Со-м Iадийнера…

    Азаллехь дуьйна нохчий санна оьзда а, сийлахь а, доьналла долуш а къам хилла а дац бохучу ойланца кхиъна а, яьхна а ю со. Иштта дог-ойла хIора а нохчичун хилла хиларх тешна а ю. Дуьненан муьлххачу маьIIе кхачарх а, ша нохчи вуй хаа а, Дала ша уггаре а хьалха бусалба а, цул тIаьхьа нохчи а кхолларна дозалла дан а, хастам бан а декхарийлахь ву шен сица, шен цIийца цIена нохчи верг.

«Нохчийн санна хаза, оьзда гIиллакхаш цхьана а къоман хилла дац цкъа а», – олуш  хезна, суна бераллехь дуьйна. Тахана а дуьйцу вай иза. Амма бIешерашкахь вайн дайша баланех, къизаллех чекхдохуш, лардеш, кху хене схьакхачийна долу и хаза, оьзда гIиллакхаш, Iадаташ де-дийне мел долу вайна юкъара дIадовлуш-м ду. Цунах теша, иза тIелаца мел хала делахь а, къаьхьа бакъдерг ду иза.

Iуьйренца я суьйренца (цу хенахь къаьсттина дукха адам хуьлу дIасалелаш) юкъараллин транспортаца дIасавахар нисделча, гучудолу вайн адамашлахь гIиллакх цахилар, аьлча а, гIиллакхе нах дукха цахилар. Цунна тоьшалла деш долу масалш денна а го. Цкъацкъа дагадогIу уьш хIора а дийнахь дIаяздан. Делахь а, иза вуно гIайгIане гIуллакх хиларна, цунах теша ца лаарна, сиха дицдан хьожу некъаца я арахь цхьанхьа гина долу, дагна тамехь доцу сурт. Уьш-м, хIора дийнахь а дицдо бохуш, дукха къийлина, дагчохь гулделла, хораман шад а хилла.

Кхул хьалха мел гина масалш дукха Iаьткъина хиларна я уьш иштта чIогIа дагах кхеташ цахиларна, стенна делахь а, кху деношкахь суьйрана автобус чохь цIайоьдуш гина сурт дицдан, хьулдан ницкъ ца кхечира. Иза-м сих-сиха хьалха хIуьтту, хIоразза а бIаьргаш чу хи доссош…

Керла юкъаяьхначу баьццарчу автобусех цхьаъ яра Соьлжа-ГIалин №4 йолчу маршрутаца йоьдург. Суьйрана цIадаха арадевлла адамаш дукха хиларна а, Старопромысловски кIоштан (цига йоьду вай хIинцца билгалъяьккхина автобус) бахархойн барамца дуьстича, оцу маршрутаца лела автобусаш кIезиг хиларна а, Iуьйранна-суьйранна вуно хала хуьлу оцу некъаца дIасаваха. Автобус шен метте дIахIуттушехь, вовшийн дIаса а тоьттуш, ша-ша хьалхавала а гIерташ, неIаршна тIехьовду нах. Иштта хьал дара цу дийнахь а. Охьахаа меттиг нисъяларе-м цкъа а са ца теснера, «чохь дIахIуттийла хилахьара, боху ойла яра коьртехь. Автобусан кора йисттехь дIахIоьттинчу сан  тидам хилира аьтту агIорхьа кора йисттехь йолчу шина меттигехь дIатаръеллачу шина йоьIан а, (хетарехь) церан ненан а. Юьхьанца нана а, цхьа йоI а хиъна Iара, шолгIаниг царна хьалха лаьтташ яра. Шина йоьIан коьртахь болу цIен куйнаш гича, дуьххьара кхоллаелла ойла яра: «нохчийн йоI маца хилла коьрта куй а тиллина?!». Йовлакх ца тиллал жима яцара ши йоI (ненал лакхаяьлла, яра). Кхечу басахь хиллехь-м иштта тидам ца бан а тарлора, амма тIехь боккха кIуж а болуш,  басахь болчу шина куйно а, ненан коьртарчу, оццу цIечу басахь долчу, жимачу йовлакхо а лаамаза тидам тIеозабора. Цул сов, кхечара ечул а алсам гIовгIа йора цара. Нохчийн къоман,  меттан хиндолчунна сагатдарна, йоьдучохь-йогIучохь кегийрхойн амалийн, леларан терго яр Iадате дирзина хиларе терра, дIакхаччалц цара лелочун тидам ца бича ца Iан елира (бIаьрг тIе а хIоттийна, цаьрга со хьежна бохург дац иза). Ши йоI мерза булканаш яа йолаелча, цаьрга хьежар лахдина, цхьацца сайн ойланаш ян йоьлла, и шиъ йицъеллера суна. ДIакхача герга дуй хиъна, со схьайирзича, ирахь лаьттина йоI, шен нанна карахиъна, бетах медицинин «маска» а йоьллина, книга йоьшуш Iара. Иштта, карахь книга а йолуш, Iара кора йистера шолгIаниг а. Кегийрхой ешарна марзабаларх хьаьгначу суна цкъа хазахеттера… Амма и хазахетар миноте а ца делира. Сайн цецъялар аьлча а, суо Iадор нахах лачкъо гIертарна а, уллохь лаьттачу кIенташна сайна санна и сурт гуш хиларх дукха эхь хетарна а, холча хIоьттинера со. Книгин мужалтан шина а агIор зудчун а, стеган а цхьаьна даьккхина сурт дара, автобус чохь нахана хьалха гича-м хьовха, ша-шена гича а эхь хеттал чулацам болуш. Ткъа йоI, мужалта тIера сурт а, ша и книга йоьшуш хилар а нахана кхин а гIоле муха гур дара-те бохуш санна, книга лаккха хьала а ойъуш, сих-сиха уллохь лаьттачу кIентех бIаьрг а тухуш, Iара. Чохь гIовгIа хиларна хIумма  ца хазахь а, йоIа балдаш меттаххьедеш, актерийн говзаллина экзамен дIалуш санна, тайп-тайпана бIаьцаш еш, сих-сиха шен цхьаммо а тидам бой  хьожуш, «леррина» йоьшура шен карахь йолу оьрсийн роман. ДIахьаьжча, кора йистехь Iаш йолчун карахь ерг а оцу кеппара сурт мужалт тIехь долуш, цунах терра оьрсийн роман хиларх кхийтира со. Бакъду, шолгIаниг шен карара книга гайта гIерташ, «хало еш» яцара. Ткъа ненан карахь Iаш ерг-м, юх-юха хьежарх, сан цецйийлар алсамдоккхуш, наггахь шен книги тIе а хьожий, иза хьалаойъий, тIаккха леррина уллохь лаьттачу кIенташка хьоьжура, коьртера когашка кхаччалц, бIаьрг кхарстош, куйна бухахула, шина а белшаш тIехула охьахецна шен месаш а ловзош.  Гинчу суьрто Iадийна, тайп-тайпана ойланаш ийна йолу со, дIакхачарх ца тешаш, социйлехь охьайоьссира автобус чуьра. Сайна гинарг баккъал хиларх кхийтира со. Цунах кхетча, мел доккха вон деача а, мел чIогIа халахетча а къуьйлуш долу бIаьрхиш ца совцаделира…

Цхьаволчунна доккха хIума ца хета а там бу суна гинарг, кхечунна ас дукха даздина хетадала а тарло. Амма и сурт – оцу цхьана доьзалан бала хилла ца Iа. Нохчийн йоI оьзда йоцуш, эхь дайна хилар – иза дерриге а къомана  бала бу. Цо кхион йолчу тIаьхьенна бала…

А.БАТЫЖЕВА

№15, еара, чиллин (февраль) беттан 11-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: