Соьлжа-ГIалахь ТЭС яран хьокъехь къамел хилира

Нохчийн Республикин электроэнергетически кластерехь къаьсттина меттиг дIалоцу хIинца а проектехь бен йоцучу «Соьлжа-ГIалин ТЭС» проекто. Карарчу хенахь цу проектана Соьлжин хи Iалашдойлера  (Сталинан Iам) технически хица кхачояран гIуллакх толлуш ду.тэс

   Оцу гIуллакхана лерина цхьаьнакхетар дIадаьхьира Нохчийн Республикин промышленностан, энергетикин министран хьалхарчу заместитела Р.Магомадовс. Цигахь дакъалоцуш бара «Росимущество», «Чеченнефтехимпром», «Сити-Строй» компанийн а, иштта Соьлжа-ГIалин мэрин а, Нохчийн Республикин Iаламан тIаьхьалонийн, гонахара хьал лардаран министерствон а, «ГЭХ Инжиниринган» а векалш. Дийцаре дира «Соьлжа-ГIалин ТЭС» проект кхочушъярехь оьшуш долу хи Соьлжин хи Iалашдойларе схьаэца дезар а, иза схьаэца бакъо хилийтархьама кехаташ кечдан дезар а.

Цул сов, цхьаьнакхетарехь кхин масех гIуллакх а дийцаре дира. Царна юкъахь дара «Соьлжа-ГIалин баьццара зона» олучу биологически хьаьрми юкъара Соьлжин хи  Iалашдойла а, цунна тIедоьлхучу татолаш  арадахар а, иштта кхидерш а.

Цхьаьнакхетар дерзош, дийцаре дина гIуллакхаш кхочушдан декхарийлахьберш билгал а бохуш, уьш кхочушдаран коьрта некъаш а довзийтира Р.Магомадовс.

Кхузахь ала догIу, «Соьлжа-ГIалин ТЭС» тIом болуш йохийна хиллачу «Соьлжа-ГIалин ТЭЦ-3»  хиллачуметтехь йийр йолуш хилар. Электростанцин электрически нуьцкъалла 400 МВт хир ю. Республикина ток латтийна ца Iаш, Соьлжа-ГIалин йовхо а латтор ю цо.

Соьлжа-ГIалахь керла ТЭС ярна  24 миллиард сом ца кхоччуш ахча оьшур ду.

И.ХАСАХАНОВ

Суьрта тIехь: «Соьлжа-ГIалин ТЭС» проектан хаттаршна лерина цхьаьнакхетар

№14, шинара, чиллин (февраль) беттан 9-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: