ТIамехь кхелхинчеран сий-ларам беш…

IMG_3174

23-чу февралехь, Даймохк ларбархочун дийнахь, Невран районерчу Ищерски станицехь дIавоьллира Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIом болчу хенахь Соьлжа-ГIалина гена доццуш т1еман тохарехь кхелхина волу 82 бIаьхо-цIеэскархо.

Билгалдаккха деза 1942-чу шеран гуьйре йолаелчхьана декабрь бутт юккъе баххалц Невран районехь буьрса тIемаш хилла хилар, Къилбаседа Кавказ дIалацаран Гитлеран «Эдельвейс» планехь доккхачу маьIне лоруш дара Нохч-ГIалгIайн АССР-н столица схьалацар, хIунда аьлча советски эскаран техникина кхачоеш йолу коьрта нефтепродукташ Соьлжа-ГIалахь йохуш яра. Оцу муьрехь кхалха а кхелхира, тIепаза ван а вайра ЦIечу Эскаран 20 эзар стаг сов бIаьхо.

Билгалдаккха деза нохчийн лахаран «Терек» тобано кхечу регионашкарчу шайн коллегашца цхьаьна Капустино, Кречетова кIотаршкахь а, ткъа иштта республикин Невран районерчу Рубежное юьртахь а ахкарш дIадаьхьна хилар.

Россин Федерацин юстицин министерствон Нохчийн Республикин урхаллин хьаькама, Россин тIеман-историн юкъараллин Нохчийн региональни отделенин (РВИР-н ЧРО) куьйгалхочо Алаудинов Iабдуллас дийцарехь, оцу кепара гIуллакх Нохчийчохь дуьххьара дIахьош ду. ДIадаханчу шарахь дIадолийра РВИР-н республикин отделенис кхелхина болу цIеэскархой лахар.

– И болх кхидIа а дIахьур бу, хIунда аьлча тхан карахь Невран а, Шелковски а районашкахь 20 эзар стаг сов советски салти кхелхина хиларан документийн тоьшаллаш ду, – элира I.Алаудиновс.

ТIемалой-цIеэскархой дIабохкарна леринчу гIуллакхехь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин куьйгалхочо Даудов Мохьмада, Правительствон Председателан заместительша Хакимов Хьасана, Магомадов Iабдуллас, республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Жамалдаев Шаида, республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министра Алханов Руслана, экономически, юкъараллин кхерам ца хилийтаран Советан секретара Черхигов Идриса, Россин Федерацин  Оборонан министерствон Даймохк ларбеш кхелхинарш дагахь латтийтаран гIуллакхаш даран урхаллин эксперта Таранов Андрейс, «Единая Россия» партин Нохчийн Республикин отделенин Региональни исполкоман, республикин ТIеман комиссариатан векалша, ткъа иштта районийн, гIаланийн, яртийн администрацийн куьйгалхоша а, Даймехкан Сийлахь-боккхачу тIеман ветеранаша а, А.-Хь.Кадыровн цIарах йолчу  Соьлжа-Г1аларчу Суворовски училищен дешархоша а дуккха а кхечара а.

Гулбеллачара цкъа хьалха Ищерски станицехь зезагийн курсаш ехкира Даймехкан Сийлахь-боккхачу т1еман дакъалацархойн хIолламна хьалха.

Цхьаьнакхетар схьадоьллуш, Даудов Мохьмада дIабийшира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан декъалдаран кхайкхам. Цо  билгалдаьккхира Соьлжа-ГIала ларйинчу цIечу эскархоша турпалаллин хьуьнарш гайтина хилар.

Шен  къамелехь Жамалдаев Шаида билгалдаьккхира Даймохк  ларбар  вайн божарийн даима а мехала декхар  хилла хилар, Сийлахь-боккха  Даймехкан  тIом   болчу хенахь  нохчаша, кавказан  халкъийн  кхечу  векалша  а  санна, нехан   мехкаш дIалецархошца-немцошца  хиллачу  тIемашкахь къонахалла  а, турпалалла а гайтина хилар.

Официальни  къамелаш чекхдевллачул  тIаьхьа  гулбеллачара  бист  ца хуьулш  минот яккхарца сий  дира  кхелхинчу салтийн.

«Грозный-Информ» агентство

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: