Цхьа-ши дош…

ХIара (февраль) чиллан бутт карабеачхьана Россин тIеман-космосан ницкъийн кеманаша 237-зза бомбанаш, ракеташ тоьхна «Иблисан пачхьалкхан» Шемахь йолчу гIеранашна.

***

   ООН-н Генеральни Секретара Пан Ги Муна дIахьедина ма-хиллара, Женевехь дIадуьйладелла хилла Шемара хьал дийцаре даран хьокъехь долу дийцарш совцоро гойту оцу махкахь долу хьал тIех чолхе а, галморзахаллаш яккхий а хилар.

***

   Шеман Iедалан эскарша «Иблисан пачхьалкхан» террористашна дуьхьал Алеппо провинцехь дIахьочу тIамехь баккхий кхиамаш баьхна тIаьхьарчу деношкахь.

***

   ООН-н Кхерамазаллин Совето селхана шен кхеташонехь дийцаре дира Шемахь долу хьал. Цигахь билгалдаьккхира Женевехь дIадолийна дийцарш юкъахдаха мегарг цахилар.

***

   Мисарарчу Синай ахгIайри тIехь теракт йина террористаша. Оцу бохамехь нуьцкъаллин структурашкара ши белхахо кхелхина, масех стагана чевнаш йина.

***

   Желтойчохь дIахьош яккхий забостовкаш ю. Урамашка бевллачу бахархоша дIахьедо Iедало ян леринчу пенсионни реформашна шаьш дуьхьал хилар.

***

   Мароккон паччахьа хIокху деношкахь схьайиллина дуьненахь уггаре а йоккха маьлхан электростанци.

***

   Нигерехь сепаратисташа, герзашца хIорда кеманна тIе а летта, амалтана дIалаьцна кеманна тIехь хилла морякаш. Царна юкъахь бу Гуьржийчуьра а, Россера а морякаш.

***

    Дуьненаюкъарчу валютан фондо цкъачунна сацийна Украинна рогIера кредит далар. Иза, коьртачу декъана, доьзна ду оцу пачхьалкхан экономикин министр А.Абромавичус отставке вахана хиларца.

***

   Таджикистанан Конституционни Суьдо къобалбина мехкан куьйгалхочун дарж, иза дийна мел ву, Р.Рахмонехь дитаран хьокъехь болу сацам.

***

   Россин Президент В.Путин цхьаьнакхийтира Иранан куьйгалхочун хьехамчица Iела Акбар Велаятца. Цара дийцаре дира шина пачхьалкхан юкъаметтигаш шоръяран а, чIагIъяран а хьокъехь долу гIуллакхаш.

 

№13, шот, чиллин (февраль) беттан 6-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: