Хьалхаваьлла ГIалгIайн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Евлоев Iулан а волуш, йоккха делегаци еара стомара Нохчийн Республике.
Соьлжа-ГIаларчу Зорбанан цIийнехь гIалгIайн делегацис, шайца цхьаьна Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат а, иштта республикин журналистийн Союзан куьйгалхо Хатуев Ислам а волуш, «Исламан зIаьнарш» газетехь музей схьаелларехь дакъалецира.
Цул тIаьхьа, ГIалгIайн Республикера делегаци Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментехь хилира. Оцу Департаменте Евлоев Iуланца цхьаьна вахара ГIалгIайн Республикин Куьйгалхочун динан гIуллакхийн Урхаллин куьйгалхо Хадзиев Яхья.
Хьешаша билгалдаккхарехь, церан махкара йоккха делегаци Нохчийчу яран бахьана дара, гIалгIайн а, нохчийн а къаьмнашна юкъара барт кхин а чIагIбан масех шо хьалха Нохчийн Республикехь тIеэцна йолу кегийрхой кхетош-кхиоран юкъара Концепци муха болх беш ю хьажа лаар а.
Департаментан директорца Дадаев Ризванца а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун хьехамчица а, А-Хь.Кадыровн цIарахчу «Путь» телерадиокомпанин директорца Шахидов Адамца цхьаьна хиллачу къамелехь дийцира вайн къаьмнашна юкъахь Ислам дин даржорехь вайн вошалла чIагIдарехь Кунта-Хьаьжас (Дала къайле тойойла цуьнан) лелийначу маьIнех лаьцна.
Шахидов Адама билгалдаьккхира, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана ша терроризмана а, экстремизмана а дуьхьало латтор ю аьлла, Къуръана тIехь чIагIо йина хилар, нохчашний, гIалгIалгIашний юкъара вошалла, гергарло чIагIдала иза чIогIа лууш хилар.
Евлоев Iулана дийцарехь, республикин Куьйгалхо бахьанехь, нохчийн махкахь хуьлчу кхиамех гIалгIай баккхийбеш бу.
– Вайн къаьмнаш гергара ду, вайн цхьа дин ду, вовшех тера догIуш меттанаш ду. Цундела, Делан гIоьнца, вай бертахь дуьхьал лаьттар ду вайн къаьмнашна юкъа питана таса а, вайн кегийрхой Iехон а Iалашонаш йолчарна, – элира I.Евлоевс.
Дадаев Ризвана цхьаьнакхетарехь гулбеллачеран тидам тIебахийтира, ваххабизман Iалашо бусалбанийн умматна юкъахь питанаш а, харц-кхетамаш а баржор хиларна.
Цхьаьнакхетар дIадерзош, ГIалгIайн Республикера еанчу делегацин аьтто хилира Нохчийн Республикера тIекхуьу къона чкъор кхетош-кхиоран юкъара Концепци кхочушъярехь деш долу дуккха а гIуллакхаш довза, цу декъехь нохчашна зеделлачух пайдаэца.
И.ХАСАХАНОВ
№13, шот, чиллин (февраль) беттан 6-гIа де, 2016 шо