Бераш туьше кхача сатесна хуьлу

Вайна ма-хаъара, вайн республикин хIора а районехь ду Берийн кхоллараллин цIа. Иза ярташкарчу берашна доккха беркат ду. Цигахь хелхаран а, вокалан а кружокаш хилла а ца Iаш, берашна куьйгаговзалла а караерзо меттиг ю. Къаьсттина хазахета, хIора а Берийн кхоллараллин цIийнехь зудаберашна хIума тега Iаморан кружок хилар. article5624

   Районан Берийн кхоллараллин цIеношкахь бечу балхана Iуналла деш ю Берийн а, кхиазхойн а кхолларалла кхиоран республикин туш. Туьшан куьйгалло юкъадалош долу керла хIума,   керла проект районашкарчу дешаран урхаллашка дIайохьуьйту. Дешаран урхаллехь иза къобалйинчул тIаьхьа бен районан Берийн кхоллараллин цIийне ца кхочу иза.

Республикин туьшо карарчу хенахь бечу балхах, церан кхиамех дерг довза лаарна тхан цхьаьнакхетар хилира оцу туьшан директоран заместительца Амерханова ПетIаматца.

«Берийн кхоллараллин цIеношкахь йолчу кружокашкахь Iама лууш дуккха а бераш ду. Тхан кхин а чIогIа дог догIу церан дуьхьа къахьега а, берашна дезаделла гIуллакх дика Iамо а. Районашна юкъахь конкурс кхайкхийча къаьсттина самукъадолу берийн, хIунда аьлча хIоранна а ша дикачу агIор гайта лаьа, шен хьуьнарш довзийта лаьа.  ХIора а районерчу Берийн кхоллараллин цIеношкахь тайп-тайпана цхьаьнакхетарш хуьлу. Билгалдаккха луур дара, оха хIора баттахь лаххара республикин 5 конкурс дIахьош хилар. Конкурсаш цкъа хьалха районашкахь дIахьо. Цул тIаьхьа, районашкахь хаьржина дакъалацархой вовшах а тухий, кхузахь цхьаьнакхета тхо, иштта дIахьо республикин конкурс», – бохура цо.

Оцу туьшахь вокалан шиъ, театральни, пианино Iаморан  «Гитара», «музецирование» кружокаш ю. Вокалан цхьана кружокан куьйгалхо Магомадова Роза ю, вокалан шолгIачу кружокан куьйгалхо – Исхаджиев Эдик, театральни кружокан куьйгалхо Шуаипова Мария, «музецирование» кружокехь бераш Iамош Руденко Марина ю, ткъа гитара Iамош Тумсоев Мохьмад ву.

Иштта, Соьлжа-ГIалин школашкахь берашна хелхар дан а, илли ала а, куьйгаговзалла а Iамош ву оцу туьшан 47 хьехархо. Мехала ду вайн республикерчу Къора а, хазар ледара долчу а берашна леринчу школа-интернатехь а дешархошна сурт дилла Iаморан кружок хилар. КIиранах пхоьазза хуьлу церан сурт дилла Iаморан дарс. Берашна сурт дилла Iамош ву Алиев Насрудди. Къона хьехархо ву иза, 21 шо бен дац цуьнан. Иза дика кхета берех. Церан мотт куьйган ишарийн мотт бу. Цо Iамош дерг дика схьалоцу бераша. Царна шаьш долчохь и кружок схьаелларх хаза кхаъ а хилла.

Амерханова ПетIамата дийцарехь, дуккха а бераша хоржучарех ю хелхаран кружок. Конкурсашкахь, фестивалашкахь дукха хьолахь толаман меттигаш йоху хелхаран тобанаша. Оцу туьшахь хелхаран кхо тоба ю: «Ритмы гор», «Кавказ», «Горцы».

ДIадаханчу шарахь Астраханехь дIаяьхьначу Ерригроссин «Искорки надежды» фестивалехь «Ритмы гор» хелхаран тобано Гран-при яьккхира. Иза оцу хелхаран тобанан декъашхойн кхиам хилла а ца Iаш, оцу туьшана а юьхькIам бара. Иштта, оццу фестивалехь Магомадова Розас «вокал» номинацехь хьалхара меттиг яьккхира. Туьшахь Iемаш йолчу Межидова Рукъета «Халкъан иллеш» номинацехь хьалхара меттиг яьккхира. ХIора шарахь Ерригроссин фестивалашкахь а, конкурсашкахь а дакъалоцу бераша. Карарчу хенахь «Цветик-семицветик» фестивалана кечам беш бу уьш. Вай тешна ду, оцу фестивалехь а цара шаьш дикачу агIор гойтург хиларх.

З.ЛОРСАНОВА

Суьрта тIехь: Берийн а, кхиазхойн а кхолларалла кхиоран республикин туьшахь – жамIаш даран  концерт

№14, шинара, чиллин (февраль) беттан 9-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: