъонаш ларъяран Векал Усманов Идрис, Нохчийн Республикин куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин векал Мустаев Мовсар, Нохчийчоьнан ахархойн бахамийн, юьртан бахаман кооперативийн Ассоциацин президент Татаев Леча, кхиберш.

Конференцин болх дIа а болош къамел динчу Л.Татаевс дийцира таханлерчу дийнахь вайн республикехь 4 275 ахархойн-фермерийн бахам, кооператив хиларх лаьцна. Царна тIечIагIдина ду 62 эзар гектар сов латта, цунах 59 эзар гектар сов латта дуьйш-лелош ду. Цул сов, фермерша лелош 35,6 эзар корта маIаш йолу даккхий даьхний ду, шайна юкъахь 12 эзар гергга етт а болуш. Цуьнца цхьаьна ахархоша а, фермерша а лелош 80 эзар уьстагI-газа а ю.

u

Нохчийчохь юьртан бахаман сурсаташ кхиорна шайн къинхьегаман йоккха хазна юкъаюьллуш бу ахархой а, фермерш а. Иза чIагIдеш дара Татаев Лечас далийна терахьаш а, бакъдерш а. Иштта, дIадаханчу 2015-чу шарахь цара 1622 тонна жижиг даьккхина, 8 эзар тонна шура яьккхина. Доьхкина 5 миллион хIоа. ГIоьналлин бахамашкахь бахархоша кхиош ду 197 эзар корта маIаш йолу даккхий даьхний. 2014-чу шарахь хиллачуьнца дуьстича 10 эзар коьртана алсамдевлла бахархоша гIоьналлин бахамашкахь кхиош долу даьхни.

Республикехь дуьйш-лелош долчу латтанех 35 процент ахархошний, фермершний кхочуш ду. Цу тIехь цара гуьйренан а, бIаьстенан а ялташ, юьртан бахаман кхийолу культураш кхиайо. Цунах тоам бина бац ахархой. ДIадаханчу шарахь шаьш дуьйш-лелош долу латтанаш 10 эзар гектарана алсамдаьхна цара, хIинцалц дIатесна, къух даьлла лаьттина аренаш гIуллакхана юкъаялоран чоьтах. Делахь-хIета алсамбаьлла цара кхиочу ялтийн, хасстоьмийн, стоьмийн барам.

Татаев Лечас шен къамелехь билгалдаьккхира Нохчийчоьнан Iедало а, юьртан бахаман министерствос а ахархойн, фермерийн бахамаш, кооперативаш кхиорна боккха тидам тIебохуьйтуш хилар, хIора шарахь царна ялтийн хIуьца, минеральни удобренешца гIо деш хилар. 2015-чу шарахь царна бIаьстенан культурийн 181 тонна хIу, 1 073 тонна минеральни удобренеш елира юьртан бахаман министерствос. Цул сов, Iаламан чолхе хьелаш (йокъана, чIогIа мехаш, догIанаш хилар) бахьана долуш хилла зенаш меттахIиттош, 34 миллион сов сом ахча а делира.

Шайн иштта терго еш хиларо хьуьнаре бо вайн аграреш. Цара балха тIехь даккхий хьуьнарш гойту. Уьш бIаьрла кхиамаш бахаре кхочу. Ишттачарна юкъахь уггаре а хьалха цIеяккха хьакъ бу ТIехьа-Мартан районера «Стандарт-500С» бахам. Стохка хIора гектара тIера юккъерчу хьесапехь 38 центнер ялта чудерзийра оцу бахаман аренашлелорхоша. Курчалойн районерчу «Биби» а, Гуьмсан районерчу «Лаура» а цIерш йолчу фермерийн бахамаша хIора шарахь гектарана долчу хьесапехь 30–50 центнер гуьйренан ялташ а, 300–600 центнер шекаран буракаш а кхиайо.

Шайн бахамашкахь керлачу технологех шуьйрра пайда а оьцуш, юьртан бахаман сурсаташ кхиорехь, цаьрца вайн бахархошна кхачоярехь дика цIе яккхийтаре кхаьчна Невран районера «Шовда» Грозненски районера «Доьзал», Шелан районера «Орга», «Мусап», «Агроресурс», Гуьмсера «Алихан», Шелковски районера «Эпсир», «Колос», «Умалатов», «Тевсиев», Теркан районера «Тербулатов», цхьамогIа кхин бахамаш. Нохчийчохь а, цул арахьа а дика бевзаш бу ахархойн-фермерийн «Жайна» бахам. Цигара даьхнилелоран сурсаташ, хIоаш, кхиерг эцархоша лаккхара мах хадош ю. Берриге а махкахь бевзаш бу «Нохчийчоьнан бошмаш» бахам. Оцу массанхьа а къахьоьгуш бу шайн гIуллакх дезаш, хууш болу говзанчаш. Дозанал арахьара схьакхоьхьуш хиллачарал дика ду церан сурсаташ, къаьсттина жижиг, шура, тIо, стоьмаш, кхиерш.

Делахь а динарг кхачаме дац. Шайн таронех, аттонех буьззина пайдаэцаре кхачаза бахамаш а кIезиг бац вайн республикехь. Цунах лаьцна а дийцира конференцин дакъалацархоша. Вайн республикера дукхах болу бахархой, 70 процент сов, ярташкахь бехаш бу. Царна юкъахь хIинца а кIезиг бац бан болх боцуш берш. Ма-дарра аьлча, цхьана а пачхьалкхехь а дац ярташкарчу берриге а бахархошна Iедало белхан меттигаш кхоьллина хьал. Хуьлийла а дац. Юьртахь Iаш волчо ша гIайгIа бан беза шена дан гIуллакх хилийтарна. Юьйш-ерзош беш а, хасбеш а йоцуш, кхиош-дебош даьхни а (зIакардаьхни а) доцуш, суна бан болх бац бохуш Iийча гIуллакх хир дац.

Вайн ярташкара хьал гуш ду-кх вай. Бошмаш, дукхах ерш, къух даьлла, лаьтташ ю.Ур-аттал хас лело а карах ца долу вайн. Вайн дайша кхиийна Iежийн, кхорийн, хьечийн бошмашкара дитташ къанлуш ду. Къанделларш дIадохуш, дуьйгIуш синтарш дац. Наггахь йолчу кертахь бен зIакардаьхни ца хаало. Хох, наьрс, помидор… базарара оьцуш бу вайн ярташкахь Iаш болу нах. Шен хесахь уьш кхион а карах ца долу. И хьал хийца деза. Вешан ойла массара а лаьтта тIеерзо еза. Хьена, токхе, беркате ду вайн латта. Гурахь, бIаьста ахь лаьтта дIаIоьттинарг хьалайолу. Ша, шен куьйга кхиийнарг мерза а, чомехь а хуьлу. Цаьрца цхьа а молха а, дIовш а ца хуьлу. Балхахь а, гIуллакхехь а воцург мукъа а хIунда ца воьрзу тIаккха лаьтта тIе? ХIунда дуьту латта «Iахар»? Вайн куьйгашка сатесна ма ду иза.

Вайн махкахь чIогIа аьхна ду Iаламан хьелаш. Аренийн районашкахь (Неврехь, Шелковскехь, Теркайистехь) хорбаз-паста кхион бегIийлаш ю, даьхни деборна шорто ю. Грозненски, Хьалха-Мартан, ТIехьа-Мартан, Шелан, Соьлжан, кхечу районашкахь хьийкъина кхуьу ялташ, стоьмаш, хасстоьмаш. Лаьмнийн районашкахь даьхний кхаба, кхио, дебо дика хьелаш ду. Ткъа хасстом ца кхуьуш юрт, район яц вайн республикехь. ХIета, вай долчохь кхачанан сурсатийн, стоьмийн, хасстоьмийн, кхечуьнан шорто цахиларна вай бехке лара деза. Вай дозанал арахьара чу дан дезаш цхьа а хIума дацара.

Оцу ойланехь бу тахана лаьттаца шайн дахар доьзна болу Нохчийчуьра дукхах болу фермерш а, ахархой а. Амма, цкъачунна, вайн ойла лаьтта тIе йирзина ца хиларна, тахана а республикел арахьара юьртабахаман сурсаташ, дохнан маша чукхоьхьуш бу вайн йохк-эцархой. Иза чIагIдира шен къамелехь А.Джамухановс. Цо дийцарехь, хIора дийнахь луларчу регионашкара иттаннаш машенашкахь чудалош даьхни ду, чу кхоьхьуш картолаш, хохаш, копастанаш, гIабакхаш, кхиболу хасстоьмаш бу.

Цундела, и хьал хийцархьама, кхин а алсамбаха беза ахархойн-фермерийн бахамаш, лакхаяккха еза хIинца гIуллакхдеш болчу аграрийн белхан эвсаралла, ярташкарчу нехан ойла лаьтта тIеерзо еза. Оцу дерригено а дахар токхе хиларе, юьртабахаман сурсатийн шорто хиларе кхачор ду вай. Шайна хьалха иштта декхар хIоттош ерзийра АККОР-н конференци цуьнан дакъалацархоша.

Ойла лаьтта тIе ерзорца дахаран токхо лаха езаш хиларх тешна бу ахархой а, фермерш а.

С.ХАМЗАТОВ

 

№13, шот, чиллин (февраль) беттан 6-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: