(8-гIа февраль — Россин Iилманан де)
Юкъараллин дахаран цхьана а агIонан – политикин, экономикин, дешаран, могашалла Iалашъяран, иштта кхин а – кхане хуьлийла дац Iилманан бух тIехь бен. Цундела, Iаламат мехала ду кхиъна Iилма хилар а, оцу декъехь къахьоьгуш нах хилар а. Вайн махкахь Iилманчаш кхиаран хIоьттина кеп ю Iилманийн кандидатан, цул тIаьхьа Iилманийн докторан диссертацеш чIагIъяр. Вуьшта аьлча, Iилманчин кхиаран тIегIа билгалдар хуьлу-кх диссертаци чIагIъярх. Доккха собар, кIорггера хаарш, мало йоцуш, къахьега хьуьнаре хилар оьшу оцу тIегIане кхача. Гена ца яьлла, нохчашлахь кхин цхьаъ а Iилманийн доктор ваьлла бохуш, вай вовшашка хазахетарца кхаьънаш даьхна зама, тахана уьш 160 сов ву.
Нохчашлахь дуьххьара Iилманийн докторан диссертаци чIагIйинарг Дешериев Юнус вара. 1954-чу шарахь чIагIйира цо филологин Iилманийн докторан диссертаци. Нохчашна и муха зама хилла хилар тидаме эцча, хала дац Iилманчера даьлларг доккха хьуьнар хиларх кхета. Дуьненахь а вевзаш меттан Iилманча хуьлий дIахIутту Ю.Дешериев. Еххачу хенахь цо болх бо СССР-н Iилманийн академин Меттан Iилманан институтан директоран заместитель волуш. 1962-чу шарахь дуьйна СССР-н Iилманийн академин президиумехь хиллачу СССР-н къаьмнийн меттанаш, культураш кхиоран комплексни гIуллакхашкахула йолчу Iилманан кхеташонан председатель лаьттина. Дукха мехала Iилманан белхаш арахецна цуьнан куьйгаллица а, иза автор волуш а. Масала, «Сравнительно-историческая грамматика нахских языков и проблемы происхождения и исторического развития горских кавказских народов» монографи, «СССР-н къаьмнийн меттанаш» пхеа томехь Iилманан болх. Iилманан 350 сов белхан автор ву Дешериев Юнус.
Ерриге республико а боккха кхаъ хиларца тIеийцира 1967-чу шарахь Алиев Шарпуддис нохчашлахь дуьххьара медицинин Iилманийн докторан диссертаци чIагIъяр. ТIехдика дешарца чекхъяьккхинера цо ГIиргIизойн пачхьалкхан лоьрийн институт, цигахь аспирантурехь а дийшира. 1959-чу шарахь чIагIйира медицинин Iилманийн кандидатан диссертаци, ткъа 1967-чу шарахь Iилманийн доктор а хилира. Белхаш бина ГIиргIизойчоьнан Ош, Джалал-Абад гIаланийн больницашкахь, Нохч-ГIалгIайн могашалла Iалашъяран министерствехь, ГIиргIизойн пачхьалкхан лоьрийн институтехь, Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетехь. Тахана нохчашлахь медицинин Iилманийн 35 сов доктор ву.
Экономикин Iилманийн докторшна юкъахь дуьххьара диссертаци чIагIйинарг Хасбулатов Руслан ву. 1967-чу шарахь цо кхиамца чекхйоккху МГУ-н экономикин факультет. 1970-чу шарахь чIагIйо экономикин Iилманийн кандидатан диссертаци, ткъа 1982-чу шарахь экономикин Iилманийн доктор хуьлу Р.Хасбулатовх. Оцу шарахь дуьйна Т.В.Плехановн цIарахчу халкъан бахаман институтан дуьненаюкъарчу экономикин юкъаметтигийн кафедрин заведующи. 1990-чу шарахь РСФСР-н халкъан депутат а, Россин Лакхарчу Советан Председателан хьалхара заместитель а хоржу, 1991–1993-чуй шерашкахь Россин Лакхарчу Советан Председатель лаьтта. Лаккхарчу дешаран заведенешна леринчу учебникийн, Iилманан дуккха а белхийн автор. Нохчашлахь дуьххьара Россин Iилманийн академин декъашхо-корреспондент хаьржинарг а ву Р.Хасбулатов.
Ткъа оцу академин (РАН) академик нохчашлахь дуьххьара Хаджиев Саламбек хаьржина. Соьлжа-ГIалара мехкадаьттан институт чекхяьккхинчул тIаьхьа цо доьшу М.В.Ломоносовн цIарахчу Москварчу пачхьалкхан университетан аспирантурехь. 1967-чу шарахь химин Iилманийн кандидатан а, 1981-чу шарахь Iилманийн докторан а диссертацеш чIагIйо. Еххачу хенахь (1967–1989-чу шерашкахь) болх бо Соьлжа-ГIаларчу Iилманан-талламан институтехь (ГрозНИИ) 1983-чу шарахь дуьйна институтан директор лаьтта. 1989-чу шарахь СССР-н Лакхарчу Советан депутат хоржу, ткъа 1991-чу шарахь СССР-н химин а, мехкадаьттанах гIуллакхдаран а министр хIоттаво С.Хаджиев. Карарчу хенахь Россин Iилманийн академин А.Топчиевн цIарахчу нефтехимически синтезан институтан директор ву. Iилманан 200 сов белхан автор. Цо кечвина Iилманийн 23 кандидат а, доктор а.
Iилманан дуьненахь шайн яха цIерш йолуш, дика бевзаш Iилманчаш дуккха а бу вайн. Тайп-тайпанчу Iилманашкахула хьалхара хиллачех масал а оьцуш, 160 сов стага чIагIйина Iилманийн докторан диссертаци.
Нохчийн Республикин дозанал арахьа болх беш берш а кIезиг бац царна юкъахь. Масала, экономикин Iилманийн доктор, профессор Альбеков Адам. 2013-чу шарахь дуьйна Ростоверчу пачхьалкхан экономически университетан ректор ву иза. Оцу цхьана бакъдолчо гойту иза муха Iилманча а, муха вовшахтохархо а ву. Iилманан 100 сов белхан автор ву А.Альбеков. Царна юкъахь ю 8 монографи, 9 Iилманан-практикин, дешаран пособи. Цуьнан куьйгаллица чIагIйина Iилманийн докторан 6, Iилманийн кандидатан 23 дисертаци. Iилманан а, юкъараллин а белхан лаккхара мах хадош, совгIат дина Россин Федерацин «Даймахкана дуьхьа хьуьнарш гайтарна» II-чу даржан орденца.
1971-чу шарахь дуьйна Ростоверчу Iилманан-талламан онкологин институтаца бозабелла бу вайн махкахочун Салатов Русланан дахаран а, къинхьегаман а некъ. Саратовера лоьрийн институт чекх а яьккхина, веара иза хIокху институтан аспирантуре. 1982-чу шарахь кхиамца чIагIйо медицинин Iилманийн кандидатан диссертаци, ткъа 2002-чу шарахь медицинин Iилманийн доктор хуьлу. 30 шо сов ду цо институтан хирургин отделенина тIехь куьйгалла ден. Салатов Русланан Iилманан талламех а, белхан зеделлачух а шуьйра пайдаоьцу онкологин цамгаршна молха-дарба лелорехь. Лоьран-Iилманчин къинхьегаман хьуьнарш билгалдаьхна «Россин Федерацин хьакъволу лор» сийлаллин цIе яларца, пачхьалкхан кхин дуккха а совгIаташца.
1983-чу шарахь дуьйна «Россин оториноларингологин Iилманан-клинически туш» ФГБУ-хь (хьалха кхин цIе хилла цуьнан) къахьоьгуш ву Юнусов Iаднан. Лор а, Iилманча а санна, кхиаран дерриге а тIегIанех чекхваьлла иза кхузахь. Ерриге а 30 000 сов операци йина цо берашна а, баккхийчарна а ЛОР-меженашца йоьзна. Iилманан 300 сов белхан автор а, 2001-чу шарахь дуьйна юьйцуш йолчу учрежденин директоран заместитель а ву. 2000-чу шарахь чIагIйина цо медицинин Iилманийн докторан диссертаци. Белхан лаккхара мах хадош, совгIаташ дина «Россин Федерацин хьакъволу лор» сийлаллин цIе яларца а, «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидалца а, пачхьалкхан кхин дуккха а совгIаташца а.
Санкт-Петербургерчу пачхьалкхан университетан Историн институтан директор ву историн Iилманийн доктор, профессор Даудов Iабдулла. 1986-чу шарахь дуьйна ву иза кхузахь Iилманан-хьехаран болх беш.
Р.Е.Алексеевн цIарахчу Нижни-Новгородерчу пачхьалкхан технически университетан Автомобилийн институтан «ГIишлошъяран а, некъан а машенаш» кафедрин заведующи ву технически Iилманийн доктор Вахидов Iумар. Нижегородски областехь Нохчийн Республикин Куьйгалхочун векал а ву иза.
Иштта масалш кхин дуккха а ду. Тхан хьесапашца нохчийн къомах волу Iилманан 25 сов доктор ву тахана Россин тайп-тайпанчу гIаланашкарчу Iилманан а, лаккхарчу дешаран а учрежденешкахь кхиамца болх беш. Шайн гIуллакхашца, кхиамечу Iилманан белхашца, яхь, юьхь йолуш, леларца Россин кхечу регионашкахь Iер-дахар а, болх бар а нисделлачу вайн Iилманчаша шайн сий лардина ца Iаш, вайн къоман а сий лардо.
КIезиг бац Iилманехь шайн бIаьрла лар йитина зударий. Нохчийн зударшлахь дуьххьара Iилманийн докторан диссертаци чIагIйинарг Маргошвили Лайлаъ ю. 1990-чу шарахь хилира цунах историн Iилманийн доктор. Гуьржийчоьнан Ахметовски кIоштан Дуиси юьртахь вевзаш волчу хьехархочун, гочдархочун Маргошвили Юсупан доьзалехь йина ю иза. Тбилисерчу пачхьалкхан университетехь дешначул тIаьхьа, белхаш бина Нохч-ГIалгIайн АССР-н мохкбовзаран музейхь (Iилманан лакхара белхахо), КПСС-н Нохч-ГIалгIайн обкомехь (инструктор), Нохч-ГIалгIайн АССР-н серлонан министерствехь (министран заместитель). 1973-чу шарахь дуьйна ша пенсе яллалц (2006 шо) кхиамца болх бо Гуьржийн Iилманийн академин историн, археологин, этнографин институтехь.
Iилманан 100 сов белхан автор ю иза. Царна юкъахь ю говзанчаша лаккхара мах хадийна монографеш: «Юккъерчу Кавказан зуда-ламанхочун духар», «XIX-чу бIешеран юьххьехь а, XX-чу бIешарахь а Гуьржийчоьнан а, Нохч-ГIалгIайчоьнан а культурин-этнически юкъаметтигаш», кхиерш а.
Шайн яха цIерш йолу Iилманчаш тахана дуккха а бу нохчийн зударшлахь. Масала, химин Iилманийн доктор Хасбулатова Зинаида, лоьрийн Iилманийн доктор Хасханова Лайлаъ, юридически Iилманийн доктор Арсанукаева Малика, филологин Iилманийн доктор Навразова Хьава, психологин Iилманийн доктор Ахмедова Хьапта, иштта кхин а. 30 сов нохчийн зудчо чIагIйина Iилманийн докторан диссертаци.
Нийса хир дацара Iилманан къоналлех дош ца аьлча. 2011-чу шарахь Челябинскерчу Къилба-Уральски пачхьалкхан университетехь хьехаран (педагогикин) Iилманийн докторан диссертаци чIагIъеш, 28 шо бен дацара Яричев Насруддин. Нохчийчохь уггаре а къона Iилманийн доктор хилла ца Iаш, Россехь а уггаре а къоначех цхьаъ ву иза.
2010-чу шарахь технически Iилманийн докторан диссертаци чIагIйина 1979-чу шарахь винчу Минцаев Мохьмада. Тахана Соьлжа-ГIаларчу пачхьалкхан мехкадаьттан технически университетан Iилманан белхан а, инновацийн а декъехула проректор ву иза.
1983-чу шарахь вина ву Мусаев Мурад, ерриге а Россехь вевзаш волу адвокат. Иза а ларийра, шен 30 шо кхаьчний, кхачазий долуш, юридически Iилманийн докторан диссертаци чIагIъян.
2013-чу шарахь, шен 30 шо хан йолуш, технически Iилманийн докторан диссертаци чIагIйина волу Курбанов Артур Россин оборонин министерствон Материально-технически кхачояран тIеман академин кафедрин доцент ву. Белхан лаккхара мах хадош, «Россин Федерацин хьакъволу экономист» цIе а елла цунна.
Иштта, къона волуш, юридически Iилманийн докторан диссертаци чIагIйина Сайдумов Джамбулата а, Нохчийн Республикин Iилманийн академин белхахочо.
Ша я шен гергарлонах цхьамма Iилманийн кандидатан я докторан диссертаци чIагIйинчунна хууш ду и мел хала, дукха къахьега дезаш, гIуллакх ду. Цундела, цуьрриг а дестийна хир дац, лакхахь цIерш яьхначу кегийрхоша динарг билггал а хьуьнар ду аларх. Iилманан новкъа буьйлучу къоначарна дика масал а ду иза.
Нохчийн Республикин Iилманийн академи хилар доккхачу маьIне ду республикехь Iилма кхиорехь. Юккъехула аьлча, Россин еа субъектехь бен шайн академиш ян а яц (Татарстанехь, Башкортостанехь, Нохчийчохь, Саха-Якутехь). Нохчийн Республикин Iилманийн академи йиллина де лоруш ду 1992-чу шеран декабрь беттан 15-гIа де. Оцу дийнахь Iилманан-производственни «Промавтоматика» цхьаьнакхетараллин актови зала чохь хилира академин дуьххьарлера декъашхой харжарна лерина Iилманчийн гулам. Академин дуьххьарлера президент хаьржира гоьваьлла вевзаш волу Iилманча, Iилманан похIме вовшахтохархо, химин Iилманийн доктор, профессор Ибрагимов Хьамзат. 2006-чу шарахь ша кхалххалц (Дала гечдойла цунна) оцу даржехь беркате къа а хьийгира цо.
Республикин Iилманан берриге а ницкъаш вовшахтохаран (кхин а Iилманан учрежденеш а, лаккхара дешаран заведенеш ма ю вайн – Россин Iилманийн академин Iилманан-талламан комплексни институт, Нохчийн пачхьалкхан университет, Соьлжа-ГIалара пачхьалкхан мехкадаьттан технически университет, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университет, иштта кхин а) церан болх цхьаьнабалоран шатайпа туш хилла дIахIоьттина Академин тахана. Академис жигара дакъалоцу республикин юкъараллин-политикин, экономикин дерриге а дакъошкахь – республикин социально-экономически кхиаран программаш хIиттош, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацина, ткъа иштта Парламентана оьшу аналитически а, экспертни а материалаш кечъеш, дуьненаюкъара, Ерригроссин, республикин Iилманан-практикин конференцеш вовшахъетташ. Карарчу хенахь кхузахь къахьоьгуш ву 100 сов Iилманан белхахо, царех 37 – Iилманийн доктор, 60 – Iилманийн кандитат. Академин бакъонца волу декъашхо (академик) ву 18 стаг, декъашхо-корреспондент – 14. 2006-чу шарахь дуьйна Iилманийн академин президент ву историн Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Iилманан хьакъволу деятель Гапуров ШахIруди.
Республикехь Iилманийн шен академи а, кхин йолу Iилманан, дешаран учрежденеш а хиларо Iилманийн докторийн диссертацеш чIагIйина Iилманчаш алсам хиларе хьашт кхуллу, оцу хьоло тешаво лаккхара говзалла йолу Iилманчаш шо шаре даларца кхуьург хиларх.
Дерзоран дешан меттана.
Лахахь оха шуна йовзуьйту нохчашлахь Iилманийн докторийн диссертацеш чIагIйинчу нехан цIерш. Язъянза йисина цIе хила а тарло, иза я важа цIе язъярехь гIалат нисделла хила а тарло. Цунах дерг схьахаийтича оха баркаллица тIе а лоцур ду, тIейогIучу хенахь тидаме а оьцур ду. Зорбанан, электронни хаамех пайда а оьцуш, цхьацца Iилманчашка хоьттуш, вовшахтоьхна болх бу хIара. Лоьрийн-Iилманчийн цIерш язъярехь тхуна доккха гIо хилира Т.Ахмадовн «Первые чеченские врачи» книгех. Кхин цхьаъ а билгалдаккха деза. ЦIершца бийца а, тхуна дукха бевза, цхьацца бахьанашна Iилманийн доктораийн диссертацеш чIагIъяр нис ца деллехь а, Iилманехь беркате къахьегна а, къахьоьгуш а болу Iилманчаш. Делахь а, и вайн кхиам санна лоруш, Iилманийн докторийн цIерш йовзийтар цхьанне а новкъа хир аьлла ца хета. Дала дебадойла церан могIарш.
№14, шинара, чиллин (февраль) беттан 9-гIа де, 2016 шо