Нохчийн Республикин Iилманийн Академин Президиуман рогIера кхеташо дIаяьхьира 2016-чу шеран 26-чу январехь. Кхеташонехь кхечаьрца цхьаьна дийцаре дира нохчийн меттан нийсаяздар къепе далоран гIуллакх а.
Нохчийн меттан орфографи тояран гIуллакх нохчийн меттан Iилманчаша дуьйцу дукха хан ю. Оцу юкъана цара талламан белхаш бина, керла бакъенаш юкъаяхар мел оьшу а, церан Iилманехь долу баххаш а толлуш, керла бакъенаш тIеэцарехь, мелла а атта, лазаме доцу некъаш лоьхуш. Цу хьокъехь цара конференцешкахь докладаш йина, Iилманан статьяш зорбане яьхна. Цара нисйина бакъенаш хIинца а юкъара бакъенаш санна тIеэцна яц, амма нохчийн маттаца болх бечу говзанчаша, массара а бохург санна, и бакъенаш къепе ялоран болх ма-хуьллу сиха чекхбаккхар а, цул тIаьхьа уьш массарна тIе а йохкуш, юкъара нормаш санна тIеэцар а, мотт кхиорехь чIогIа пайдехь, мехала гIуллакх хирг хилар билгалдоккху.
Компьютеран программийн нохчийн локализаци кхочушъеш, Iилманийн Академин белхахоша меттан коьчал терахьийн формате йоккхуш, кечъеш боккха болх бу дIахьош. Цундела, орфографехь цхьадолчу хаттаршна билггал цхьа бакъенаш цахиларо, цул сов, цхьайолу бакъенаш кестта хийцаяла тарлуш хиларо, чIогIа дуьхьало йо нохчийн мотт компьютерийн технологешкахь баржоран балхана. Хьалхо Iилманийн Академин пайдечу семиотикин отдело а, меттан, литературин отдело а цхьаьна масех семинар дIаяьхьнера орфографин бакъенаш йийцаре еш. Оцу семинарашкахь цу шина отделан белхахоша а, Академин вице-президента Р.Х.Дадашевс а, Гуманитаран талламийн институтан директора С.С.Магамадовс а, нохчийн мотт кхидIа кхиоран, исбаьхьаллин литературин а, нохчийн маттахь йолу кхечу зорбанан изданийн а мах хадоран Экспертийн Советан секретарь волчу Хь.Б.Юнусовс а, кхечара а дакъалецира.
Лакхахь хьахийначу цхьаьнакхетаршкахь дийцаре динарг тидаме а оьцуш, Академин белхахоша нохчийн орфографехь тIелаьцча бакъахьа хеташ йолу масех бакъе вовшахтоьхна. Уьш хьалха А.Халидовс кечйина хиллачу «Нохчийн меттан орфографи тояран проекта» тIехь йийцина а йолуш, филологаша А.Тимаевс, М.Овхадовс, А.Халидовс, I.Вагаповс, Н.Альбековс къобалйина ю.
И бакъенаш Нохчийн Республикин Iилманийн Академин Президиуман кхеташонехь Академис нохчийн меттан орфографин къобалъен нормин тIаьххьарлера кеп санна билгалъяьхна.
Кхузахь ала догIу, Нохчийн Республикин Iилманийн Академин пайдечу семиотикин отделехь кхидIа бен болх оцу нормашна тIе а тийжаш бан сацам хилла хилар.
И.ИСЛАМОВ
№13, шот, чиллин (февраль) беттан 6-гIа де, 2016 шо