Докаев Султан, актер, Нохчийн Республикин халкъан артист, вина 1943-чу шеран февраль беттан 11-чу дийнахь. 1973-чу шарахь, А.В.Луначарскийн цIарах йолу пачхьалкхан театран искусствон институт чекх а яьккхина, веара иза Х.Нурадиловн цIарахчу нохчийн театре. Оцу театран сцени тIехь хIиттийначу дуккха а спектаклашкахь бIаьрла, хьовсархошна дагахь дисина, васташ кхоьллина цо: Любаев («Тхо, лахахь куьйгашъяздинарш», А.Гельман), Зулумов («Дела воцург накъост воцуш», С.Хь.Нунуев), Театран стаг («Герострат вицве», Г.Горин), Стариков («Зудаялор», Н.Гоголь), иштта кхин а. С.Докаевс жигара дакъалоцу театран а, республикин а юкъараллин дахарехь. Россин театральни гIуллакхийн союзан Нохчийн отделенин куьйгалхо ву иза. Цхьана муьрехь Х.Нурадиловн цIарахчу театран директор а лаьттина.
Хаджиева Нэлли, актриса, Россин Федерацин халкъан артист, йина февраль беттан 14-чу дийнахь. 60–90-чуй шерашкахь Х.Нурадиловн цIарахчу нохчийн театро наггахь спектакль ца хIоттийна зударийн коьртачу ролехь Нэлли йоцуш. Масала, Джульетта (В.Шекспиран «Ромео а, Джульетта а»), нускал (Гарсиа Лоркин «ЦIий Iанийна ловзар», Химена (Пьер Корнелин «Сид»), леди Мильфорд (Шиллеран «Ямартло а, безам а»), Дога (Базоркин Идрисан «Безаман некъ»), Медина (М. Солцаевн «Асламбек Шерипов»), ПетIамат (Бадуев СаьIидан «ПетIамат»), иштта кхин а. 1962-чу шарахь, Ленинградера театран, музыкин, кинематографин институт чекхъяьккхина, Нохчийн театре еачахьана, 45 шарахь сов, мало йоцуш, цуьнан сцени тIехь къахьийгира Нэллис. Иттаннаш шерашкахь театран юьхь ечу актрисех цхьаъ хилла лаьттина иза.
№15, еара, чиллин (февраль) беттан 11-гIа де, 2016 шо