Хьох лаьцна хир ду сан илли

(Б.М) 

 

Дахарехь ца лела тилла,

Хьох лаьцна хир ду сан илли.

Дуьнено хIунда ви чахча,

Дог хьаьшна, хьо яьлла яхча?

 

Чоьлпи чохь тай-маха лехар, –

Ду боху эрна сан дехар.

Къаналле гIулчаш ас яхарх,

Ца эшна хьо йоцчохь дахар.

 

Ткъа тахна суна хьо йовзар,

Сан сина хIоьттина ловзар.

Кхолламна чот йоьхна хьовзарх,

Вац хьуна хьо Iехо говза.

 

Мел дукха яздарх ас иллеш,

Хьан дагах ца кхеташ, тилларш,

Суна тIехь сецна и кхиэл ю,

Дуьнен чохь хьо ехаш мел ю.

 

Дог хир ду хаддаза зовкхехь,

Ткъа ойла – безаман шовкъехь.

Хьох лаьцна хир ду сан илли,

Ца лела дахарх тилла.

№15, еара, чиллин (февраль) беттан 11-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: