23-чу февралехь, Соьлжа-ГIалин театран-концертийн залехь дIадаьхьира Даймохк ларбархочун де даздар. Кхузахь гулбеллера Даймехкан Сийлахь-боккхачу тIеман дакъалацархой а, Iедалан векалш а, бакъонашларъяранструктурийн белхахой а, районийн администрацийн куьйгалхой а. Гулбеллачеран тидаме йиллинчу, вайн къомо машарехьа бинчу некъах лаьцна дуьйцучу роликехь девзира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас нохчийн къам нийсачу новкъа даккхарехьа къахьегар.
Россин а, Нохчийчоьнан а гимнаш лекхначул тIаьхьа вистхилира Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан:
– Тахана вай вовшахкхетта вешан къоман къонахий, оьзда, яхь йолу кIентий, шайн къоман дуьхьа къахьегна а, чевнаш хилла а кIентий билгалбаха, царах дош ала, уьш тIаьхьенна дIагайта а, бовзийта а. Даймохк ларбархочун де – къонахчун де бохург хета суна. Шен мехкан, къоман дуьхьа шен са д1адала доьналла дерг Даймохк ларбархо ву.
Вайна ма-хаъара, 23-гIа февраль хIинцачул 70 шо хьалха, вайн махкахь ирча деана де ду. Оцу дийнан таллам бан вай доьлча, яхь йолу нохчийн къонахий, вай дехаш долу пачхьалкх ларъеш тIамехь лаьтташехь, вукхара, тахана санна, къоман цIарах зуламаш дина. И къоман мостагIий совцо къоман дай а ца хилла, вай махках даьхна де ду тахана. Оцу дийнахь а, цул тIаьхьа а халонаш лайна вайн халкъо. Кхелхинчарна Дала гечдойла, бисинчарна Дала ийманца собар лойла.
Бакъдерг тIелаца лууш ца хуьлу вай. Цундела, вай нохчи долун дела, бусалба долун дела махках даьхна боху вай. ХIан-хIа, ца даьхна. Дагестанехь вайчул а чIогIа лелош хилла бусалба дин, Пайхамаран (I.с.в.с.) асхьабаш (Дела реза хуьлда царна) дIабоьхкина еза меттигаш а йолчу Дагестанехь цхьа а маьждиг а дIа ца къевлина, цхьа а меттах а ца ваьккхина. ХIунда? Шайн къомах болу зуламхой совцо къоман дай хиларна. Тахана вайна масал ду, къоман дай болуш къонахий ца хилча, оцу къомана юккъехь яхь йоцурш а, шайтIанаш а, мотт беттарш а бовлу, тIаккха къам ловзадо. Оцу хенахь яхь йолу кIентий тIаме хIиттича, цIахь болчара шайн доьзалшна, махкана дола динехьара, вай а вешан махкахь дехар дара. Бакъдерг дIаолуш а, вешан бехк тIелоцуш а хила деза вай, къонахчун билгало а ю, ийманехь хилар а ду бакъдерг тIелацар.
10-чу майхь, вайн белларш берриге а дага а лоцуш, сагIа а доккхуш мехкан тезет хIоттор ду вай. Вайн дахар хIора денна а толуш ду. Нохчийн къоман истори юха а бехъян гIертачун толам хир бац. Вешан къоман сий вай даима а лардийр ду. хІара къонах хасторан дезде ду. Декъалдо шу дезачу денца!
Нохчийн Республикехь низам а, къепе а ларъярехь хьуьжар полицин цхьамогIа белхахошна мидалш а, баркаллин кехаташ а делира. Гулбеллачеран таро хилира шайна леринчу концерте ладогIа а, историн хиламаша тIехь хIиттийначу театран постановкашка хьовса а. Т.АЛИЕВА
