Латталелорхойн бехкенна доцуш нисделла тахана Нохчийчоьнан юьртан бахамехь коьрта гайтамаш буьртиган ялташ кхиорца боьзна хилар. Дика девза цуьнан бахьанаш. Амма, царах шайна синтем бина ца Iа уьш. Кхета регионан экономикин коьртачарех цхьаъ долу и дакъа буьззинчу барамехь дендархьама, цхьана хенахь хиллачу барамашна мелла а гергакхачорхьама, юьртан бахаман дерриге а дакъош цхьаьнаэшшара кхио дезаш хиларх. Цу Iалашонца, олуш ма-хиллара, яьссачу меттехь дуккха а дан кхиъна, деш а ду, дан лерина а ду вайн агропромышленни комплексехь.
Къаьсттина тIаьххьарчу шерийн хиламаша дуккха а долчунна хьежамаш орамашкара дуьйна хийца дезийтина лаьттаца йолчу юкъаметтигашкахь. Оцу хенахь цара Iедалан органашкара, ма-дарра аьлча, лаьттаца гIуллакх догIуш болчу массаьргара а лехира агропромышленни комплекс кхиорна алссам тидам тIебахийтина ца Iаш, амма цуьнан бух чIагIбарна тIехьажийна билггал гIуллакхаш дар а. Иза дан дезаш хилар тIедожадо ша дахаро: вайн махкаца цхьа харцо ца лелийча Iалуш йоцчу малхбузерчу пачхьалкхаша санкцеш юкъаялорна жоп дала дийзира вайн хIинццалц цигара баккхийчу барамашкахь чуузуш хиллачу даьхнилелоран цхьана декъан а, латталелоран а сурсаташна доза тохарца, къаьсттина стоьмийн, хасстоьмийн культурашна.
Оцу хьелашкахь лаьттан сурсатийн къелла башха чIогIа ца хааялийтарна тIехьажийна хьокъала боллу сацамаш тIеийцира хIетахь республикин куьйгалло. Цуьнан тIаьхье яра оцу шарахь гIуллакх дан йолаеллачу «2014–2020-чуй шерашкахь юьртан бахам кхиор а, юьртабахаман сурсатийн, аьргаллин, кхачанан сурсатийн рынок нисъяран хьокъехь» аьлла йолчу пачхьалкхан программи юкъа «Нохчийн Республикехь арахь а, пардона кIелахь йолчу майданашкахь а хасстоьмаш а, хIуьнан Iалашонна картолаш а кхиор» аьлла жима программа (подпрограмма) юкъаяхийтар а, иза кхочушъяр хаддазчу тергоне кIел эцар а.
Билгалъехира берриге а муьрехь ен йолу ахчанан харжаш а – 1,8 миллиард соьман барамехь, латталелорхой шайга кхача дезаш долу дозанаш а. Хьалха хIоттийра 2020-чу шарна тIекхочуш регионехь хасстоьмийн культураш кхион йолу майданаш ши эзар гектаре дIакхачоран, шарна леринчу хьесапехь 20 эзар тонне кхаччалц тайп-тайпана хасстоьмаш гулбаран декхар, аьлча а, хIора гектара тIера 100 центнер. Ткъа пардона кIелахь йолчу майданех дерг аьлча, уьш 33 гектаре дIакхачийна хила декхар ду, хIора квадратни метр тIера 30 кийлане кхаччалц хасстоьмаш а гулбеш, церан юкъара барам итт эзар тонне гергга дIа а кхачош.
Кхеташ ма-хиллара, программица билгалдаьхна терахьаш жимма хьалхо дIаяханчу хенаца дустар мелла а хала гIуллакх ду, хIунда аьлча, заманан барамашка диллича 30 шо кIеззиг хан бен цахиларна. Оцу юкъана юьртан бахам хIаллакбаран юьхь дIа а йолош, Iехадала кийча долу халкъан дикка дакъа шайна тIаьхьа а хIоттийна, нехан хуьскаш идорхойн тобано Iедалан карчам бина а (тахана а бIаьргашна хьалха лаьтта гIалина юккъерчу майданахь вовшахтоьхна хиллачу митингехь пачхьалкхан бахамашкара схьакхоьхьуш диъна бежнаш, схьалуччу мехах лулахошна дIайоьхкина юьртабахамкан техника), къизаллин ши тIом вайн лаьтта тIехула чекхбаьлла а, цунах гIала хила иттаннаш шераш оьшур ду бохуш Iедалан цхьаццаболчу векалший, говзанчаший чIагIдеш хиллашехь, йоццачу хенахь меттахIоттийна ца Iаш, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентана Кадыров Ахьмад-Хьаьжина бакъболу хIоллам бина, къагийна дIахIоттийна Соьлжа-ГIала, ма-дарра аьлча, ерриге а Республика денйина хилар хьесапе эцча-м муххале а.
Цундела эрна хир дац аьлла хета хIетахь хиллачуьнца таханлера хьал дуьстича. Ткъа стенца билгалдовлура и шераш? Республикехь гIуллакх деш яра стоьмаш, хасстоьмаш кхиоран, царах гIуллакх даран леррина йолу цхьаьнакхетаралла, шена юкъабогIуш иттаннаш бахамаш а болуш. Иттаннаш бIеннаш гектараш тIера хIора шарахь чуоьцура 60–70 эзар тонне кхаччалц тайп-тайпана хасбошмийн сурсаташ, гектарана леринчу хьесапехь шайн хьекъар дукхах болчу бахамашкахь 120–130 центнерал лакхара а долуш. Кхин хIун дара къастамалла йолуш? Шуьйра яьржина махлелоран сеть яра цхьаьнакхетараллин шен долахь, масех консервни завод. Масала, аренашкара хасстоьмаш туьканахь сарралц боьхкича, бухабисинарш гIуллакх дан дIабохьуьйтура, шолгIачу дийнахь эцархошна уьш ца бухкуш. Советски Союзехь яккхийчарах наггахь а гIала яцара оцу бахамашкахь кхиъна беркат шайн цига кхачаза.
Иштта ду вайн дIадаханарг, тIейогIучу хенахь латталелорхочунна къилба хилла латта а дезаш. ХIунда аьлча, хIетахьлерчу дозанашна герга кхачархьама юьззина меттахIотто еза ерриге а инфраструктура: латта, гIуллакх даран предприятеш, уггаре а коьртаниг – оцу гIуллакхе болу хьежам. КIезигчу маьIне дац хасстоьмашка долу бахархойн хьашт хаъал хийцаделла хилар а, коьртачу декъана тIаьххьарчу ткъех шарахь доккхах долчу декъана арахьара чуузуш долчу сурсатех пайдаоьцуш хилла хиларна.
Говзанчаша чIагIдарехь, и дерриге а хьесапе оьцуш кхиор ду герггарчу шерашкахь хасстоьмашлелоран дакъа. Лакхахь вай йийцинчу жимачу программица нийса а догIуш, герггарчу шерашкахь хасстоьмийн культураш кхион йолчу майданийн барам ерриге а хорманийн бахамашкахь пхи эзар йиъ бIе гектаре дIакхачийна хила декхар ду. Цу юкъахь пачхьалкхан бахамашкахь хила езарг 1200 гектар майданаш ю. И декхар кхочушдан ницкъ кхочур буй? Дуьйцийла йоццуш. Ишттачу Iалашоне кхача йолу таронаш алсамйовлу хIора шарахь: тIекхеташ бу хиш дохкучу латтанийн барам, республике кхочуш ю хиш дахкаран кхузаманахьлера леррина техника, адамаш тIедерза дуьйладелла оцу гIуллакхана.
Ведомствон ораматашлелоран а, химизацин а департаментан директора Матуев Ханпашас тидам тIебохуьйту хасстоьмаш кхиоран географи а хийцаелла йогIуш хиларна. Уьш кхиор пачхьалкхан тIегIанехь дIадолийначу дIадаханчу бIешарахь дуьйна ламаст хилла схьадогIуш дара коьртачу декъана хасстоьмаш ТIехьа-Мартан, Хьалха-Мартан, Шелан, Грозненски районашкахь кхиош хилар. Тайп-тайпанчу хасстоьмийн коьрта дакъа бахархойн шуьне а, гIуллакх даран предприятешка а цигара кхочура. Шен барамашца уггаре а жимачарах ларалуш хиллачу «Южный» совхозера а, масала, хIора шарахь йиъ эзар тонне кхаччалц стоьмаш а, хасстоьмаш а дIабохьуьйтура махлелоран организацешка а, консервни заводашка а.
Оццу шерашкахь, бакъе ма-хиллара, Теркал дехьарчу бахамийн коьртачу тидамехь кемсаш а, хорбаз-пастанан культураш а яра. Амма, тахана кхузахь а бу хьесапе эца хьакъ болу хийцамаш. Масална схьалоцур вай кемсашлелоран «Наурский» бахам. Иза даима а хилла шех масал эца хьакъ. Цуьнан аренашкахь бIеннаш гектараш дIалоцура кемсийн таьллангаша, евзара маьлхан хорханийн хьекъар, церан дикалла лакхаяккхаран къайленаш, адамаш девзара даима а керланиг лохуш хиларца, иза шаьш долчохь юкъадалорца.
Дуьйцуш долчу шерашкахь дуккхазза а хила дезна сан оцу бахамехь. Лелла кемсийн майданашкахула, дукха хилла адамашца къамелаш. Даима а билгалдолуш дерг цхьаъ дара – адамийн ойла билггалчу Iалашонна тIехьажийна хилар, цуьнга кхачархьама шайн берриге а ницкъаш тIеберзийна къахьегар. ТIаьххьарчу чоьтехь лаьтте болу даггара безам, цуьнан тIалам бар.
Шайн ламасташна тешаме хилла буьсуш бу цигара латталелорхой тахана а. Кхиаман коьрта хьоста лору лаьттаца йолу юкъаметтиг, цу тIехь деш долу гIуллакх. Пхийтта шо ду Лорсанов Асламбек бахамна коьртехь лаьтташ волу. Оцу муьрехь цигахь дуьйш-лелорна юкъадалийна ши эзар гектар гергга латтанаш. Нагахь бахам гIамаран аренашца доза долуш (ма-дарра аьлча, дикка доккха дакъа кхочу царна) хилар хьесапе эцча, кхеташ хуьлу оцу декъехь бинарг боккха болх хилар. Даима лехамехь ву директор, жигара юкъадаладо керланиг. Цуьнан дIадолорца дIадолийна цигахь тайп-тайпана хасстоьмаш – помидораш, наьрсаш, гIабакхаш, хохаш, цIен буракаш, жIонкаш, картолаш кхиор. Лакхара хилира хьекъар а: кхо бIе тонна гулйира, масала, цIен буракаш, ткъа жIонкаш – 400 тонна, ши эзар тонна картолаш. Цуьнан коьрта къайле йоллу техникаца хиш дахкаран системех шуьйра пайдаэцарехь. Иштта дара неврахоша малхбузерчу мехкийн санкцешна делла жоп, хаъал доккха дакъа диллира билгалйина программа кхиамца кхочушъярна юкъа.
Хасстоьмашлелоран дакъа кхиорна юкъа хаъал доккха дакъа дуьллу вайн фермерша, шайн гIуллакх долийначара. Иза къаьсттина хьакхало пардона кIелахь дийнна шарахь тайп-тайпана хасстоьмаш кхиорах. Цо дегайовхо кхуллу хасстоьмийн шорталла а, тайпаналла а лахлург цахиларна.
Йолуш йолчу таронашка хьаьжжина гIуллакх деш хилча стенна дуьйцу дIадаханчух, цхьана хенахь хиллачу гайтамех сел чIогIа дестийна аьлла бехк баккха тарло соьга. Цхьана декъана-м бакъ хила а мега ишттаниш, амма соьга хаьттича, дийца деза хIетахьлера зеделларг, болх вовшахтохаран кепаш йовзийтархьама, оцу хенан, тахана долуш долчун латталелорхочуьнга хьесапаш дайтархьама, маьIна даккхийтархьама. Вайн мехкан Президента Путин Владимира а ма-боху советийн Iедалан шерашкахь хилла диканиг-вониг ца къастош емалдай дерриге а дIа ма-татта, схьаэца тоьлашха дерг, тахана пайдехь хиндерг, довза дIадаханарг, хIунда аьлча, иза ца девзича хиндерг ледара хила тарлуш хиларна.
Оццу хенахь билгалдаккха деза, дуккха а хийцамаш хилла оцу муьрехь: хийцаелла бахамийн структура, доза тоьхна ю леррина кхузаманан техника эца йолу ахчанан таронаш, юьйцуш йолчу программица нийса а догIуш, хьалха хIиттийна декхарш кхиамца кхочушдан таро луш йолу кхоъ консервни завод республикехь елахь а, сел баккхийчу барамашкахь и сурсаташ тахана оьший-техьа вайна, олий ойла а кхоллало. Оцу дерригено лоьху леррина хьесапаш дар, кега-мерса хетарг а тидамехь латтор. ТIаккха бен билгалбевр бац хила дезачун барамаш.
Иза гIуллакхан цхьа агIо бен яц. Йолуш ю цуьнан шолгIаниг а – латтанех санехь пайдаэцар. Муха ду иза? Халахетарца билгалдаккха деза цхьана хенахь шайна тIера шортта беркат гулдеш хилла юьртабахаман Iалашонан латтанийн дуккха а майданаш гIуллакхана юкъара яьхна хилар. Масалш генара леха оьшуш дац. Схьалаца шайна ГIойтIа. Цига хьалавоьдуш юьртана тIекхочуш аьрру агIор Iуьллуш йолчу керлачу юьртан тидам база висина цхьа а хир вац. Ас юьйцучу хенахь хиш дохкуш яра и майда, алссам хасстоьмийн культураш а кхиош.
Изза хьал ду луларчу Мичуринан цIарахчу бахамехь а: тайп-тайпанчу стоьмийн бошмаш лаьттинчохь тахана долахошна дIасадекъна лаьттан дакъош ду хIусамаш ярна лерина. Кхин къастамалла йолуш бац «Урожайный», «Овощевод» бахамаш а. ДIахьаьжжинчохь массанхьа а бохург санна дIасадекънарш хиш дохкуш хилла латтанаш хиларо хьалха шашаха хаттар хIоттадо: тоьлларш ца декъча кхин латтанаш доцуш бисинера-те и бахамаш? Коьртачу декъана цхьайолчу меттигашкахь оцу латтанашна хиш дахка тахана а таро хилар хьесапе эцча-м муххале а. Ойла йича, лаьттан тIалам баре, цунах санехь пайдаэцаре доьхуш Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана беш болчу кхайкхамца галморзахдолуш гIуллакх ду иза.
… Ларамаза дац халкъалахь картолашна «шолгIа бепиг», аьлла цIе тиллина хилар. Адамийн дахарехь коьртачарах меттиг кхочу оцу сурсатана. Говзанчаша динчу хьесапашца, Нохчийчохь хIора шарахь чоьхьарчу хьаштана пайдаоьцу иттаннаш эзарнаш тоннаш картолех. Цу тIе уьш ерриге а бохург санна хIинццалц арахьара чуузуш а яра аьхка къилберчу Дагестанара а, Азербайджанера а, ткъа гурахь – Россин тайп-тайпанчу регионашкара а.
И хьал нисдала доладелира цхьа хилам бахьанехь. Ши шо хьалха вай долчохь хилира Iамаркера хьеший – картолийн керла хIу кхуллуш болу селекционераш. Уьш Нохчийчу бахкаран коьрта бахьана дара шаьш долчуьра деана хIу кхузахь муха кхуьу хьовсар. Гергарло тесира республикехь коьрта картолашлелорхо ларалуш волчу «Наурский» бахаман директорца Лорсанов Асланбекаца. Цуьнан тIаьхье лара мегар ду картолаш кхиорехь дIадаханчу шарахь бахамехь хилла гайтамаш а. Ши эзар тоннал сов гулйира уьш – гектарана леринчу хьесапехь ши бIе центнерал алсам. Доккха дакъа дIадоьхкинчул тIаьхьа хIуьнна дIа а Iалашйира. ХIокху шарна кхин а лакхара дозанаш билгалдина кхузарчу латталелорхоша. Уьш шайн Iалашоне кхочург хиларх шеко а ца кхоллало.
Лакхара ду программица билгалдина декхарш а. Регионан юьртан бахаман министран заместитела Сельмурзаев Мохьмада чIагIдарехь, 2020-чу шарна тIекхочуш республикехь 80 эзар тонне кхаччалц картолаш гулъян а, царах 21 эзар тонна гергга ерш хIуьнна дIаIалашъян а декхарийлахь бу регионан латталелорхой. Оцу пачхьалкхан мехаллин гIуллакхана юьстах буьсур бац фермерш, бахамлелоран кхечу кепашца лаьтта тIехь беркат кхиош берш.
Дийнна схьаэцча оцу программица дан билгалдинчу гIуллакхаша таро хуьлуьйтур ю хасстоьмашлелоран сурсатийн къелла ца хааялийта, уггаре а коьртаниг – кхечу мехкийн йийсарера дуьззина бохург санна довла. Аьлча а, коьртачу Iалашоне кхача.
Л.МАГОМАЕВ
№15, еара, чиллин (февраль) беттан 11-гIа де, 2016 шо