Нохчийн меттан а, литературин а хьехархойн семинар

    4-чу февралехь Соьлжа-Г1аларчу №7 йолчу школехь нохчийн меттан а, литературин а хьехархошна лерина «Дешаран дикалла кхиор» программин гурашкахь семинар хилира. Цуьнан тема школа чекхйоккхучу дешархошна текст х1отторехь а, цара шайн йозанехь дийриг кхачо йоллуш а, чулацаме а хилийтарна лерина яра.IMG_5963

Семинаран 1алашо 9-чу классашна хьоьхучу хьехархошна оьшуш долу методикин г1олацар яра.

Семинаран балхахь дакъалецира Соьлжа-Г1алин 45 школерчу хьехархоша. Циггахь дешархойн нохчийн меттан а, литературин а хинйолчу ОГЭ-на оьшуш долу методикин а, нормативни а кехаташ  довзийтаран  болх бира.

«9-чу классашкахь ОГЭ-н керлачу кепехь болчу лехамашца дог1уш, сочиненина кечам баран технологи» аьлла тема  йовзийтира семинаран дакъалацархошна. Цуьнан хьокъехь доклад йира Соьлжа-Г1алин №7 йолчу школин нохчийн меттан а, литературин а хьехархочо З.Нухаевас. «Шена хетарг т1еч1аг1дар» аьллачу темина лерина яра Соьлжа-Г1алин №4 йолчу гимназин хьехархочо П.Ханариковас йина доклад.

«Тайп-тайпана чолхаллаш йолчу декхаршца болх бар» аьллачу темина докладаш йира Соьлжа-Г1алин №7 йолчу школин нохчийн меттан а, литературин а хьехархочо А.Батаевас а, Соьлжа-Г1алин №47 йолчу школин оццу предметан хьехархочо А.Бектамировас а.

Иштта, хьехархоша вовшашна ФГОС-хула урок-конспект х1отторан шайна зеделларг а довзийтира.

ОГЭ-н кепехь нохчийн меттан а, литературин а экзамен «д1аяларан» (зеран экзамен) д1аяларх лаьцна а, экзаменна кечамаш беш яздеш долчу заявленехь даима а нислучу г1алатех лаьцна а дийцира. Оцу темина доклад йира нохчийн меттан а, литературин а методиста Я.Чемирзаевас. Цо дуккха а хьехарш дира, методика а йовзийтира хьехархошна. «Къоначу хьехархоша тестировани яр» темина доклад йира нохчийн меттан ГМО-н куьйгалхочо М.Хамзатхановас. Къоначу хьехархошна юкъахь цара хьоьхучу предметан декъехула хаарш зеран 1алашонца тестировани йира цо.

 

Семинаран дакъалацархошна оьшуш йолу консультацеш а еш, методикин г1ирсах дерг а довзийтира нохчийн меттан а, литературин а хьехархошна. Лаккхарчу т1ег1анехь д1аяьхьира билгалъяьккхина семинар. Иза вовшахтоьхначу Соьлжа-Г1алин №7 йолчу школин нохчийн меттан а, литературин а хьехархочунна Чемирзаева Яхина баркалла элира цигахь дакъалаьцначара.

З.ХИЗИРОВА

Авторан суьрта т1ехь: Семинаран дакъалацархой

№15, еара, чиллин (февраль) беттан 11-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: