Республикин Прокуратурехь

Кхо миллион сом марахдер ду

  Хьалха-Мартан районан прокуратурехь чIагIйина Шуаепов ИбрахIимца а, Самгаев Султанца а доьзна долчу уголовни гIуллакхехула йолу бехкеваран заключени. И шиъ бехке лерина къаьсттина баккхийчу барамашкахь ямартло лелорна РФ-н УК-н 159-чу статьян 4-гIа дакъа), ткъа Шуаепов цул совнаха суьдан сацамаш хаддаза кхочуш ца барна а.

Талламхошна хетарехь, 2014-чу шеран сентябрехь Самгаевс шена вевзаш волчу Улашов Балауддина тIедожийра лахарчу мехах Шуаеповгара гIишлошъяран материалаш эцар. Улашовс тIаьххьарчуьнга 3 миллион соьмал сов долу ахча дIа а делира. Бакъду, материалаш-м ца хилира. Шина доттагIчо ахча шайн хьашташна хьовзийра.

Цул сов, оццу баттахь маслаIатан суьдхочо сацам бира белхан алапехула «ЭБИГ» юкъараллина тIехь дисина 80 эзар соьман барамехь долу декхар схьадаккха. Ткъа оцу организацин куьйгалхочо Шуаеповс, иза дан шен таро йоллушехь, суьдан сацамаш кхочуш ца беш битира.

Хуур ду-кх Хьалха-Мартан гIалин суьдо цунах лаьцна хIун олу. Лелийна ямартлонаш марахйовла дукха хан ца йисина.

 

Йина кхиэл нийса ца лерина

   Йохка Iалашо йоцуш наркотикаш шен цIахь латторна 1 шой 4 буттий арахь яккха хан тохарца Захаев Султан бехке лоруш Грозненски районан суьдо йинчу кхиэлана реза цахиларна республикин прокуроран заместитела апелляци язйина.

  ГIуллакх доллура 2015-чу шеран сентябрехь Веданан районехь Захаевс кIомалан гIаш а даьхна, уьш шен хьаштана лерина дакъийна хиларх. Эксперта бинчу сацамца полицин белхахоша цуьнгара яьккхинарг 75,41 грамм каннабис (марихуана) наркотик ю.

Йинарг хьал хьесапе ца оьцуш кхиэл лерина прокурора. Суьдо тидаме ца эцна и наркотик шен хьаштана Iалашъеш хилла хилар а, цуьнан доьзалехь жима кхо бер хилар а.

 

Сацамаш нийса ца бина

  Шелковски районерчу яртийн бюджеташ чIагIъяран хьокъехь болу сацамаш гIуллакх деш долчу законодательствоца богIуш цахилар меттигерчу прокуратурина гучуделира таллам бар дIахьочу хенахь.

Иштта, яртийн бюджеташ чIагIъяран хьокъехь цхьацца болу сацамаш Россин Федерацин меттигашкахь шаьш урхалла даран юкъарчу принципийн хьокъехь долчу законна меттигерчу маьIнин гIуллакхех хьакхалуш болу хийцамаш юкъабалорца доьзна законо беш болчу лехамашна жоп луш цахилар.

Гучудаьхна и талхораш дIадахийтарна тIехьажийна 19 протест язйина районан прокуратуро.

 

Прокурора тIедилларца…

   Гуьмсерчу медицинин сихачу гIоьналлин шина белхахочо Куриев Iийсас а, Микиев Альберта а динчу дехарна жоп делла районан прокуратуро. 2015-чу шеран 14-чу декабрехь гражданаш тIеэцаран Ерригроссийски юкъарчу дийнахь дина долу иза хьакхалуш дара белхан алапа шен хеннахь дIаделла цахиларца.

    Бинчу талламо гайтира Гуьмсан коьртачу больницехь дехар деш волчу шинна 15 эзар соьман барамехь ахча дIаделла цахилар. Цуьнца доьзна районан прокуратуро ши заявлени делира маслаIатан суьде хьокъала йоллу кхиэл яйта.

Прокуроро бина Iаткъам бахьанехь шина белхахочунна декхар дIаделла.

 Хаамаш кечбинарг – Л.МАГОМАЕВ

 

№13, шот, чиллин (февраль) беттан 6-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: