Республикин кхечу учрежденешкахь а санна, лакхарчу дешаран заведенешкахь а дIахьош бу терроризмана а, экстремизмана а дуьхьал къийсам дIабахьарна лерина болх. Нохчийн Республикин Куьйгалхочун сацамца тIеэцначу республикера къона тIаьхье ийманехь кхетош-кхиоран Концепцица нийса а богIуш дIахьош бу иза.
Тахана республикехь болх беш лаккхара дешаран кхоъ заведени ю: Нохчийн пачхьалкхан университет, Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан технически университет, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университет. Оцу кхаа заведенехь доьшуш ву 45 эзар сов стаг.
– Нохчийн Республикехь къона тIаьхье ийманехь кхетош-кхиоран Концепци тIеэцна а, цу тIехь оха болх беш болу а масех шо ду. Оцу Концепцина юкъадогIуш дуккха а хIума ду: кегийрхошна хьехамаш барна тIера дIадоладелла, царна вайн къоман истори а, гIиллакхаш а, Iадаташ а, ламасташ а довзийтарна тIекхаччалц. Республикин Iедалан органаша а, динан организацеша а гIо деш хилар бахьанехь тхо кхиамашца ларош ду оцу декъехь хьалха лаьттачу декхаршца, – дуьйцура Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан технически университетан студентийн Клубан директора Габазов Iийсас.
Баккъал а, лакхахь хьахийна йолу Концепци кхочушъярехь республикин учрежденешна гIо-накъосталла деш ю Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департамент, Нохчийн Республикин бусалбанийн динан урхалла, Кунта-Хьаьжин цIарах йолу Россин исламан университет, Россин Федерацин наркотикаш лелорна тIехь терго латторан федеральни службин Нохчийн Республикера урхалла, Нохчийн Республикин могашалла Iалашъяран министерство, иштта кхиерш а.
– Дешаран шо дIалалуш дан леринчу цхьаьнакхетарийн графикаш кечйо оха. Цхьаьнакхетарш тхайна луъучу органийн векалшца ян бакъо елла тхуна. Цуьнца доьзна оха тхаьш хоржу тхайн студенташца цхьанакхета кхойкхур верг. Амма, дукха хьолахь, культурин а, динан а, могашалла Iалашъяран а векалш хуьлу уьш. Иштта хьал кхийолчу лакхарчу дешаран заведенешкахь а хир ду аьлла хета суна, – боху I.Габазовс.
Иштта, тхан къамел хиллачу Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан технически университетан векала билгалдарехь, Концепци кхочушъярца доьзначу цхьаьнакхетаршка студенташ баьхкина ца Iаш, университетан белхахой а богIу. Iеламнахаца долчу цхьаьнакхетаршкахь гулбеллачарна довзуьйту бусалба динан баххаш а, арканаш а. Лоьраша хьоьху могашалла Iалашъяран некъаш. Культурин векалша вайн къоман гIиллакхаш а, ламасташ а, Iадаташ а довзуьйту.
– Делахь а, тIекхуьуш долу чкъор кхетош-кхиорехь коьрта меттиг дIалоцуш ю экстремизмана а, терроризмана а дуьхьало яр. Iеламстаг варах а, лор варах а, цхьа а цхьаьнакхетар дIадоьрзуш дац дуьненна а, къаьмнашна а, бусалба динна а экстремизмах а, терроризмах а долуш долу зен ца хьахош. Вайн къомо инзаре боккха мах белла экстремизм а, терроризм а Нохчийчуьра дIаяккхархьама. Вайна иза хууш ду, вайна иза гина ду, вай иза лайна ду, – дерзийра шен къамел I.Габазовс.
И.ИСЛАМОВ
Суьрта тIехь: Габазов Iийса
№15, еара, чиллин (февраль) беттан 11-гIа де, 2016 шо