Кадыров Рамзан Закаев Ахьмадан гергарнаш болчохь хилира

Вайн халкъана юкъара барт-марзо чIагIъяр, массаьрца а маслаIат лахар дезаш волу Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан дIадаханчу пIераскан дийнахь, Хьалха-Марта гIалин коьртачу маьждигехь рузба динчул тIаьхьа Закаев Ахьмадан ваша а, йиша а, кхиболу гергарнаш а болчу вахара.380x214

   Цаьрца хиллачу къамелехь Кадыров Рамзана билгалдаьккхира махках а, халкъах а хаьдда, Закаев Ахьмад Лондонехь Iан цхьа а бахьана цахилар. Цунна кхераме хIумма а дац вайн цIахь. Цуьнгара даьлла хIума а дац. «Иза цIаван везара. Ас маситтазза баьхна цуьнга хьо тIемало вацара, культурин белхахо вара, цIаван везара хьо. Ичкерин идей дIаяьлла дукха хан ю. Халкъ оцу муьрехь хиллачуьнга юхадерза, иза юха а хуьлийла лууш дац. Цунна цхьа а Кавказан Имарат ца оьшу. Суна хетарехь Ахьмад шен Даймахка схьаван веза, шен цIахь Iан веза», – бохура Кадыров Рамзана.

Нохчийчоьнан Куьйгалхочо аьлла ма-хиллара, нохчийн халкъо тоххарехь шен харжам бина. 2003-чу шеран 23-чу мартехь хиллачу дерриге а халкъан референдумехь нохчийн халкъо, дерриге а дуьне теш а долуш, кхаж тесна шена Россица цхьаьна хила лууш хилар дIахоуьйтуш. «2003-чу шарахь нохчийн халкъо референдумехь шен лаам дIагайтинчу дийнахь дуьйна Ичкери йоцуш хиларх Закаев Ахьмад кхетийла лаьа тхуна. Со вацара референдум юкъаяьккхинарг. Иза халкъан лаам бара. Адамаша шайна Россехь даха лаьа аьлла кхаж тесира. Вайн вешан Конституци, герб, байракх, гимн ю. Республикехь массанхьачул а дукха маьждигаш ду. Къуръан дагахь Iамош хьафизийн хьуьжарш ю. Тхуна вайн халкъ маьрша, ирсе, зовкхе дехийла лаьа. Церан таханлерчу а, кханалерчу а дийнах жоп дала дезаш ду вай. Иза доккха, деза жоьпалла а ду», – чIагIдира регионан Куьйгалхочо.

Цо кхин цкъа а тидам тIебахийтира Закаев Ахьмад кхера оьшуш хIумма а цахиларна. Цуьнан вежарий, йижарий паргIат Iаш бу Хьалха-МартантIехь. Iедало я наха а уьш хьийзош бац, царна беш тIехбеттамаш бац, цаьргара дохуш бехкаш а дац. Шена ма лиъина цIа йогIуш-йоьдуш Ахьмадан шен йоI а ю. «Хьалха, Ичкери йолчу хенахь болх беш хилларш берриге а: парламентан декъашхой, оборонан, могашалла Iалашъяран, кхин министраш, кхиберш шайн цIахь, шайн Даймахкахь Iаш бу, маьрша къахьоьгуш бу, республика кхиорна юкъа шайн къинхьегаман хазна юьллуш бу. Ас дерриге а жоьпаллица дIахьедо: Ахьмад кхера оьшуш хIумма а дац. Шуна, цуьнан гергарчарна санна, суна а ца лаьа цунна вон болх хуьлийла», – дерзийра Кадыров Рамзана Ахьмадан хьокъехь долу къамел.

Цул тIаьхьа а, чай молуш, вовшах марзо оьцуш дикка Iийра ЗакаевгIаьргахь Нохчийчоьнан Куьйгалхо.

Д.ПАШАЕВ

 

№14, шинара, чиллин (февраль) беттан 9-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: