Нохчийчохь 700 белхан меттиг кхоьллина

Нохчийн Республикехь предпринимательство кхиоран программа кхочушъяран декъехь 2015-чу шарахь 700 белхан меттиг кхоьллина.

    Нохчийн Республикин Правительствон жимачу бизнесехула а, предпринимательствехула а йолчу комитетан председатела Шуаипов ШаIранис хаам ма-барра, оцу гIуллакхана (Нохчийн Республикехь жима а, юккъера а бизнес кхиоран пачхьалкхан программа кхочушъярна) 380 миллион сов сом хьажийна дIадаханчу шарахь.

    Нохчийн Республикехь дIаязвинарг верриге а 311 324 предприниматель ву, царах 6 443 юридически организаци ю ,  21 881  стаг шен долахь бизнес йолуш ву.

«ДIадаханчу шарахь жима а, юккъера а предпринимательство кхиоран пачхьалкхан программа кхочушъяран гIуллакхашна тIехьажийнарг дерриге а 383,019 миллион сом ахча дара. И бахьанехь республикехь керла 700 белхан меттиг кхоьллина. Иза вуно мехала гIуллакх ду, белхазалла лахъярехь къахьоьгучу вайн республикина», – элира Ш.Шуаиповс.

Цо дийцарехь, билгалдаьккхина ахча тIехьажийна Соьлжан районерчу Серноводскехь бизнес-инкубатор ярна (иза схьайоьллур ю кху шеран хьалхара ах шо чекхдалале) а, жимачу а, юккъерчу а предпринимательствон 100 гергга субъектана гранташ яларна а, микрофинансийн гIуллакхаш кхочушдечу юридически организацешна субсидешца кхачоярна а, предпринимательствона накъосталла даран туьшаш кхолларна а, уьш кхиорна а, жимачу а, юккъерчу а предпринимательствон субъекташна (бизнес-туьшашна) накъосталла даран инфрастуктурин балхана оьшучуьнца кхачоярна а.

Комитетан куьйгалхочо билгал ма-даккхара, регионера экономика кхиорехь уггаре а коьртачу Iалашонех цхьаъ ю предпринимательшна болх бан бегIийла хьелаш кхоллар.

«Нохчийн Республикин инвестицийн яккхий проекташ ю. Регион кхиоран декъехь тайп-тайпана программаш кхочушъярехь (масала, белхазалла лахъярна лерина программаш) меттигерчу предпринимателийн терго йина, царна хьелаш кхоьллина ца Iаш, Нохчийчуьра а боцуш, кхузахь шайн бизнес лело лууш болчеран а ойла ян еза. Цундела, бизнесменашна тхайга хIун гIо-накъосталла далур ду хьожуш, тхайн таронаш а, хьашташ а леррина толлуш ду тхо»,  – билгалдаьккхира Ш.Шуаиповс.

ХIинц-хIинца тIеман бохамех меттайогIуш, меттахIуттуш йолчу вайн республикина, когахIитта буьйлалучу предпринимательшна вуно доккха хIума ду 700 хьовха, 100  белхан меттиг хилар а. Вай тешна ду кху шарахь кхин а алсам керла белхан меттигаш вайн бахархошна хирг хиларх.

 

№14, шинара, чиллин (февраль) беттан 9-гIа де, 2016 шо

А.СУЛИМАНОВА

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: