Зорбанан цIийнан йоьалгIачу гIат тIехь нохчийн журналистикин музей ю. «Даймохк» газетан редакторшна леринчу стенда тIехь дIатоьхна ду Имадаев Мохьмадан сурт а. Сийлахь-боккха Даймехкан тIом бола беллачу юьххьехь газетан редактор лаьттина иза. Амма, дукха ца бина цо редакторан болх – 1942-чу шарахь шен лаамехь (республикин газетан редактор хиларе терра, эскарехь гIуллакх дарх мукъа витина вара иза) тIаме вахара Мохьмад. 1992-чу шарахь Чалаев Билала цунах лаьцна язйина статья юьллу оха шун кхиэле (кIеззиг яц а еш). Хууш ма-хиллара, Б.Чалаев ша а еххачу хенахь «Даймохк» газетехь болх бина вара.
Тахана оха яздо Сийлахь-боккха Даймехкан тIом хилале хьалха а, хиллачул тIаьхьа а газетан редактор хиллачу, 1942-гIа шо чекхдолуш фашисташа къизаллица вийначу тIемалочун-турпалхочун, полкан комиссаран Имадаев Мохьмадан хьокъехь.
Вайнахана юкъахь дуккха а хуьлу оьзда, стогалла, къонахалла, доьналла, хьуьнар долу нах. Амма, ма-дарра аьлча, Имадаев Мохьмад санна болу хьанал а, оьзда а, кхетам а болу нах тахана кIезиг хьехабо вай. Иза суна вевзина 1924-чу шарахь Соьлжан округерчу Михалски олучу юьртахь. КIезиг белахь а, цигахь доьшуш бара кегий нах.
1924-чу шарахь Михалске (оьрсаша цунах Михайловское олура, ткъа хIинца массара а Серноводск олу) баха баьхкира ИмадаевгIар. Нохчийчохь цул хаза юрт йоцуш, хаза а, беркате а юрт яра иза. Колхозаш яхка йолоза яра, адамаш бертахь а, дика а дехаш дара. Амма, доккха вон деара Мохьмаде, хьалхе делира цуьнан да а, нана а. Сан деваша Чалин Шемал директор хиллачу Дешаран городокехь кхиамца дийшира цо, тIаккха тIехдика чекхъяьккхира опорни школа.
1915-чу шарахь вина Имадаев Мохьмад комсомоле а ийцира, нохчашна юккъера йоза-дешар цахаар дIадаккхарна лерина йолчу культпоходе хьажийра. Оцу культпоходашкахь 1931–1932-чу шерашкахь кхоккха баттахь кхиамца болх бира цо. Нохчийн Автономни областан облисполкомо а, облОНО-с а мехала совгIат дира цунна, Сийлаллин грамоташ а елира.
1934-чу шарахь техникум тIехдика чекх а яьккхина, Пятигорск гIала Къилбаседа Кавказан хьехархойн институте деша вахара Имадаев Мохьмад. ХIетахь иза воцург юьхьанца цхьа а нохчи, я гIалгIа вацара цигахь доьшуш. ТIехдика доьшуш а, юкъараллин балхахь жигара дакъалоцуш а волу студент Мохьмад хьехархойн институтан профкоман декъашхо а, комсомольски организацин секретарь а хаьржира. ТIехдика доьшуш а, лаккхара низам долуш а, юкъараллин белхан жигара дакъалацархо а хилла дIахIоьттира Мохьмад. Цундела цуьнан сий-ларам бора массара а.
Суна шера дагахь лаьтта 1936-чу шарахь Пятигорск гIалахь хиллачу Къилбаседа Кавказан студентийн профсоюзийн конференцин делегат а, президиуман декъашхо а иза хилла. Цигара тхо, цхьадолу векалш, масала, Имадаев Мохьмад а, гIалгIа Мальсагов ТугIан а, со а, кхиболу векалш а Москва гIала хьовсийра В.И.Ленинан зуда хиллачу Н.Крупскаяца РСФСР-н серлонан халкъан комиссариатехь цхьаьнакхетийта. Цигахь чIогIа дика тIе а ийцира тхо. Имадаев Мохьмад коьртехь волуш, Кремле а, кхечанхьа а экскурсе дигира.
Хьехархойн институт а, аспирантура а кхиамца чекх а яьккхина, йоццачу хенахь Нохч-ГIалгIайн хьехархойн техникумехь историкан а, тIаккха ВЛКСМ-н Нохч-ГIалгIайн областной комитетан секретаран а, республикин комсомольски газетан коьртачу редакторан а болх бира цо. Цул тIаьхьа, Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болабелча, цунна тIам тIе ваха луъушехь, республикин нохчийн «Ленинан некъ» газетан коьрта редактор хIоттийра иза, партин обкоман пленуман декъашхо а хоржуш. Ма-дарра аьлча, 1936-чу шарахь дуьйна журналистийн балхахь жигара дакъалоцуш вара М.Д.Имадаев.
1941-чу шеран июнехь Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болабелчхьана дуьйна а цо жигара дакъалоцура тIеман дакъалацархошна материальни гIо деш: ярташкахь, гIаланашкахь гулдора кхачанан сурсаташ, кхачо йора оьшуш йолчу кхечу хIуманашца.
Хан сиха дIайоьдура, тIом Кавказе а, Нохчийчоьнний, ГIалгIайчоьнний герга кхача а болабелира. ТIеман кхерам алсамбелира. Нохч-ГIалгIайчохь 1942-чу шарахь йилла йолийра Нохч-ГIалгIайн тIеман дошлойн дивизи, цуьнан комиссар хIоттийра тIаьхьо Нохч-ГIалгIайн АССР-н Министрийн Советан Председатель хилла волу Гайрбеков Муслим. Кхиамца вовшахтуьйхира вайнехан дивизи, царна дика хьелаш кхоьллира, башха барзакъ делира, дика говраш а елира. Амма, дагахь доцург хилира: Висаитов Мовлидан, Гайрбеков Муслиман, Имадаев Мохьмадан дIадолорца вовшахтуьйхира нохчийн, гIалгIайн шатайпа дошлойн полк, командир Висаитов Мовлид а, комиссар Имадаев Мохьмад а хIоттош. Суна мелла а дийца лаьа М.Висаитовс а, М.Имадаевс а команда дина хиллачу, шатайпа маьIнин хиллачу Нохч-ГIалгIайн шатайпанчу дошлойн полкан хьокъехь. Цо жигараллица, турпалаллица фашисташ бохош, отуш, тIемаш бира Терк-хина йистерчу меттигашкара Эльба-хина гонахарчу меттигашка кхаччалц.
Висаитов Мовлид командир а, Имадаев Мохьмад комиссар а хиллачу 255-чу Нохч-ГIалгIайн гвардейски дошлойн полко фашисташ бойуш, отуш, бохош тIемаш бира Моздок, Ставрополь, Элиста, кхийолу гIаланаш мостагIех ларъеш.
Амма шатайпа турпалаллин тIемаш бира Сталинградски областера Садовая олуш хилла оборонительни район ларъеш. Оцу регионехула Сталинград дIалаца Iалашо йолуш, вайн эскаршна тIелата дуьйладелира вайн эскарел шозза-кхузза алсам долу а, дуккхазза а алсам кхераме герзаш долу а фашистийн эскарш, шайн коьртехь гоьваьлла вевзаш хилла фашистийн инарла Паулс а волуш. Нохч-ГIалгIайн полко кхузза-доьазза бохийра Садовая дIаяккха гIерташ хилла немцой-фашисташ, амма тIаьххьара а церан бIаьхойн а, герзийн а барам уьттазза алсамбелира. Цара инзаре доккха а, къиза а тIелатар дира Нохч-ГIалгIайн дошлойн полкана. Ма-дарра аьлча, этира, йохийра иза, байъира башха тIемалой: Висаитов Сайд-Iали, Дзабиев, Межидов Зелим-Хьаьжа, Чалаев Iийса, Талаев Лом-Iела, дуккха а кхиберш а.
Чевнаш а хилла, шен лаамехь ца воьдуш, амма дуьхьало ян ницкъ ца кхочуш, фашистийн каравахара Имадаев Мохьмад. ТIех къиза хилира цуьнан кхоллам: церан полкехь кIеззиг ханна хиллачу цхьамма, Советски Эскаран полкан комиссар, коммунист хилла иза, аьлла, мотт а тоьхна, Имадаев Мохьмад фашисташа, ирх а оьллина, вийра. Иштта чекхбелира оцу къоначу стеган кхоллам.
Б.ЧАЛАЕВ, журналист
«Даймохк», 25 декабрь, 1992 шо
№14, шинара, чиллин (февраль) беттан 9-гIа де, 2016 шо