Хьехархошна гIоьнна

Дешархойн литературе безам кхиорехь чIогIа мехала бу классал арахьара болх: яздархошца цхьаьнакхетарш, дикаешархойн къийсадаларш, литературин суьйренаш, музейшка экскурсеш, иштта дIа кхин а. Оцу белхан цхьа кеп ю литературин викторина. Иза цхьана яздархочун кхоллараллина я дийнна литературина лерина хила тарло. Викторина дIаяхьарехь нохчийн меттан литературин хьехархошна гIо хиларе дог дохуш, зорбане йоккху оха Гайтукаев Асламбека хIоттийна викторина.

Хьайн къоман литературица гергарло муха ду хьан?

(викторина)

1. Мила ву кху могIанийн автор?

Хьо ца безаш волчо

Шен нана лорур яц,

Ненан сий ца дечо

Мехкан сий лардийр дац.

Ненан мотт цахаар –

Шен кхерч цаларар ду,

Кхерчан да цахилар –

Маьттаза вахар ду… – ?

2. Муьлхачу илли тIера ду хIара дешнаш:

Лакхахь лам ва боьлхуш, арахь Терк ва дистина,

Цу Терко тийсинчу гIайре тIе юрт йилла ма вуьйлира

ЦIонтаройн ва Дада… – ?

3. Мила ву кху дешнийн автор:

Со аьшнаш вечара ца лайра духарш:

Хьесаца кечдина сан Iаьржа верта,

Доьхкарца юкъ къовлуш ас чоа духар,

Дин буха ас оьзча, цо тоьхна берг а…?

4. Вийца кху могIанийн автор, яккха уьш юкъахь долчу стихан цIе:

Замано дерриг а дойу,

Замано дерриг а кхуллу,

Стаг воцург лораза войу,

Къонаха шен маравуллу…

5. «Шуьнехь дош» цIе йолчу А.Сулеймановн илли тIехь ду хIара могIанаш:

Ламанца дин лелац

Ца хилча ленаш,

Уьш кхачаделлачохь

Соцуш бу дин.

Иштта бу къонахий,

ХIар дуьне латтош,

Къонахий дIабевлча –

Духур ду и.

6.Хьанна лерина яздина поэта и илли?

«Бераллехь со хьоьха

Къаьстинчу хенахь,

Суо жима бер долуш

Ас ма-биттара,

Карий хьо ас дагахь

Латтийнчу суьртахь,

Сих-сиха гIенаха

Суна ма-гарра…»

– иштта могIанаш ду девзаш долчу цхьана илли тIехь. Оцу дешнийн автор а, и дешнаш иллин мукъаме а даьхна, дIаолуш болу иллиалархой  вайн республикехь а, цул арахьа а бевзаш бу. Муьлш бу уьш?

7. Хьан аьлла Шуьйтах лаьцна иштта:

Хьан Орга даима

Сан даг чохь дека,

Хьан маьлхан зIаьнарш а

БIаьргаш чохь лепа,

Хьан мохехь суо хета

Даима къона,

Сан Шуьйта, сел дукха

Еза хьо суна! – ?

8. Кхиаран тIегIанаш а, дешархошлахь бовзар а тайп-тайпана долуш, «Юсупов» фамили лелош пхиъ, «Мамакаев», «Сулейманов» фамилешца кхоккха, «Айдамиров», «Айсханов», «Абдулаев», «Ахмадов», «Саидов» фамилеш йолуш шишша (мел лахара а) яздархой бу нохчийн. Муьлш бу уьш?

9. I.Шахбулатовс мукъам баьккхинчу «Гуьйре» цIе йолчу илли тIехь ду хIара могIанаш:

Гуьйре, гуьйре, мокха гуьйре!

ТаьIIина тIекхечи хьо.

Шийла суьйре, тийна суьйре,

Ойлане ахь ваьккхи со…

Вевзий хьуна оцу дешнийн автор? Мила ву иза? Оццу автора яздина хIара могIанаш а:

Генахь а йоццушехь, даима сайца

Хуьлийла лаьа хьо, куьг куьйгах тоьхна,

Халонах, ирсах а чам боккхуш хьоьца,

ДIаваха некъ хоьржу ас массо ханна…

10. «…Сискал йиссал хила еза, йиссал йоцург сискал яц…» – шен цхьана байта тIехь аьлла нохчийн поэт мила ву?

11. Мила ву нохчийн маттахь дуьххьарлера «Нохчийн поэзин антологи» хIоттийнарг? (Иза араяьлла 2003-чу шарахь).

12. Мила ву кху дешнийн автор:

«…Нагахь со къорвала доьгIнехь,

БIаьрса дан, нагахь, сан доьгIнехь,

Кхолламе, дехар ду иштта:

Селла а иркечу кху бIешарахь,

Гомер санна хилийта бIаьрзе,

Бетховен санна, со къорвалийта!»

(Оццу автора 1988-чу шарахь арахецна «Эхь-бехк» цIе йолу стихийн гулар)

13. Евзий хьуна лахахь йолчу стихотворенин цIе, мила ву цу дешнийн автор (кхузахь балийнарг стихотворенин хьалхара 4 могIа бу, мерз-пондарца мукъам а балош, цу дешнаш тIехь илли олу В.Дагаевс):

«БIаьстенан Iаламо хаздо шу, ламанаш,

Гуьйренан салоно токхдо шу, ламанаш,

Мокхазах суй санна, шух ваьлла волчунна

Там хилла маьлхан де го суна тахна…»

14. Шуьйра бевзаш болу поэташ МамакаевгIар Мохьмад а, Iарби а санна, вевзаш вацахь а, дика поэт ву цаьршиннан йоллу фамили йолуш. Мила ву иза? Дуй цуьнан Мохьмадца я Iарбица гергарло?

15. Хаьий хьуна, хьан яздина:

«Назманчас назманаш олуш –

Пайхамар, асхьабаш базбеш,

Нохчийн мотт, синхаам болу

ТIемашка хьо матто хазбой,

Мотт цIармат буьйцучух къехкаш,

Лийр бар-кха къонахий тахна,

ШоллагIа лийр бар-кха къехкаш,

Дог лоцуш, берд эккхаш санна…»?

(Цу дешнийн автор ваьхна 1937–1997-чуй шерашкахь).

16. Поэтан Рашидов Шаидан ду иштта дешнаш:

«Аса боху: делхийтийша

Дашо догIа кхечанхьа,

Со сайн махкахь аш витийша,

ТIулгаш делхарх, билларх ша…»

Муьлхачу юьртахь, маца вина Ш.Рашидов?

17. Нохчийн ши яздархо ву фамили а, цIе а А элпаца йолалуш. Муьлш бу уьш? («Нохчийн поэзин антологина» юккъехь ю цаьришннан цхьайолу стихаш).

18. Цо язйина, поэтан Ибрагимов Лоьмин дешнашца аьлча, «поэма бохучу дешан чулацамна нохчийн поэзехь дуьххьара жоп делла поэма». Мила ву иза?

(Вина Iашхой-МартантIехь, 1910-чу шарахь).

19. Мила ву кху дешнийн автор:

«Герз лелхаш ма гойла.

Мохк багош ма гойла.

Ма гойла бер доьлхуш,

Ненах а хьоьгуш.

Герз лелха лууриг –

Герзаша цоьстийла!

Мохк баго лууриг –

Цу цIергахь вогийла!»

(И стихаш зорбатоьхна 1988-чу шарахь араяьллачу «Сатийсамийн тIемаш» цIе йолчу цуьнан гулар тIехь).

20. Жанр тайп-тайпана йолуш, цIе цхьатерра йолуш, кхо говзар язйина оцу нохчийн яздархочо. Мила ву иза? Йийца оцу кхаа говзаран цIе.

21. Нохчийн литературехь дуьххьара роман язйинарг мила ву? Муха ю оцу романан цIе?

22. «Муьлхха а художник: поэт, яздархо, композитор я суртдуьллург – кхаа тIегIан тIехь нисло. Хьалхара меттиг шен ойланийн лакхарчун ю, шолгIачу меттехь – цаьрца (ойланашца) нийсса верг, кхозлагIчохь – оцу ойланийл лахарверг. Вайн махкахь тIаьххьарниш дуккха а бу. Ткъа Мохьмад? Мохьмадан меттиг хьалхара ю шен дахарехь, вахарехь а, ша йитинчу ойланийл – поэзил». Мила ву кху дешнийн автор? Хьанах лаьцна дуьйцуш ву иза?

23. Муьлхачу юьртахь вина нохчийн яздархойх баккхийчарех волу Арсанов СаьIид-Бей?

24. Мамакаев Мохьмад вайн поэзехь дуьххьара «со, ас» аьлла, яздан волавелларг ву. Цуьнан ерриге а стихотворенеш шен кхолламах, шен синхаамех ю. ХIетте а, шех дуьйцуш, заманан васт кхоьллина цо. Поэтан турпалхо – шен заманан стаг ву, ша вехачу мехкан а, шен къоман а векал…» Нохчийн муьлхачу литературоведо аьлла иштта?

25. 1922-чу шарахь вина масех яздархо ву нохчийн. Муьлш бу уьш?

 

Викторина хIоттийнарг – ГАЙТУКАЕВ Асламбек

 

№15, еара, чиллин (февраль) беттан 11-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: