Хууш ма-хиллара, халчу хьелашкахь Iаш болчу бахархошна хIусамаш яларан, церан дахаран хьелаш тодаран декъехь вуно чIогIа къахьоьгу республикин куьйгалло. Къаьсттина хазахета да-нана доцуш бисинчу доьзалшна хIусамаш елча.
Кху деношкахь, Нохчийн Республикин къинхьегаман, балха нисдаран, социальни кхиоран министерствос хаам ма-барра, 2016-чу шарахь 80 сов буоберана хIусамаш лур ю Нохчийчохь.
«Кху шарахь 82 буоберана (цу юкъахь де-ненан Iуналла доцуш дисинчу берашна а) хIусамаш эца дагахь ду тхо. Оцу гIуллакхана билгалдаьккхина 90 миллион сов сом ахча ду: федеральни бюджетера 41260,8 эзар сом а, регионан бюджетера 51924,7 эзар сом а», – дийцира республикин къинхьегаман министерствон доьзалан, ноналлин, доллин, бераллин проблемашкахула йолчу отделан коьртачу говзанчас Юсупхаджиева Лианас.
Цо билгалдаккхарехь, цхьана квадратан метрах 30 эзар сом ахча а луш, оьцур ю хIусамаш.
2016-чу шеран 1-чу февралана болчу хаамашца, буоберех а, де-ненан Iуналла доцуш дисинчу берех а министерствехь дIаязвина (хьесапехь лаьтташ) 1 284 стаг ву. Царех шайна хIусам эца бакъо хуьлу хан тIекхаьчначул тIаьхьа (18 шо кхаьчна), хIусам эцаза 834 стаг ву.
2010-чу шарера 2015-чу шаре кхаччалц болчу муьрехь 813 буоберана хIусамаш елла вайн республикин Iедало.
А.СУЛИМАНОВА
№13, шот, чиллин (февраль) беттан 6-гIа де, 2016 шо