«Стабек» – «Терек» – 0:2

ШолгIачу сборийн хьалхарчу матчехь Соьлжа-ГIаларчу «Тереко» доттагIаллин матч дIаяьхьира Мальтерчу Та-Кали гIалахь «Стабек» командица. Хьалхарчу сборийн кхаа матчехь Соьлжа-ГIаларчу «Тереко» толам баьккхира хIокху командашна тIехь: «Терек» (Грозный, Россия) 3:0 «PSC Elite» (США), «Терек» (Грозный, Россия) 4:1 «Заврч» (Заврч, Словения), «Терек» (Грозный) 2:0 «Хибернианс» (Паола).1454313784_terek

Ткъа хIокху цхьаьнакхетарехь «Терекехь» ловзуш вара Городов (Годзюр, 46), Уилкшир, А.Семенов, Корнелиус, Плиев, Пирис, (Педро Кен, 80), Кузяев, Айсатти, (Лебеденко, 72), О.Иванов, (Кану, 80), Грозав, Митришев, (Мбенге 63).

Хьалхарчу сборийн матчашкахь нисъеллачу командашка хьаьжча «Стабек» командо дуьхьало йора «Терекана». Делахь а, матчан 15-чу минотехь Иванов Олеган аьтто белира Кузяев Далера елла буьрка бахьана долуш «Стабек» командина гол тоха. Кхин цхьана а командо кевна чу буьрка ца тухуш садаIа бахара футболисташ. Вайн команда шолгIачу таймехь а гIолехь ловзура.

ШолгIа тайм йолаелла дукха хан ялале Иванов Олег герга вара дубль ян, Митришев Мохьмад кевна хьалха охьатохар бахьана долуш вайн командина пенальти тоха бакъо елира, Иванов Олеган ницкъ ца кхечира буьрка кевна чу тоха.

Буьрка шолгIа чу тоха аьтто ца баьллехь а, шолгIа тайм чекхъяла 14 минот йисинчу хенахь, Иванов Олега нийса пас а елла А.Мбенгига гол тохийтира. Иштта, жамI 2:0 долуш толам баьккхира вайн командо.

Дагадаийта лаьа «Терек» шолгIачу сборашкахь ловзур ю:

« Виктория» (Пльзень, Чехия),

«Валлетта» (Мальта) командашца.

М.КАНТАЕВ

Авторан сурт

№14, шинара, чиллин (февраль) беттан 9-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: