шена хетарг довзийтира Дагестанан Халкъан Гуламан спикера Х.Шихсаидовс
Дукха хан йоццуш журналисташца хиллачу шен цхьаьнакхетарехь Дагестан Республикин Халкъан Гуламан Председатела Шихсаидов Хизрис дийцира Нохчийн Республикица йолчу Дагестан Республикин юкъаметтигех а, ткъа иштта Малхбузерчу пачхьалкхийн лерринчу службашна бохкабеллачу цхьаболчу политикаша а, шуьйрачу хаамийн гIирсаша а Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна дуьхьал дIахьош болчу хаамийн тIамах а, кхечунах а лаьцна. Цо дийцинчух цхьадерг вайн республикин бахархошна довзийта лаьа.
Иштта, вайн шина республикин юкъаметтигех лаьцна дуьйцучу хенахь Х.Шихсаидовс уггаре а хьалха тидам тIебахийтира Дагестанан а, Нохчийчоьнан а халкъашна юкъахь вежараллин зIенаш а, уьйраш а йолу бIеннаш шераш хиларна. Иза цхьа хьаьрк харц а дац. Дагестанан дозанца йолчу Нохчийчоьнан ерриге а районашкарчу нохчашний, Дагестанерчу жIайхойшний, Iаьндашний, гIумкашний, гIазгIумкашний, цхьамогIа кхечу халкъийн векалшний юкъахь хьошаллаш дара. Хьаша тIелацаран гIиллакх чIогIа дара оцу районашкахь. Дайша шайн кIенташка а луш, дIакхоьхьуш а, лардеш а дара хьошаллин гIиллакх. Нохчийчохь тIеман кIуркIамане гIаттийча гIелделира хьошалла а, церан вовшашца хилла уьйраш а. Бакъду, оцу халчу муьрехь вайн республикера дуккха а нохчий шайн хIусамашкахь дIатарбира Нохчийчоьнан дозанца йолчу ярташкахь бехаш болчу дагестанхоша.
Цундела бохура Х.Шихсаидовс шен къамелехь: «Вайн доттагIалла ца дохийра 1999-чу шарахь хиллачу ирчачу, къизачу хиламаша а. ХIетахь Нохчийчохь туш тоьхна Iаш хиллачу дуьненаюкъарчу террористийн а, экстремистийн а гIеранаш Дагестанна тIелетира. Дуккха а цIий Iанийра. Баккхий бохамаш а бира. Тхуна хаьара нохчийн халкъ оцу зуламна бехке доций. Иштта кхетара вайн халкъашна юкъахь мостагIаллин зирх таса гIерташ берш, республика Россих дIахадо, дIакъасто гIерташ, цунна харжаш еш берш дозанал арахьарчу пачхьалкхашкахь хиларх. Цунах нийса кхетаро лардира Нохчийчоьнан а, Дагестанан а халкъашна юкъахь хилла вошалла а, доттагIалла а.
Шихсаидов Хизрис ма-баххара, пхийттех шо хьалха ерриге а Нохчийчоь йохийна, хьакхлагIашкахь а, саьлнашкахь а Iуьллуш яра. Халкъ дохийна, дуьне мел ду даржийна дара. Халкъ юха тIегулдан, цуьнан барт бан, регион меттIахIоттон иттанаш шераш оьшур ду аьлла хетара. Делахь а Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун, Iеламстеган Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ницкъ кхечира йоццачу хенахь халкъ цхьаьнатоха, цуьнан барт бан, республика меттахIитторан белхаш дIаболо, машаре боьду некъ юьхьарлаца, шена гонаха тешаме накъостий вовшахтоха.
Шен дас дIадолийна гIуллакхаш дIадахьа, цо айбина байракх ондда шен буйнахь латто доьналла, хьуьнар, ницкъ болуш хилира Кадыров Рамзан.
Иттаннаш шерашкахь а меттIахIитталур яц моьттина Нохчийчоьнан ерриге а ярташ а, гIаланаш а, туьйранахь санна, масех шарахь меттахIиттийра цо. Шен халкъана хьалха а ваьлла, цо дерриге а до хIора хIусамехь машар, синтем, барт, марзо, токхо хилийтарехьа. Цундела ларамаза дац Нохчийн Республика тахана Россин ерриге а субъекташна массо а хIуманна тIехь масал хилла лаьтташ хилар.
– Тахана Нохчийчу кхаьчнарг шена гучух цецвуьйлуш, тамаша беш хуьлу. Ца хуьлийла а дац. Исбаьхьа цIенош, бIаьрг хьоьсту урамаш ду массанхьа а. ЦIена, оьзда, аьхна ду массо меттехь гуш долу сурт. Адамаш гIиллакхе, деладелла, декхаделла ду. Ткъа Соьлжа-ГIала ерриге а юхайина. Инзаре хаза шахьар хилла цунах. Толуш ду адамийн дахаран хьелаш. ТIаьхьарчу шерашкахь республикин куц-сибат хийцаделла ца Iаш, хIора вахархочун дог-ойла а хийцаелла. Уьш баккхийбе шайн дахарх, паргIатонах, маршонах. Цара даррехь схьагойту шайна Россин дерриге а халкъашца цхьаьна бертахь, маьрша даха лууш хилар, шайна Россерчу дерриге а халкъашца доттагIалла лело лууш хилар», – боху Дагестанан Халкъан Гуламан спикера Х.Шихсаидовс.
Нохчийчоь сихачу боларшкахь кхуьуш хилар, нохчийн халкъ массаьрца а бертахь даха лууш хилар, шен гIиллакхаш, Iадаташ, эхь-бехк, вад лардан лууш хилар ца дезало цхьаболчарна. ХьагI-гамо ерш, Россехь долу хьал кхарзахдаккха лууш болчу малхбузерчу пачхьалкхийн лерринчу службийн хьадалчаш хилла лелаш берш хаамийн тIом бан буьйлабелла Кадыров Рамзанна а, нохчийн халкъана а дуьхьал. Цара питанаш, эладитанаш даржадо, доцург дуьйцу. Уьш нохчийн халкъан мостагIий хилла Iаш бац. Ерриге а Россин, цигахь дехачу халкъийн мостагIий бу уьш. Ца хилча Россехь дехачу халкъашкахь нохчашка цабезам кхолла гIертар бацара.
– Нохчийчоьнан Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан хьокъехь харцдерг дийцар, доцург кхоллар иза адамийн цунах бIаьрг бадийта гIертар хилла ца Iа, иза, ма-дарра аьлча, нохчийн а, оьрсийн а халкъашна юкъа питана таса, уьш вовшийн кочадахийта гIертар ду, церан вовшашка цабезам кхолла лаар, царна юкъахь жахьталла хилийта лаар ду. Цуьнца цхьаьна ерриге а Къилбаседа Кавказера хьал карзахдаккха гIерташ хIуманаш а леладо цара. Иза карзахдаьлча чIогIа хазахетар долуш бу вай цадезарш. Амма иза хир дац. Хила йиш а яц. Иза дIагайтира Нохчийчоьнан юкъаралло а, республикин депутаташа а, бахархоша а дIабаьхьначу гуламо. Цигахь вовшахкхеттера цхьа миллион гергга стаг. Цара дIахьедира шаьш Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан а, Россин Федерацин Президент, къоман баьчча Путин Владимир а къобалвеш хилар, шаьш царна муьтIахь хилар. Хьаххийначуьра аьлча, оцу гуламехь дакъалоцуш яра Дагестанера, ткъа иштта Къилбаседа Кавказан кхечу республикашкара яккхий делегацеш (еккъа цхьана Дагестанера веанарг 20 эзар сов стаг вара – авт), – бохура Шихсаидов Хизрис. Цо чIагIдеш ма-хиллара, оцу гуламехь къамелаш дира Дагестанан, Къилбаседа ХIирийчоьнан, ГIалгIайчоьнан, Россин кхечу субъектийн делегацийн векалша. Цара а дIахьедира Россин мостагIашна луург чекхдериг цахилар, царна моьттуш дерг хирг цахилар, шаьш Россин Президентана В.Путинна муьтIахь хилар, вайн сийлахь-боккхачу махкахь дехаш долчу халкъийн барт бохалург цахилар.
Делахь а, Дагестанан Халкъан Гуламан спикерна хетарехь, вай дерриге а само еш хила деза. ХIунда аьлча Россин мостагIаша герггарчу хенахь сацор бац вайна дуьхьал беш болу хаамийн тIом. Цара питанаш а лелор ду, эладитанаш а даржор ду, доцург а кхуллур ду, харцдерг а дуьйцур ду. Вай цунах кхеташ хилчахьана, цара лелош дерг эрна хир ду, цара лелочух гIуллакх а хир дац. Цаьрга йохалур яц Россин Президентана В.Путинна а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна Р.Кадыровна а юкъахь йолу дика, тешаме, онда юкъаметтигаш, дIабаккхалур бац вовшашка болу тешам. Путин Владимирна дика хаьа Нохчийчоь саьлнашкара гIаттош, халкъана юкъахь барт, маслаIат деш, Нохчийчохь дуьненаюкъара терроризм а, экстремизм а хIаллакьеш, регионехь маьрша дахар дIахIоттош цо мел чIогIа къахьегна, мел баккхий баланаш лайна.
– Цунна тоьшалла дара Россин Президента Путин Владимира дукха хан йоццуш Дерриге а къоман Халкъан фронтан регионашна юкъарчу форумехь Нохчийн Республикин а, цуьнан Куьйгалхочун а хьокъехь дина къамел. «Баркалла республика иштта хазйина, тойина, къагийна дIахIоттийначарна, цигахь Iаш болчарна. Баркалла Нохчийчоьнан хьалхарчу Президентана. Баркалла хIинцалерчу Куьйгалхочунна. ЧIогIа эвсаре, дика болх беш ву иза…» Оцу дешнаша дерриге а кхачадо, дерригенах а кхетадо. ТIетоха а, тIера даккха а оьшуш хIумма а дац, – бохура шен къамел дерзош Х.Шихсаидовс. Иза цу тIехь а, кхидолчунна тIехь санна, бакъ а ву.
Журналисташа спикерна даггара баркалла элира, шайн хаттаршна жоьпаш а луш, иштта чулацаме, хьекъале, пайде къамел дарна. И санна долчу къамело адамийн синкхетам самабоккху, Даймохк безаран ойла чIагIйо, гонаха хуьлуш долчун само йойту.
Д.АНАДЕВ
№14, шинара, чиллин (февраль) беттан 9-гIа де, 2016 шо