ХIокху шеран (сентябрь) товбецан баттахь вайн махкахь дIахьур ду Россин Пачхьалкхан Думе депутаташ харжар. Оцу мехалчу гIуллакхана хIинцале а кечамаш бар дIадолийна вайн махкарчу харжамийн комиссеша. Нохчийн Республикин харжамийн комиссис таханлерчу денна билгалбаьхна харжамашкахь дакъалаца безаш болчу харжамхойн барам. Цигара бечу хаамашца хIокху шеран (январана) кхолламан беттан хьалхарчу денна долчу хьесапашца Нохчийчохь 665 572 харжамхо ву.
Уггаре а алсам харжамхой бу Гуьмсан а, Грозненски а районашкахь. Хьалхарчохь 78 869 харжамхо ву, шолгIачохь – 65 101 харжамхо. Уггаре а кIезиг харжамхой бу Шаройн а, Итум-Кхаьллан а районашкахь. Шаройн районехь уьш верриге а 1 794 бен вацара кхолламан беттан хьалхарчу денна тIекхочуш, ткъа Итум-Кхаьллан районехь – 4 363.
Шена юкъахь Ленински, Октябрьски, Старопромысловски, Заводской районаш йолчу Соьлжа-ГIалахь 141 832 харжамхо вара хIара шо карадогIуш динчу хьесапашца. Харжамашна тIекхачале кхин цкъа а багарбийр бу вайн республикера харжамхой. Дагадаийта лаьа харжамашкахь дакъалоцур долчу (дакъалаца бакъо йолчу) бахархойн барам статистикин урхалло республикин харжамийн комиссе шарахь шозза луш хилар. Цкъа хьалха кхолламан баттахь бо и хаамаш, шолгIа – мангалан (июль) беттан хьалхарчу дийнахь. Делахь-хIета харжамаш дIахьо де тIекхачале кхин цкъа а харжамхойн хьокъехь болу хаамаш кечбийр бу Нохчийчоьнан харжамийн комиссис.
Мехала а, жоьпалле а гIуллакх ду харжамхойн барам шен хеннахь а, уггаре а коьртаниг, нийса а билгалбаккхар. ХIунда аьлча иза хаало харжамашкахь дакъалоцучу кандидаташна юкъахь кхаьжнаш дIасадоькъучу хенахь. Иза дерриге а хьесапехь латтош болх беш бу харжамийн комиссийн декъашхой.
Дуккха хан ялале, ерриге а Россехь а санна, Нохчийн Республикехь а дIайолор ю харжамийн жоьпалле компани. Цунна кечамбарна, и компани лаккхарчу вовшахтохараллица дIаяьхьарна шайн ницкъ, хаарш, говзалла тIехьажор ю республикин харжамийн комиссис. Церан доккха зеделларг ду оцу белхан. Нохчийчоьнна уггаре а хала беанчу муьрехь референдум а, цул тIаьхьа Президентан, Парламентан харжамаш а дIабаьхьна цара.
Д.ПАШАЕВ
№13, шот, чиллин (февраль) беттан 6-гIа де, 2016 шо