Схьавелахьара, кху шарахь бIе шо кхочур дара цуьнан. Амма 1916-чу шарахь Шаройн кIоштарчу ХIимахь дуьнен чу ваьллачу Амаев Махьмуда шен ткъе итт шо кхачале буьрсачу тIеман хьаьттахь Даймахкана дIаделира къона дахар. ХIан-хIа! Иза цкъа а дагахь вацара тIемало хила. Махьмуд маьрша ламанхо вара, Кавказан къоьжачу лаьмнашкахь хьанала лохучу напгIица хене дуьйлучу адамех цхьаъ. Делахь а, Даймахкана тIе бохам беанчохь, юьстах лаьттар волуш вацара иза. Бераллехь дуьйна Iамийна вара Даймохк беза, ша схьаваьллачу къоман сий лардан, хьанал къахьега. Советийн Iедалца когавахана вара Махьмуд. Цуьнца цхьаьна хьалакхиъна вара. Цуьнан да Мути ахархо вара. Делахь а, Махьмуде дешийта ницкъ кхечира ден, цу муьрехь ХIимахь хиллачу школехь кхо класс бен ца хиллехь а. ТIехдика дешарна комсомоле ваьккхира Махьмуд. Нохчийн лаьмнашкахь колхозаш яхкар дIадолийча, ХIимарчу комсомолийн организацин куьйгалле хаьржира. Болх дика барна, кхуьнан дуьненахьежамашна шаьш резахиларна колхозехь Махьмуда къахьоьгу масех шо далале, кIоштан куьйгалхоша хьехархойн курсашка деша хьажийра къона ламанхо. 1935-чу шарахь, кхиамца курсаш чекхйохий ша винчу юьрта юхавоьрзу жима стаг. ТIаккха юьртарчу школехь хьехархочун болх бо. Йоза-дешар берашна Iамийна Iаш вацара Махьмуд. Цо уггаре а хьалха шен къоначу юьртахошна гIиллакх-оьздангалла довзуьйтура, Даймохк беза Iамабора, шаьш нохчий хиларах дозалла дан Iамабора, дахар мел чолхе делахь а, нохчаллех къилба даре кхойкхура. Цуьнан хиллачу дешархошна хIинца а дагахь лаьтта, цкъа мацах, къоначу хьехархочо шайна мел хьехнарг. Юьртахоша хIинца а дозаллица йоккху Амаев Махьмудан цIе.
1941-чу шеран 22-чу июнехь ямартлонца вайн Даймахкана тIелетира немцойн фашисташ. Дукха адам гIаьттира цу Iуьйранна сийлахьчу Даймахкана орцах даьлла. Царна юкъахь вара Шаройн кIоштарчу ХIимара къона ламанхо Амаев Махьмуд. ТIом болабеллачу хьалхарчу деношкахь шен лаамехь тIам тIе дIавахара 25 шо кхачаза волу иза. ТIаме дIакхаьчча могIарера салти вара вайн махкахо. Амма дукха хан ялале цо кхиамца караерзира иччархочун говзалла. 1941-чу шеран гурахь Москва мостагIчух ларъеш хиллачу тIемашкахь ЦIечу байракхан 32-чу дивизина юкъайогIучу 87 гвардейски полкан тоьлла иччархо ву аьлла, цIе дIаяхара Махьмудан. Иза озалуш вацара цхьанна а хIуманах. Мел генара Iалашо лоций, топ тухий, мостагI тIекIал оьккхуьйтура цо. Цуьнан майралла, доьналла мехкан радиохь ца хьахош наггахь де ца долура. Кест-кеста газеташ тIехь хуьлура цунах лаьцна очеркаш, статьяш, зарисовкаш. Цара дийцарехь, цхьа а де дIадоьдуш ца хилла, Махьмуда цхьа фашист хIаллак ца веш. Тулерчу герз дечу заводехь болчу белхалоша леррина Махьмудана цIе тоьхна йина иччархочун топ а, шаьлта а хилла. Шаьлтин мукъ тIехь яздина хилла: «Малх дIабайъалур бац, тхо эшалур дац!». Уралехь герз дечу заводерчу белхалоша яийтина хилла иштта топ, улло кехатан цхьа цуьрг йиллина. «Дехар ду хIара топ уггаре а тоьллачу бIаьхочуьнга дIаялар!» Иштта йоза хилла цу кехата тIе яздина. Амаев Махьмуд юкъахь волчу эскаран командованис тоьллачу иччархочуьнга Шмарин Иване дIаелла хилла и топ. Амма луьрачу тIамехь ларамаза кхеттачу герзо шена еза чевнаш йича, Ивана дехар дина: «Амаев Махьмуд схьавалаве!» Шина-кхаа шарахь цуьнца доттагIалла лелош хилла волу вайн махкахо ведда тIевахна, халла садоьIуш волчу бIаьхочунна. «Махьмуд, сан топ хьайга схьаэцалахь, – дехар дина валарчу вирзинчу бIаьхочо, – беркате герз ду хьуна, фашисташ дика тIекIал лоьлхуьйту хьуна цо!» ДоттагIчуьн весет кхочушдеш Махьмуда схьаэцна, кхин дIайолчу ханна шегахь йитина и топ.
1943-чу шеран юьххьехь вайн Даймехкан коьрта шахьар йолчу Москва гIалахь схьабиллина гайтам хилла: «Ленинан комсомол Сийлахьчу Даймехкан тIамехь». Вайн махкахочун Амаев Махьмудан сурт хилла цигахь дIатоьхна. Суьрта бухахь яздина долчу йозано билгалдоккхуш дара лахара сержант Амаев Махьмуд «ТIеман ЦIечу байракхан» шина орденан кавалер хилар, цуьнан некхау серладохуш «ТIеман хьуьнарш гайтарна» цIе йолу мидал хилар, тIеман шина шарахь цо цхьамма шен куьйга 186 фашист хIаллаквина хилар. Вайн махкахочо гайтина бIаьхаллин хьуьнарш бахьанехь командованис шозза кехаташ кечдина Москва дIадахьийтина Амаев Махьмудана Советийн Союзан Турпалхочун сийлахь цIе тиллар доьхуш. Амма вайна массарна ма-хаъара, цу муьрехь нохчашна и сийлахь цIе луш ца хилла. Вайнаха тIамехь хьуьнарш ца гойтуш-м дац иза. Даймехкан дуьхьа шайн майра синош бIаьргнегIар ца тухуш дIаделлачу нохчийн яхь йолчу кIенташа, хийлаза тIеман хьаьттахь гайтина турпалаллин хьуьнарш. Орденаша, мидалша нисдан хIума дацахь а, вайн хьекъалечу дайша лаа ца баьхна-кх: «Гай етIийла, гайн дуьхьа бахахь, делахь а товш бар-кха хьер лаьттинчохь цу-пIаьльдиг!»
ТIеман хьаьттара Амаев Махьмуда цIахь йисинчу йишига ПетIамате тIаьххьара даийтина кехат 1943-чу шеран 22-чу февралехь яздина дара. Цу тIехь бIаьхочо хоуьйту ша могаш-маьрша хилар, мостагIчух дера леташ хилар. Доьху шега сатуьйсуш Iаш йолчу къеначу ненан дог эцар. БIаьхочо хоуьйту ша хIинцале 194 фашист хIаллаквина хилар. «Сайн чохь са мел ду, цу йовсарех лета дог-ойла ю сан. Дешийталахь хьайн кIенташка, Даймохк беза Iамабелахь, халкъана, махкана пайдехь воцчу стагах дан хIума дац хьуна!» – яздина цо. Ткъа 1943-чу шеран 23-чу февралехь Смоленскехь хиллачу тIамехь вуьйжира дог-майра турпалхо. Къизачу Iожалло карара даьккхира доьналлех вуьзначу, инзаре халчу зерех чекхваьллачу Амаев Махьмудан герз. Турпала бIаьхо дIавоьллина ву Смоленскерчу Гжатски кIоштарчу Лукьянцево юьртахь. Вайн бакъо яц иза а, и санна болу а турпалхой биц бан. Цара вайн дуьхьа, къоман сий лардеш дIаделла шайн къона дахарш. Нохчийн къоман яхь, юьхь, эхь-бехк, дозалла хилла лепа церан сийлахь цIерш.
А.ГАЗИЕВА
№13, шот, чиллин (февраль) беттан 6-гIа де, 2016 шо