Цхьа-ши дош…

    Тайванехь мохкбегийча лаххара а 30 стаг кхелхина, 500 сов стаг лазийна, 152 стаг цкъачунна карош вац, дохийначу цIеношна бухахь дисина адамаш а ду.

                ***

   Къилбаседа Корейхь (КНДР) юха а баллистически боеголовка йолу ракета кхоьссина. ООН-н Генеральни Секретара Пан Ги Муна цуьнца доьзна КНДР-н куьйгалле лехам бина дуьненаюкъара тIелацамаш кхочушбар тIедожош.

                ***

    Къилбаседа Корейхь ракета кхоссарна реза  цахилар дIахаийтина дукхах йолчу пачхьалкхаша. Цу юкъахь ю Росси, Япони, Чина, Великобритани, Францин, и.дI.кх.

                ***

   Пакистанехь теракт яр бахьана долуш 13 стаг велла, ткъех стагана чевнаш хилла. И зулам дарна бехке лоруш бу махкара экстремистийн боламаш.

                ***

   Шеман Iедалан эскарша хIокху деношкахь дIахьош ду оппозицин коьрта чIагIо хилла лаьттинчу Тал-Рифаат гIалина тIелатар. Иза Хонкаран дозанна уллохь ю.

                ***

   Дамаскехь кхелхина Шемин Президентан Асад Башаран нана.

                ***

   Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмиратийн куьйгалло дIахьедина шайн эскарш, коалицин ницкъашца цхьаьна, Шемахь йолчу «Иблисан Пачхьалкхан» гIеранашна дуьхьал тIом бан кийча хилар. Бакъду, цаьрга гIо дар доьхуш-м дац Шемин Iедал.

                ***

     Пассажирийн кеманна тIехь эккхийтар дарна бехке хиларан шеконца Сомалехь ши стаг схьалаьцна талламан органаша.

              ***

Варшавехь (Польша) йоккха митинг хилира. Урамашка арабевллачара Iедале лехам бора Польше бусалба мигранташ ма бахкийта бохуш.

                ***

  Чехин лаьмнашкахь пхи лыжашхахкархо велла, лаьмнашкара охьахьаьддачу хьаьтта кIел а нисвелла.

                ***

   Россин Президент В.Путин 8-чу февралехь Сочехь цхьаьнакхийтира Бахрейнан паччахьца. Цара дийцаре дира Герггарчу Малхбалехь кхолладелла хьал а, вовшашца йолу зIенаш чIагIъяран хьокъехь долу гIуллакхаш а.

                ***

   В.Путина спортсменаш а, тренерш а, болельшикаш а декъалбира спортан Iаьнан кепийн дезачу денца. Иза вайн махкахь лурчаха дуьйна хIора шарахь 7-чу февралехь билгалдоккхуш ду.

 

№14, шинара, чиллин (февраль) беттан 9-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: