Нохчийн пачхьалкхан университето а, Москван индустриальни банко (МинБАНК) а шайн юкъаметтигаш чIагIйо. Университетан экономикин а, финансийн а факультетехь болх бан йолаелла банкан дешаран класс. Цу чохь дерриге а тера догIуш ду МинБАНК-н баккъалчу офисехь долчух.
МинБАНК-н Соьлжа-ГIаларчу операционни офисан куьйгалхочо Дахшукаева Iайдата билгалдаьккхира шайн банк кху заманахь бахархошна оьшуш мел дерг дан гIерташ хилар.
– Тахана муьлххачу а балхахь оьшу шайн белхан говзанчаш. Цундела Нохчийн пачхьалкхан университетан экономикин а, финансийн а факультетехь тхешан банкан «офис» оха схьелларан коьрта Iалашо ю кхузахь Iемаш болчу студентийн практика хилийтар, – боху Iайдата.
МинБАНК-н «офис» экономикин а, финансийн а факультетан «Банкийн гIуллакх» кафедрин студенташна практика ярна лерина хилла Iийр йолуш яц. Кеста оцу «офиса» чохь университетан студенташна а, белхахошна а лерина долу кампусан картанаш арахеца долор ду.
Кхузахь ала догIу, иштта «методика» масех шо хьалха дуьйна Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан технически университетехь дIахьош хилар.
И.ИСЛАМОВ
Суьрта тIехь: Нохчийн пачхьалкхан университетера МинБАНК-н «офис»
№14, шинара, чиллин (февраль) беттан 9-гIа де, 2016 шо