Тоьллачарах пхиъ

Соьлжа-ГIалахь дукха хан йоццуш схьадиллинчу «Сафия» даздаран цIийнехь дIадаьхьира хIора шеран «Национальная пятерка» конкурсан жамIаш дар. Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан а, дуьненахь дика вевзаш волу кхуза олимпийски чемпион Сайтиев Бувайсар а, ткъа  иштта вайн республикин Iедалан векалш а.IMG_0171

   «Грозный» ЧГТРК-н радиоладогIархоша жигара кхажтасар бахьана долуш, конкурсан «Гран-при» яккха аьтто белира Нохчийн Республикин халкъан артистан Исмаилов Шарпуддин. Иштта, тайп-тайпанчу номинацешкахь совгIаташ делира: Эдисултанова Миланина а, ХайдаровгIарна Майрбекана а, Зараъна а, Абубакарова Асетана а, Муртазова Элинина а, Исмаилов Ризавдина а, Алиева Рашанна а, Межиева Маккина а, Хусиева Зулина а. «Национальная пятерка» проекта тIехь къахьегарна совгIат дира Ахмадова Амнатана.

Цул сов, Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу фондан Президента Кадырова Айманин сацамца, кхоллараллехь къахьоьгучу ворхI белхахочунна совгIат дира керла хIусамаш яларца.

Нохчийн Республикин Культурин Министерствон белхахой вайна дицделларш дага а дохкуьйтуш, вайн дахар машаре, ирсе, кхиаме деш, хаздеш схьабогIуш бу. Таханлера цхьаьнакхетар а цуьнца доьзна ду, хIунда аьлча, тахана кху чохь дакъалоцуш мел волу иллиалархо вайн самукъадаккха гIерташ эзарнашкахь  концерташ а еш лелаш бу. Ша йиш лакха я илли ала сцени тIе ваьлча, шен самукъадаккха а ца гIерташ, шена гуонаха болчеран самукъадаккха деза, къахьега деза, къахьегаре терра бен хир бац кхиамаш. Иштта, вайн къоман культура йовзуьйтуш хиларна шуна а, хIара конкурс вовшахтохарна Бачаев Iадланна а, даггара баркалла элира Р.Кадыровс.

М.КАНТАЕВ

 

№14, шинара, чиллин (февраль) беттан 9-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: