Шуьйтарчу социальни гIо даран туьшахь хилира Р.Кадыров

Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан Шуьйтахь йолчу доьзална а, берашна а социальни гIо даран туьшахь хилира кху деношкахь. Учрежденин гIишлонах а, гонахарчу меттигах а бIаьрг туьйхира Р.Кадыровс, иштта туьшан белхахошца а, кхиазхошца а къамел  дира.groznyy-poslednie-novosti-ramzan-kadyrov-podryv-smertnika-v-chechne-ne-smozhet-rasshatat-situaciyu-v-regione_881

     Республикин Куьйгалхочуьнца цхьаьна туьше веанчу Нохчийн Республикин къинхьегаман, болх  нисбаран, социальни кхиоран министра Ахмадов Мохьмада билгалдаьккхира, социальни туьшо Шуьйтан, Шаройн, Итон-Кхаьллан кхаа районерчу берашна, доьзалшна гIо деш хилар а, туш 90 берана лерина хилар а.

«Туьшан говзанчаша социальни гIо дина ца Iаш, бакъонийн а, психологин а, иштта кхечу кепара а гIо до берашна. Цхьацца берана лерина а, тобанашна лерина а белхан программаш ю кхузахь кхочушъеш. Цул сов, нехан цIа а боьлхуш, оьшучунна цIахь а гIо до кхузарчу говзанчаша. Иштта, дIадаханчу шарахь 1 363 доьзална гIо дина. Царна тIедуха, когадуха, даа-мала мел оьшург а, молханаш а елла», – дийцира министра.

Кадыров Рамзана билгалдаьккхира, республикин куьйгалло дахаран халачу хьелашкахь нисбеллачу доьзалийн проблемаш дIаяхарна, хьашташ кхочушдарна  тIехь йоккха терго  латтош хилар. Царна гIоьнна лерина, кху заманахьлера гIирсаш а, лаккхара корматалла йолу говзанчаш а болуш, иттанаш учрежденеш ю республикехь болх беш.

«Халачу хьелашкахь Iаш болчу доьзалшна социальни гIо-накъосталла даран болх лаккхарчу тIегIанехь вовшахтоьхна бу вайн республикехь. Психологин гIоьнна тIера ахчанца накъосталла дарна тIекхаччалц, царна мел оьшург латтадо, йоккха терго а йо. Оцу нахана Iедал шайх дог лозуш дуй, шайна гIо деш дуй хаийта тхайн ницкъ мел кхочург дийр ду оха», – элира Р.Кадыровс.

Иштта, республикин Куьйгалхочо хаам бира,  социальни туьшана кхин а цхьа корпус тIе йийриг хиларан хьокъехь. Цу юкъагIур ю 60 берана лерина отделени, бассейн, спортан а, актови а залаш. Шуьйтан районан администрацин куьйгалхочунна Чагабаев Шадидана туьшан гIишло шоръярна латта билгалдакхар тIедиллира Кадыров Рамзана.

А.ВАХАЕВА

 

№13, шот, чиллин (февраль) беттан 6-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: