«Хьехан къайленаш»

Иштта яра хIокху деношкахь къоначу хьажархочун театран зала чохь Соьлжа-ГIаларчу №37 йолчу юккъерчу школин дешархошна, кегийчу хьовсархошна гайтинчу спектаклан цIе. Иза хIоттийнарг а, цуьнан режиссёр а Делаев ЯрагIи вара.

   Спектакль гайтале хьалха, театран актёраша  I.Вакуевас а, Л.Вискаевас а, иштта кхечара а некъан боламан бакъенаш талха ца яйтаран Iалашонца кхеторан болх д1абаьхьира дешархошца.

Цул тIаьхьа дIадолийра цара спектакль гайтар. Вайн къоман Iадаташ а, ламасташ а довзуьйтуш яра спектакль. Цу юкъадогIура баккхийчаьрца лераме хилар а, юкъараллехь муьлххачо шегара дика масал гайта дезар а, 1илманаш 1амон дезар а. Спектакло гойтург шайн воккхах волчу вешица а, цуьнан хIусам-ненаца а долчу шина буоберан чолхе дахар дара. Туьйранан коьрта турпалхой халчу хIуьттура шайн нус бахьана долуш. Юьххьехь дуьйна а несан цабезам бара цаьрга. Амма, оцу буобераша шайгара оьгIазалла  я гIиллакхех бохар а ца гойтура, мелхо а шайн дикалла а, собар а гучудоккхура.

Берашна пайдехь хир ю аьлла хета и спектакль.

И. МАТАГОВ

 

№15, еара, чиллин (февраль) беттан 11-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: