ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин Юкъараллин палатехь «Прокурораца къамел» проектан гурашкахь дIадаьхьира федеральни кхерамазаллин законаш кхочушдарна тергояран а, къаьмнийн юкъаметтигийн а, терроризмана, экстремизмана дуьхьало яран а отделан прокурораца Чинчаев Абуца цхьаьнакхетар.
Иза дIахьош вара Юкъараллин палатин председатель Батаев ГIайрсолта. Цхьаьнакхетарехь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхо волчохь йолчу Юкъаралла кхиоран а, адамийн бакъонаш ларъяран а советан председатела Алиев Тимура, ткъа иштта Юкъараллин палатин декъашхоша, бакъонаш ларъяран а, кегийрхойн а, юкъараллин а организацийн куьйгалхоша, хаамийн гIирсийн векалша.
Цхьаьнакхетар дIадолош, проектах лаьцна дийцира Батаев ГIайрсолтас. Цо элира: «Россин Федерацин Юкъараллин палато къобал йинчу хIокху проектан гурашкахь цхьаьнакхетарш дIадаьхьна ГIирма Республикехь, ГIалмакхойчохь, Ленинградски областехь, Саратовехь.
Проектан Iалашо ю Юкъараллин палато кегийрхойн политика дIаяхьарехь, адамийн бакъонаш ларъярехь, иштта кхечу дакъошкахь дIахьош болу белхаш Нохчийн Республикин прокуратурица цхьаьна дIабахьар.
ХIара хьалхара цхьаьнакхетар дац. Дукха хан йоццуш Нохчийн пачхьалкхан университетан студенташца а дIадаьхьна Нохчийн Республикин прокуратуро хIокху тайпа цхьаьнакхетар. Дагадаийта лаьа масех де хьалха Россин Федерацин Президента В.Путина, «Къоман идей хIун ю?» аьлла, шега хаьттича, «Иза Даймехкан дуьхьа къахьегар ду» аьлла хилар. Цунна тIе а тийжаш, дIабахьа беза вай а болх. Вайн республикин дуьхьа къахьега деза вай. Тахана хIокху чохь жоьпаш ца карийна хаттарш, со тешна ву, А.Чинчаевс тидаме а эцна, кхечу прокурорашца дага а волуш, толлург хиларх. Юкъараллин палатехь оха довзуьйтур ду уьш».
Цул тIаьхьа вистхиллачу прокурора билгалдаьккхира тахана республикехь хIоьттина долчу хьолехь вай дерриге а цхьаьна хила дезаш хилар а, адамаш законаш лардеш хила дезар а. Массо хенахь а ша юкъараллин организацешца а, бахархошца а болх бан кийча хилар а хаийтира цо.
Т.Алиевс элира: «Тхуна тIебогIучу бахархойн хаттарш дукхахдерш суьдан балхана юкъагIортар доьхуш хуьлу. И тайпа дехарш оха прокуратуре дIахьажош ду. ДIахаийта лаьа, тхан бакъо йолуш дац гIуллакхаш таллар. Цундела тхуна мехала ду прокуратурица зIе хилар. Тхо массо хенахь а кийча ду вайн республикин прокуратурица цхьана болх дIабахьа».
Цул тIаьхьа гулбеллачеран хаттаршна жоьпаш делира Чинчаев Абус.
Л.ДАУТОВА
Авторан сурт
№15, еара, чиллин (февраль) беттан 11-гIа де, 2016 шо