Нохчийн Республикин Парламентан депутат, Парламентан социальни политикин декъехь долчу гIуллакхийн Комитетан куьйгалхо Оздамиров Iусман цхьаьнакхийтира республикин шуьйрачу хаамийн гIирсийн белхахошца. Цигахь бийцаре бира Комитето дIадаханчу 2015-чу шарахь бина болх а, карарчу 2016-чу шарна хьалха хIиттийна Iалашонаш а.
– 2015-чу шарахь ас куьйгалла дечу Комитето Нохчийн Республикин 10 законан а, Россин Федерацин 1 законан а проекташ кечйина. Оха кечйинчу республикин 10 законан проектах 7 тIеэцна, 2 Парламенто а, 1 Республикин Куьйгалхочо а юхатоьхна. Царна тIехь кхидIа а болх бу бан безаш бохура Оздамиров Iусмана.
Карарчу хенахь Комитет «Нохчийн Республикин цхьадолчу законодательни акташна хийцамаш бар» олучу законан проект кечъярна тIехь къахьоьгуш ю. Иза лерина ду «Нохчийн Республикехь – меттанаш» цIе йолчу законца доьзна а долуш, Нохчийн Республикин цхьадолчу законашна мелла а хийцамаш бан безарца.
Комитетан белхахоша 254 федеральни закон дийцаре дарехь дакъа лаьцна.
– Комитетан депутаташа кхин а дуккха а белхаш бо. Масала, спортан а, культурин а цхьаьнакхетаршкахь дакъалоцу. Дерриге а дийцина девр а дац. Парламенто тIаьхьарчу кхаа шарахь тIеэцначу 600 законех 100 тхан Комитетехула чекхдаьлла ду, – олуш, дерзийра депутата шен къамел.
И.ХАСАХАНОВ
Суьрта тIехь: Оздамиров Iусман
№15, еара, чиллин (февраль) беттан 11-гIа де, 2016 шо