Инвестицешна – бегIийла хьелаш

Россин Федерацин кхийолчу субъекташка хьаьжча, сиха кхуьуш йогIу  Нохчийн Республика. Республикин куьйгалло инвестиционни политика дIаяхьаран  тIаьхье беркате ю.карта

   Нохчийн Республикин инвестиционни портало хаам барехь, республикин Правительствос кечйина  инвестиционни коьрта проекташ. Царна юкъаяхана 202,09 млрд. соьман  мах болу 52 проект. Цу юкъадогIу карарчу хенахь йолчу производствошна реконструкци яр а, керла производствош юкъаялор а. Дагалаьцна проекташ кхочушъяро республикина лур ю 14 115 белхан керла меттиг.

2014-чу шарахь республикехь кхочушйина 12 994,21 миллион соьмана йолу  инвестиционни 23 проект. И бахьана долуш кхочушъяран бахархошна 1 794 белхан меттиг а нисъелла.

Карарчу хенахь республикехь  дIахьош бу инвестиционни 11 проект белхаш. Оцу проекташна хьажийна  38 561,69 миллион сом ахча. Инвестиционно портало бечу хаамца, цул тIаьхьа бахархошна кхин а 1428 белхан меттиг хир ю.

ТIедогIучу шарахь кхочушъян лерина ю  инвестиционни 4 проект. Царна хьажор ду 64 136,78 миллион сом ахча. Цул тIаьхьа республикин бахархошна  белхан меттиг 7 382.

Иштта, республикин инвестиционни портало билгалйоху Правительствос уггаре а мехала ю аьлла, къастийна йолу инвестиционни проекташ а. Уьш 4 ю: Къоьзан Iома тIера туристически база меттахIотторан 2-гIа дакъа (ЧIебарлойн кIошт); «Серноводск-Кавказски» курорт кхиоран 2-гIа проект (Соьлжан кIошт); «Ведучи» лыжийн курорт яр (Итон-Кхаьллан кIошт); «Ахмат Тауэр» бIов яр (Соьлжа-ГIала).

Республикин Правительствос шен тергонехь латтош ду къаьсттина экономикин зонаш (ОЭЗ) кхолларан гIуллакхаш а. Карарчу хенахь республикин а, федеральни а Правительствош бертахь къахьоьгуш ю Нохчийн Республикехь шиъ къаьсттина экономикин зона кхолларна тIехь: Устрада гIалахь промышленно-производственни  ОЭЗ кхоллар («Устрада Черкесск-Ставрополь» регионашна юкъара автомобилийн кластер); Соьлжа-ГIалин аэропортан кертахь портан ОЭЗ кхоллар («Соьлжа-ГIала (Къилбаседа)» аэропортан кластер).

И.ХАСАХАНОВ

 

№14, шинара, чиллин (февраль) беттан 9-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: