РогIера, 71-гIа кхеташо хилира кху деношкахь Нохчийн Республикин Парламентехь. Иза дIахьош вара Парламентан Председатель Даудов Мохьмад. Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министр Алханов Руслан, республикин Счетни палатин а, Гуьмсан районерчу Керла-Бена юьртан администрацин а векалш.
Депутаташа цкъа хьалха ладуьйгIира дIадаханчу 2015-чу шарахь чоьхьарчу гIуллакхийн министерствос бинчу белхан хьокъехь йолчу республикин МВД-н министран Р.Алхановн докладехь. Министра билгалдаьккхира дIадаьллачу шарахь регионехь зуламаш дар (хьесапе эцнарш) 2,1 процентана лахделла хилар. Оцу шарахь хIаллаквина бандподпольен 19 дакъалацархо. Бакъонаш ларъяран органаша, коьртачу декъана, Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон белхахоша юьззина кхачойина республикехь дIадаьхьначу 2 465 гIуллакхехь къепе а, низам а, синтем а хилийтарна.
Парламентан спикера М.Даудовс баркалла элира министрана Р.Алхановна балхахь кхиамаш бахарна, республикехь къепе а, низам а латторна. Цунна совгIат дира Нохчийн Республикин Парламентан Сийлаллин грамотица. М.Даудовс аьлла ма-хиллара, вайн регионан бакъонаш ларъяран органаш хьуьнар долуш ю мел чолхе а декхарш кхочушдан. «Алханов Руслан уггаре а хьалха Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентана, Россин Турпалхочунна Кадыров Ахьмад-Хьаьжина юххе дIахIоьттинчарах а, цуьнца цхьаьна халкъ лардаран некъа тIе хIоьттинчарах а ву. Цо ша дечу гIуллакхашца гайтина Даймахке болу шен безам а, халкъан лаамна, юкъарчу ойланна ша муьтIахь хилар а. Тахана а цо кхиамца кхочушдо Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан командехь шена тIедехкина декхарш. Цуьнан хьуьнар, балхана тIера хилар бахьана долуш республикин МВД бакъонца вайн махкахь уггаре а тIамна хьуьнаре, каде, говза лоруш ю,» – бохура М.Даудовс.
Цул тIаьхьа депутаташа йийцаре а йира, тIе а ийцира «Нохчийн Республикехь гражданийн дехаршка хьовсаран къепенан хьокъехь» долчу Нохчийн Республикин Законан 15-чу статьяхь хийцамаш баран хьокъехь долчу Нохчийн Республикин законан проект. Иза цкъа ешарца тIеийцира.
Иштта, парламентареша кхаж тесира регионан Счетни палатин аудиторан даржера Мидаев СарIела дIаваккхарехьа а, оцу дарже Решиев Сулейман хIотторехьа а.
Юха депутаташа цхьабарт хуьлуш сацам бира, могашалла Iалашъяран декъехь долу законодательство лардарна тIехь терго латторан комисси кхолла. Иштта, къобалйира Гуьмсехь йиллинчу керлачу юьртан «Керла-Бена юрт» аьлла, цIе тилларан хьокъехь йолу предложени.
Парламентан спикера Даудов Мохьмада кхеташонехь дакъалоцуш хилла болу Керла-Бена юьртан администрацин векалш а, бахархой а декъалбира оцу мехалчу хиламца. Церан дахар маьрша, токхе, зовкхе хуьлийла шена лууш хилар дIа а хаийтира цо.
Цу тIехь шайн рогIера кхеташо ерзийра вайн Парламентан депутаташа.
С.ХАМЗАТОВ
№14, шинара, чиллин (февраль) беттан 9-гIа де, 2016 шо