ГIалмакхойчоьнан пачхьенехь – Элистахь – дIаяьхьира греко-римски кепара охьатохархлатарехула кегийрхошлахь хьалхеяккхаран Ерригроссин турнир. Иза лерина яра СССР-н спортан мастерна В.Л.Балдашиновна.
Вайна ма-хаъара, тIаьхьарчу хенахь алсамбевлла спортаца шайн дахар дуоза лууш болу кегийрхой. Турнир дIаяхьаран Iалашо яра спортехь дика вевзаш хилла волу шайн махкахо дагалацар а, къоначарна юкъахь охьатохархлатаран дзюдон кеп яржор а.
Къийсадаларшкахь дакъалецира Нохчийчуьрчу берийн-кхиазхойн а, спортан лаккхарчу говзаллин а школашкарчу (РДЮСШ, ДЮСШ, ШВСМ) 7 спортсмена.
Шайн-шайн йозаллин категорешкахь масех толаман меттиг яьккхира вайн спортсменаша. Иштта, 1-ра меттиг яьккхира Б.Мучураевс (54 кг.) – РДЮСШ, 2-гIа меттиг – Ж.Духалаевс (58 кг.) – №7 йолу ДЮСШ, 3-гIа меттиг – А.Исаевс (46 кг.) – №3 йолу ДЮСШ. Вайн спортсменаш оцу кхиамашка кхачийна церан тренерша: А.Исаевс, Б.Тулаевс, И.Мучураевс.
З.ШИШХАНОВА
№15, еара, чиллин (февраль) беттан 11-гIа де, 2016 шо