Джанаралиев Iимран, Нохчийн Республикин хьакъволу журналист, вина 1959-чу шеран февраль беттан 1-чу дийнахь Веданан районан Гуьнахь. Дешна Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факультетан къоман отделенехь.
Къинхьегаман некъ дIаболабо Гуьнарчу юккъерчу школехь нохчийн меттан, литературин хьехархо волуш. 1987-чу шарахь Веданан районерчу «Колхозан дахар» газете балха хIутту. Цунах хилира шен дахаран коьрта некъ къастор. ХIетахь дуьйна нохчийн журналистикехь жигара къахьийгира Iимрана.
1989–1993-чуй шерашкахь болх бо «Ленинан некъ» («Даймохк») газетехь (корреспондент, отделан редактор волуш). Оцу шерашкахь хуьлу цуьнан корматалле журналист санна кхиар. Нохчийн маттахь яздечу тоьллачу журналистех цхьаъ хуьлий дIахIутту иза.
1993-чу шарахь «СтелаIад» цIе йолчу берийн журналан коьрта редактор чIагIво I.Джанаралиев. Шен дахаран тIаьххьара де кхаччалц бо цо и болх. Кхузахь гучудолу Iимран говза, похIме журналист хилла ца Iаш, дика вовшахтохархо хилар а.
Дукха а, беркате а болх бира I.Джанаралиевс назманаш гулъеш а, уьш дIаязъеш а. 2003-чу шарахь ша гулйинчу назманийн хьалхара гулар зорбане а яьккхира цо. Кхалхар хилла 2007-чу шарахь.
Акаев Вахьид, философин Iилманийн доктор, Нохчийн Республикин Iилманийн академин академик, вина 1952-чу шеран февраль беттан 5-чу дийнахь Казахстанан Ленгер гIалахь. Дешна Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан физикин-математикин факультетехь, цул тIаьхьа Москвахь В.И.Ленинан цIарахчу пачхьалкхан хьехархойн институтан аспирантурехь. Белхаш бина юкъарадешаран учрежденешкахь, Нохч-ГIалгIайн историн, меттан, литературин Iилманан-талламан институтехь, Нохчийн пачхьалкхан универститетехь. 1980-чу шарахь чIагIйо философин Iилманийн кандидатан диссертаци, 2004-чу шарахь Ростов гIаларчу пачхьалкхан университетехь кхиамца чIагIйо философин Iилманийн докторан диссертаци («Iаьрбийн-бусалбанийн культури юкъа суфизмо диллина дакъа»).
Нохчийн юкъаралло а, Iилманчаша а дика тIеэцна цуьнан «Шайх Кунта-Хьаьжа: дахар а, хьехамаш а», «Къилбаседа Кавказехь суфизм а, ваххабизм а», «Нохчийн Республикехь Ислам юхадендалар», иштта кхиболу а Iилманан белхаш. Цуьнан белхаш зорбане бийлина дозанал арахь а: Англехь, Данехь, Норвегехь, Финляндехь.
Ибрагимов Мовсур, историн Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Iилманийн академин декъашхо-корреспондент, вина 1958-чу шеран февраль беттан 5-чу дийнахь Веданан кIоштан Марзой-Мохк юьртахь. Дешна Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факультетехь. 1989-чу шарахь чIагIйо историн Iилманийн кандидатан диссертаци, кхин 10 шо даьлча Москварчу пачхьалкхан хьехархойн университетехь кхиамца чIагIйо историн Iилманийн докторан диссертаци. Белхаш бина Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтехь (историн кафедрин ассистент, лакхара хьехархо, кафедрин заведующи), Москварчу пачхьалкхан хьехархойн университетехь (историн кафедрин профессор). 2005–2007-чуй шерашкахь Нохчийн Республикин къоман политикин, зорбанан, хаамийн министр лаьтта. Иттаннаш Iилманан белхийн автор. Царна юкъахь ю монографеш: «Къилбаседа Кавказан къаьмнаш Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман шерашкахь», «Iедал а, юкъаралла а Сийлахь-боккхачу Даймехкан тІеман шерашкахь (Къилбаседа Кавказан къаьмнийн республикийн масална тIехь)», «Нохчийн республика Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман шерашкахь» (соавторца цхьаьна).
Курумов Джамалди, технически Iилманийн доктор, профессор, вина 1950-чу шеран февраль беттан 7-чу дийнахь Казахстанан Гурьев гIалахь. Циггахь чекхъяьккхина 9 класс. 1966-чу шарахь Даймахка цIабоьрзу кхеран доьзал. Юккъера дешар Соьлжа-ГIалин №1 йолчу юккъерчу школехь дерзадо хинволчу Iилманчас. 1967-чу шарахь Соьлжа-ГIаларчу мехкадаьттан институте деша воьду. Кхузахь доьшуш волуш гучуделира кIант Iилманан балхе шовкъ йолуш хилар. Цундела ларамаза дацара тIехдика дешарца институт чекхъяьккхинчул тIаьхьа Джамалди институтехь балхахь витар. Кхуззахь аспирантурехь доьшу, технически Iилманийн кандидатан диссертаци а чIагIйо цо. 1977-чу шарера 1991-гIа шо кхаччалц ГНИ-н физикин кафедрехь ассистент, доцент волуш болх бо. Болх беш, чекхйоккху Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан физикин факультет. 1987–1988-чуй шерашкахь США-хь Мерилендски университетехь стажировкехь хуьлу. 1991-чу шарахь кхиамца чIагIйо технически Iилманийн докторан диссертаци.
Республикехь тIеман хиламаш буьйлабелча Москва ваххарх, тахана а цигахь вехаш-Iаш ву Джамалди. Цигахь цо вовшахтоьхначу гIоьналлин-культурин «Малх» фондера доккха гIо-накъосталла хилира хийла вайн артистана, художникана, яздархочунна, Iилманчина шен кхоллараллин суьйре, гайтам вовшахтохарехь, книга, альбом арахецарехь. Оцу фондан чоьтах дуьххьара нохчийн маттахь араелира «Нохчийн поэзин антологи» а.
№14, шинара, чиллин (февраль) беттан 9-гIа де, 2016 шо