Нохчийчоьнан республикин больницин кардиологин отделенин коьртачу лоьрана Адуева Луизина а, цуьнан коллективана а даггара баркалла алахьара, бохуш дехнера тхоьга тхан газетдешархочо ТIехьа-МартантIерчу вахархочо Раисов Iимрана. Цо дийцарехь, цуьнан ваша Ризван чIогIа халачу хьолехь волуш кхечира кху больнице.
– Луизин а, цуьнан белхан накъостийн а говзалла бахьана долуш, Дала юха схьавелира сан ваша, – элира Iимрана. – Цара дика дарба дар бахьана долуш дикка меттавеана а, ша толург хиларх тешна а ву иза. Ткъа могашалла меттахIотторехь стагана чIогIа оьшу иштта тешам.
Хууш ма-хиллара, тIеман шерашкахь дуккха а зеделларг долу лоьраш вайн махкара дIабахарна а, къонаниш тIекхиа а, зеделларг гулдан а цаларорна а вайн бахархошна юкъахь кест-кеста хеза вайн республикехь белхан зеделларг долу лоьраш бац алар. Дерг-доцург талламе а ца дуьллуш, дукха нисло шайн йолчу-йоцчу таронца, цомгашниш кхечу гIаланашка я мехкашка бахар а. Амма дукха хьолахь, хьевззина вайн лоьрашна тIебахкар нисло церан.
Шеко йоцуш, кху тIаьхьарчу шерашкахь республикин Куьйгалхочун тергамца вайн махкахь могашалла Iалашъяран а, дарбадаран а хьелаш дикачу агIор тоделла.
Республикин больницех дерг аьлча, иза цхьа йоккхачу шахьаран кепехь дIатаръелла керлачу гIишло чохь. Бакъду, больницин мел башха гIишло хиларх пайда бац, иза адамаллица цхьаьна корматаллин хаарш долчу лоьрашца юьзна ца хилча. Ткъа иза 20 отделених лаьтташ а, тайп-тайпанчу лазаршна дарбадан вайзаманан техникин а, медицинин а алссам гIирсаш болуш а меттиг ю.
Кардиологин отделени дIатаръелла керла меттиг беркате хилар болчу лаамца, тхуна девзира республикин больницин кардиологин отделенин куьйгалхочун а, белхахойн а белхан хьал.
– Вайн махкахь хилла Iаш дац деган-пхенийн лазарш къондалар, – дийцира Луизас, – нагахь вайн адамашна тIехь шерашкахь лаьттина кхерам (стресс) бахьана долуш и лазарш къонделла аьлла хетахь а, дерриге а дуьненахь а ду иштта хьал. Иза доьзна ду адамаша физически агIор къахьегар лахдаларца, хиъна Iер алссам хиларца, буу кхача могашаллина кIезиг пайде хиларца. Бакъдерг аьлча, хIора а махкахь а, пачхьалкхахь а бахьанаш шайн-шайн карор ду, уьш вовшех къаьсташ а, вовшашца доьзна а хир ду. Царна юкъахь тIаьххьарниг яц социальни агIо а. Вуьшта, деган-пхенийн лазар «хьекъалечу» нехан лазар ду ала а мегар ду. Вайн ойланаш, халахетарш, хазахетарш, цхьацца эшамаш вайн даг тIехь цхьа муо ца буьтуш ца бов. Хууш ма-хиллара, 21-чу бIешарахь онкологин а, диабетан а лазаршца цхьаьна деган-пхенийн лазарша а хьалхара меттиг дIалаьцна. ХIунда ду-те иштта? Адаман деган-пхенийн кеп цуьнан ерриге а исторехь хийца ца елла. Амма алссам хийцамаш хилла вайн Iер-дахаран кепехь. Нагахь ваха-ван, цхьа гIуллакх кхочушдан вайн дайша, церан дайша къахьоьгуш хиллехь, тахана вайна ши бIе метр гIаш дIадаха а ца лаьа. ЦIий лелачу пхенашка дика болх байта, дийнахь 6 километр некъ бан беза вай! Ткъа вайна хан ца тоьа!
Дукха хьолахь стаг ша ву шен могашаллин пхьар-лор. Кардиологийн хьехаршка ладоьгIча, хIора стаг дика хир вара шеца а, нахаца а. Дагахь латтор дацара халахетарш, дегабаамаш, къинтIера ваьлла хир вара массарна. Доцца аьлча, дерриге а дуьне дукхадезархьама, ша-шена а дукхавеза веза стагана. Латто деза спортаца гергарло, хьажа веза когаш берзина лела, алссам хан яккха еза Iаламца. Могашалла Iалашъен а, чIагIъен а гIуллакхаш дукха хиларе хьаьжжина, стаг синкъераме а, дуьне дезаш а хир ву. Бераллехь дуьйна а марздан деза бер шен могашалла яхчон.
Нагахь цамгар кхетар нисделлехь, сихха лоьрана тIеваха веза, ша-шах лазар дIадер ду бохург бакъ дац. Лоьрана хуур ду хIоранна а догIу дарба лаха а, дан а.
Республикин больницин кардиологин отделенех дерг аьлча, кхузахь болх беш баккъал а шайн белхан говзанчаш болу лоьраш а, медйижарий а бу. Царах бу лоьраш-кардиологаш Лорсанова Тамила а, Магомадова Эмина а, Бахарчиева Хеда а, Ибрагимова Хьалимат а.
– Доцца аьлча, хIинцачул 10-15 шо хьалха хилла лоьраш цатоар дац тхоьгахь, кардиологин ординатура чекхъяьккхина говзанчаш алссам бу, оьшу гIирсаш бу, – билгалдаьккхира Луизас.
Кардиологин Iилма хIора дийнахь кхуьуш хиларе терра, хIора дийнахь керл-керла медицинин гIирсаш а юкъабовлу. Жимма оцу гIуллакхана тIаьхьа кхиъчахьана, вайн бахархойн могашалла ларъян а, оьшучунна кхоччуш дарба дан а шаьш ларориг хиларх тешийра тхо Луизас. Иза иштта хилар билгалдоккху республикин больницин кардиологин отделенехь шайн могашаллина дарба диначу тхан ешархоша а.
Т.Саралиева
Авторан суьрта тIехь: Соьлжа-ГIаларчу республикин больницин
кардиологин отделенин коьрта лор Адуева Луиза
№15, еара, чиллин (февраль) беттан 11-гIа де, 2016 шо