ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIалин №56 йолчу школехь юьхьанцарчу классийн дешархошца «Автомобилийн некъашкахь бохамаш ца хилийтарехьа профилактика» аьллачу темина лерина урок вовшах а туьйхира, дIа а яьхьира Нохчийн Республикин культурин министерствон кинематографин урхаллин говзанчас Ибрагимов Мовсара.
Дешархошка маршалла хаьттинчул тIаьхьа, М.Ибрагимовс дийцира некъан бохамаш хиларан бахьанех а, машенаш дIасалелачу некъал дехьа волуш ларлуш хила везарх а лаьцна. Шайна дечу хьехаршка леррина ладугIура цара, цул сов, шаьш а жигара дакъалоцура урокехь. Дуккха а хаттарш дира дешархоша М.Ибрагимовга.
Дийцинарг тIечIагIдеш, проектора тIехь дешархошна некъан бакъенаш йовзуьйту видеороликаш гайтира.
Дешархошна некъан бакъенаш йовзийтар а, машенаш дIасалелачу некъа тIехь лела Iамор а яра цхьаьнакхетаран коьрта Iалашо.
З.ХАСИЕВА
Суьрта тIехь: Ибрагимов Мовсар а, №56 йолчу школин дешархой а
№15, еара, чиллин (февраль) беттан 11-гIа де, 2016 шо