Мухьаммада (I.с.в.с.) дина маслаIат

ХIокху дийцарехь, шуна хуур ду Маккарчу нахана Мухьаммад (I.с.в.с.) мел дукхавезаш хилла. Шен хьекъалца а, хазачу кхетамца а тайпанашна юккъера дов дIадаьккхира цо. ХIора тайпа дара ХьаьжцIийнан пенах Iаьржа тIулг дIабиллина сий шена хила лууш. ЧIогIа догIанаш даьхкина, ХьаьжцIийнан пенаш охьаэга дуьйладеллера. Дуккха а ойланаш йина, карладоккхуш, ХьаьжцIа шолгIа хьаладотта хIиттира Маккара нах. Тайпанаш цхьаьнакхийтира ХьаьжцIа хьаладотта. Хьанал рицкъанаш вовшахтуьйхира цара.bismillah

Элий а бара шайн белшаш тIехь тIулгаш тIекхоьхьуш. Элчанан (I.с.в.с.) деваша Iаббас а, ша Делан Элча а (I.с.в.с.) вара тIулгаш тIекхоьхьуш. Церан ирсана, Бакъум цIе йолчу желтойн инженеран хинкема хилла ЖуддахI олучу хIордан портехь доьхна лаьтташ. МугIиратан кIант Валид вахийтира цара оцу кеманна тIе, Бакъумера дечигаш эца а, цуьнга, Мисарера волчу дечигпхьераца цхьаьна, ХьаьжцIа тодеш гIодар деха а. Аьтто баьлла, Валид схьавеара дечигаш эцна, Бакъум а валош, ХьаьжцIа тодан хIоттийна кийчча план а йохьуш. ХьаьжцIа тодаран сий массарна а кхачийта, цIийнан йиъ маьIиг деа тайпанна юккъехь екънера. Амма царна хьалха кхин хало хIоьттира. Уьш кхерабеллера, ширделла пенаш дохийча, ХьаьжцIа чохь долу, тIулгах а, дечигах а дина суьрташ оьгIаздахарна. И суьрташ шайн делий бу бохуш, тилла лелаш нах бара уьш.

И пен бохо, зIокберг эцна, тIекховда ваьхьаш цхьа а вацара царех. Цхьамма элира: «Шуна дицделла хIара КаIбат дохо веанчу АбрахIат паччахьна а, цуьнан эскарна а хилларг? ХIара вайн «делий» ма бара иза лардинарш, цара хIаллак ма вира и паччахь шен эскарца цхьаьна. Вай хIара дохадахь, уьш юха а оьгIазгIур ма бу». АллахI-Дала динарг шайн суьрташа дина моьттуш бара уьш.

МугIиратан кIанта Валида элира цаьрга: «ХIай, нах, АбрахIат-м хIара ХьаьжцIа дохийна дIадаккха гIерташ варий, вай хIара тодан лууш ма ду. Вайна а, царна а юкъахь йоккха башхалла ма ю.Тишделла пенаш дIа ца дохийча, вайга керланаш хьаладотталур ма дац». Элий резабара Валида дуьйцучунна, цуьнан къамел хьекъале а, кхетаме а хетара царна. Амма, пен бохо, тIекховда ваьхьаш цхьа а вацара, суьртийн оьгIазлонах кхоьруш. Валида, зIокберг схьаэцна, элира цаьрга: «Уггаре а хьалха ас тухур ю-кх оцу пенах зIокберг, тIаккха суна цхьа хIума хилахь, шу гIоьнна ма хIитталаш». Цхьана маьIIера, зIокберг тоьхна, атаделла тIулгаш дIадехира цо. Семса долчу лаьтто дIалаьцна доцу тIулгаш охьаийгира, Валидана хIумма а ца хилира. ТIаккха кхидIа а пен бохош болх бира цо малх чубуззалц. Цул тIаьхьа берриге а шайн-шайн цIа бахара. Оцу буса царех цхьанна а наб ца кхеттера. Буьйсанан йохалла сагатдеш Iийнера уьш. Уьш тешна бара Валидана муьлхха а цхьа зен хилаза Iийр дац бохучух. Я ши куьг сецна, я бIаьрса дайна, я шен доьзалех цхьаъ велла. ШолгIачу дийнахь Iуьйрре КаIбат долчу схьабаьхкинера нах, Валидана хIун хилла хьовса. Массо а иза схьаваре хьоьжуш Iаш вара. Цхьа а хIума хилла а доцуш, могаш-маьрша а волуш, Валид шайна вогIуш гича, цецбевллера уьш. Шек дIа а воцуш вогIуш вара иза-м, шуьйрра гIулчаш а йохуш. Церан «деланаша» цхьана а кепара зен ца динера цунна. ТIаккха резахилира уьш цуьнца цхьаьна болх бан, тишделла пенаш дохош.

Хьуьнаре болх болийра цара тIаккха, керла пенаш дуттуш. Царех цхьаберш ломара а, кхечу меттигашкара а тIулгаш кхоьхьуш бара, массо а КаIбат карладоккхуш гIодеш вара. Пенаш адаман дегIан локхалле кхаччалц хьаладохуш, хаза, бертахь, вовшийн гIо а деш, болх бира цара. ТIаккха, ялсамани чуьра бу олу Iаьржа тIулг пенаца дIабуьллу хан тIекхечира. Оцу белхан ойлаян буьйлира уьш. Iаьржа тIулг шен метте дIабиллар доккха сий ларалуш дара, иштта сий хир дара иза охьабиллинчун а. Цундела диъ тайпа къовсаделира, хIора а и сийлалла шена-шена лоьхуш. ХIоранна шен тайпа лакхара хетара вукхарел а, и тIулг шаьш дIабилла беза аьлла а хетара. Оцу тайпанийн куьйгалхой а къовсабелира тIаккха. ХIуъу дича а, массо а резаволу барт ца хуьлура церан. Къовсабелла, лата а, вовшашца тIом бан а герга бара уьш. Тайпанийн куьйгалхоша дуйнаш биира: хIуъа хилахь а, и тIулг шаьш дIабуьллур ма бу, аьлла. ТIаме ца болуш, и болх боьрзур бу аьлла тешаш цхьа а вацара. Кхин барт ца хуьлуш, деа дийне делира церан дов. ТIаккха царех уггаре а воккхачо элира: «ХIай, нах, хIара гIуллакх дукха генадаьлла, кхунах цхьа йист ца яьккхича ца йолу, шу шайн «делий» резабан лууш ду, цу юккъехула вовшийн хIаллакдан кечделла а ду. ЛартIехь хIума дац иза. Кхунах тIом ца хилийта а, дов дIадаккха а, аш шайна юкъахь кхиэлахо ван веза хьалха хIокху Сафа бохучу кевнах сехьаваьлларг, иза милла велахь а. ТIаккха цо дина хьукма кхочушдан деза», – аьлла. Воккхачо аьлларг къобалдира массара а. Жимма хан яьлча, Сафа бохучу кевна юххехь гучувелира Маккахь уггаре а дика, цIена, тешаме, бакъонна тIехь волу къонах IабдуллахIан кIант Мухьаммад (I.с.в.с.). Иза гучуваьлча, хIинца-м нийсо хир яра аьлла, тешна а болуш, дIатийра уьш: шайна иза мел тешаме, мел бакълуьйш, мел нийса хьукма деш ву хаьа дела. Массеран а баккхийберан мохь-цIогIа делира: «ХIара ву-кх тешаме-верг», «Кхунах мегар ду-кх теша», «ХIокхо динчу хьукманна реза ду-кх тхо», – аьлла. Хьалха а иштта шайн гIуллакхаш къастадайтина хиллера цара Мухьаммаде (I.с.в.с.). Цо нийсонца хьукма деш а хиллера, цхьаммо бехкбаккхарна а ца кхоьруш. Цо динарг мегар ду шайна аьлла, синтем хилла, герзаш охьадехкира цара. Хилларг дийцира цуьнга. Цхьажимма ойла а йина, шен оба лаьтта охьетесна, дIасаяржийна, элира цо: «ХIора тайпано цхьацца маьIиг схьалацал, – тIаккха, шен шина куьйга Iаьржа тIулг схьаэцна, обанна юккъе а биллина, – хьалаайий, билла безаче дIахьо», – аьлла, омра дира. Цара оьшучу метте кхаччалц дIабаьхьира и тIулг. ТIаккха Мухьаммада (I.с.в.с.) схьа а эцна, пенаца дIабиллира иза. Иштта деа дийнахь карийна доцу маслаIат дира цо царна. Шен гIарабаьлла болчу кхетамца, дика ойла ярца, нийсонца и кхиэл йина, тайпанашна юкъахь гIатта боьлла тIом, маслаIат деш, юхатуьйхира Мухьаммада (I.с.в.с.). ДIадерзийра дов а. Уьш берриге а резабара цо динчу хьукманна. Сийлахь-дика Мухьаммад (I.с.в.с.) а вара ша динчунна резахилла, ирсе. Байлахь кхиъначу, тешаме а, бакъонца а волчу Мухьаммадан (I.с.в.с.) дикаллица дIаделира деа тайпанна юкъара дов. И къовсам хиллачу нахалахь массарел а ханна жима а ма вара иза. И ца хиллехь, Iаьрбашна юкъахь чIогIа тIом гIоттур болуш хиллера. Къилба долу ХьаьжцIа, цара ийман диллале а, Iаьрбийн къилба хилла дара. Цу хенахь а, шаьш Хьаьждо бохуш, уьш цига лелаш хилла. Цундела къовсабеллера уьш, дозалла а, олалла а дезаш.

С.-М.МУРТАЗАЕВ, Iеламстаг

 

№15, еара, чиллин (февраль) беттан 11-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: