Хаам

 2016-чу шарахь ЕГЭ-на кечамбарх а, и дIаяхьарх а лаьцна журналистийн тоьллачу материалана республикин конкурс кхайкхайо Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос.

   Цуьнан Iалашо ю шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь ЕГЭ-на кечамбарх а, и дIаяхьарх а ма-дарра дийцаре журналистийн хьашт кхоллар.

Конкурсехь дакъалаца йиш ю регионехь болх беш болчу журналистийн а, зорбанан а, электронни а шуьйрачу хаамийн гIирсийн кхоллараллин коллективийн а.

Конкурсе дIаоьцу 2016-чу шеран 1-чу январера 20-чу марте кхаччалц йолчу хенахь хаамийн гIирсашкахь хилла материалаш.

Конкурсан номинацеш:

– Интернет-изданехь тоьлла материал;

– Зорбанан изданехь тоьлла материал;

– Телевиденехь тоьлла сюжет.

Конкурсан толамхой билгалбохур бу дипломашца а, мехалчу совгIаташца а.

Интернетехь конкурсан официальни агIо: www.mon95.ru

 

№14, шинара, чиллин (февраль) беттан 9-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: