Да-нана само еш хила деза

Нохчийн Республикин Парламентан Председатела Даудов Мохьмада тIедилларца, Нохчийн Республикин Парламентан депутата Дарчиев Нохчос къона тIаьхье кхетош-кхиоран цхьааллин концепцин гурашкахь цхьаьнакхетар дIадаьхьира Соьлжан муниципальни районан «Серноводск-Кавказски» курортан коллективца. Цигахь дакъалоцуш вара Соьлжан муниципальни районан администрацин куьйгалхо Нагаев Iела а, Россин Федерацин «Единая Россия» партин меттигерчу кхочушдаран комитетан куьйгалхо Белдуров БайIела а, Эха-Борзин администрацин куьйгалхо Терхоев Назарбек а, кхиберш а.

   Цхьаьнакхетар дIадолош Н.Дарчиевс билгалдаьккхира, кхиазхой ийманехь кхетош-кхиор къаьсттина тидамехь хиладезаш хилар.

– Социальни сеташкахь экстремистийн идиологаш вайн кхиазхой Iехо гIерташ чIогIа къахьоьгуш бу. Царна дуьхьал луьра къийсам дIабахьа беза вай массара а  – бохура депутата.

Массо а доьзалехь да-нана сема хила деза шайн кIанта а, йоIа а интернета чохь лелочунна. Иштта, хIусамера араваьлча  шайн доьзалхочо хIун леладо хьожуш хила деза да-нана.  Доьзалхо хьанна юххе волу а, цуьнан гергарло хьаьнца ду а хаа декхарийлахь бу уьш.

– Вайн къомана цкъа гина ца Iа тIом, – бохура Н. Дарчиев.

– Дуккха а баланаш лайна  вайн халкъо тIеман кIуьрлахь. Хилларш диц а ца деш, тахана йолчу маршонан хама бан беза вай. ХIара маршо йоккхуш шен дахар дIаделла Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (Дала гIазот къобалдойла цуьнан), – элира цо шен къамел дерзош.

Цул тIаьхьа шайн-шайн рогIехь къамелаш дира цигахь цхьаьнакхетаран кхечу дакъалацархоша а.

И. МАТАГОВ

 

№13, шот, чиллин (февраль) беттан 6-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: