ЗаьIапхойн дахар аттачу даккхаран Iалашонца

   Юкъараллин интернет-ресурсийн «Цхьатеррачу таронийн дуьне» аьлла йолчу VII-чу фестивалана заявкаш тIеэцар дIадолийна 2016-чу шеран 1-чу февралехь дуьйна хIокху шеран 15-гIа апрель кхаччалц дIаоьцур ю уьш.

Цу юкъа кхойкху заьIапхойн а, могашалла ледара йолчу нехан а хьашташ кхочушдарна лерина йолчу сайтийн авторш.

Фестивалан коьрта Iалашо ю интернет-ресурсашкахь исбаьхьаллин а, технологин а декъехь заьIапхой юкъараллех дIаэрна лерина йолу проекташ билгалъяхар.

– «Цхьатеррачу таронийн дуьне» фестиваль уггаре а оьшучу интернет-ресурсийн юкъараллех цхьаъ ю. Цунна юкъайогIуш йолу сайташ ехкинарш уггаре а жигара кхоллараллин белхахой бу. Интернет-майданахь заьIапхошна массо а тайпана аьттонаш хилийтархьама къахьоьгуш а бу уьш.

Оцу сайташ чохь заьIапхойн аьтто хуьлу вовшашна шайна дахарехь зеделларг довзийта а, могашалла Iалашъярехь шайна хилла гIоленаш йийца а. Иштта, заьIапхойн дешарехь а, балха хIиттарехь а, кхоллараллин, спортан декъехь а болу кхиамаш бовзуьйту сайташкахь.

ХIора а сайтан дас жимма доккхий а, аттачу доккху заьIапхойн дахар. Иза Iаламат мехала ду.

Оха кхин а дуккха конкурсанташка кхойкху фестивалехь дакъалацаре, юккъараллина хIокху интернет-ресурсан нуьцкъалла алссам йовзийтаран Iалашонца, –дийцира фестивалан вовшахтохараллин комитетан председатела, «Единая страна – доступная среда» проектан куьйгалхочо, Россин Пачхьалкхан Думин депутата Терентьев Михаила.

Ала деза, «Единая Россия» партин «Единая страна – доступная среда» проекто Нохчийн Республикехь 2011-чу шарахь дуьйна шен белхаш дIахьош хилар. Проектан регионан куьйгалхо ю «Единая Россия» партин Нохчийн регионерчу отделенин Регионерчу исполкоман куьйгалхочун хьалхара заместитель Адильгереева Аида.

Цо билгалдаьккхира «Единая Россия» партин Лакхарчу советан декъашхочо, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана оцу проектан гурашкахь заьIапхойн а, могашалла ледара йолчу нехан а дахар тодарна тIехьажийна деш Iаламат дукха гIуллакхаш хилар. Царна юкъайогIу республикехь йина йолу могашалла Iалашъяран учрежденеш, реабилитацин туьшаш.

Фестивалан номинацеш хIорш ю:

1.            «Бераш бераш санна ду-кх» (заьIапчу бераша шаьш йина сайташ я царна лерина сайташ; заьIапчу берийн цIенойн, интернатийн сайташ);

2.            «Дахар дIадоьдуш ду» (социальни сеташ, форумаш);

3.            «Цхьаьна хилча вайга дукхах дерг далур ду» (Ерригроссин заьIапхойн юкъараллин интернет-ресурсаш);

4.            «Цхьа дуьне, цхьа сатийсам» (заьIапхойн юкъараллин организацийн официальни сайташ);

5.            «Шо дIадолор» (Фестивалехь дуьххьара дакъалоцуш йолу сайташ);

6.            «Дахаран стелаIад» (блогаш, шайн сайташ, агIонаш);

7.            «Цхьатеррачу таронийн спорт» (заьIапхойн спортана лерина сайташ).

2016-чу шеран июнь баттахь Москвахь хир ду толамхой билгалбахаран цхьаьнакхетар. Юкъараллин интернет-ресурсийн «Цхьатеррачу таронийн дуьне» фестиваль вовшахтоьхна заьIапхойн гIолацаран «Единая страна» фондо а, Ерригроссин заьIапхойн юкъаралло.

Юкъараллин интернет-ресурсийн «Цхьаттерачу таронийн дуьне» фестивалан официальни сайт http://www.award.edinayastrana.ru

Хь.ЭЛЬБЕРТОВА

 

№14, шинара, чиллин (февраль) беттан 9-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: