Соьлжа-ГIалин №9 йолчу школехь «Наркоманина а, корта бахочу хIуманашна а дуьхьал профилактика яр» темина лерина цхьаьнакхетар хилира. Наркотикаш лелорна тIехь терго латторан Россин Федеральни службин Нохчийн Республикехула йолчу урхаллин белхахоша а, Нохчийн Республикин культурин министерствон кинематографин урхалло а, Берийн а, кхиазхойн а кхолларалла кхиоран республикин туьшо а цхьаьна вовшахтоьхнера и гIуллакх.
Лакхахь хьахийначу учрежденийн векалша наркоманех а, цигаьрканех а, корта бахочу маларех а долучу зуламех лаьцна дийцира школин 7–11-чуй классийн дешархошна. Шайн къамелашкахь цара а хьахийра, вайн республикин учрежденешкахь профилактикин белхаш дIахьош хилар.
Оцу зуламаша вайн юкъаралла кхиорна йоккха новкъарло еш хилар дешархошна видеороликашца гайтира.
Цхьаьнакхетарехь дешархойн таро хилира цаьрга хаттарш дан. Дешархошна жоьпаш а делира.
Кинематографин урхаллин говзанчас М.Ибрагимовс хаийтира, зенечу марздаларшна дуьхьал дIахьош болу къийсам кхин а жигара боккхург хилар. Цу тIехь дерзийра цхьаьнакхетар.
З.ЛОРСАНОВА
Суьрта тIехь: цхьаьнакхетаран дакъалацархой
№15, еара, чиллин (февраль) беттан 11-гIа де, 2016 шо