Шемин пачхьенехь Дамаскехь эпсарийн цIенна хьалха машен эккхийтина. Цигахь итт стаг кхелхина, ткъа стагана чевнаш йина. Оцу зуламах долу жоьпалла тIеэцна «Иблисан пачхьалкхан» гIеранаша.
***
Германерчу Баварехь ши цIерпошт вовшахкхетта, масех вагон тIекIал а йолуш. Оцу бохамехь 10 стаг кхелхина, 150 гергга стаг лазийна. Царах 50 стаг вочу хьолехь ву. ЦIерпошташ вовшахкхетаран бахьана толлуш ду.
***
ХIара шо доладелчахьана Европин пачхьалкхашка веана Африкера а, Iаьрбийн мехкашкара а 76 эзар мигрант. Денна схьаоьхуш болчу царна дан хIума доцуш хьийза Евросоюзан куьйгалхой.
***
Мисаран куьйгалло Россин говзанчашца барт бина шайн махкара аэронавигацин системина модернизаци яйтаран хьокъехь. ХIинцале дIадолийна оцу бартаца нийса а догIуш гIуллакхаш дар.
***
Украинин правительствехь ахча дац Лакхарчу Раде рогIера боцу харжамаш дIабахьа. Дуьненаюкъара валютийн фонд Украинина рогIера кредит ца луш, правительствехь хуьлучу хийцамашка ладоьгIуш Iаш ю.
***
Украинехь Н1N1 (свиной) олу грипп чIогIа яьржина. Цунах таханлерчу денна кхелхинарг 246 стаг ву. Лоьрийн цкъачунна ницкъ ца кхочу и цамгар кхеттачарна шен хеннахь дарбанаш лело.
***
Официальни визитца хIокху деношкахь Индонезехь хилира Россин Кхерамазаллин Службин Председатель Н.Патрушев. Цигахь цо мехкан куьйгалхошца дийцаре дира тIеман-техникин декъехь цхьаьна болх баран хьокъехь долу гIуллакхаш.
***
Кремлехь Россин Президент В.Путин цхьаьнакхийтира мехкан йозуш йоцчу профсоюзийн федерацин председательца М.Шмаковца.
***
Россин премьер-министра Д.Медведевс хIокху деношкахь Тверехь дIаяьхьначу кхеташонехь дийцаре дира махкахь машенашъяр кхиорца доьзна долу гIуллакхаш.
***
Вайн мехкан оборонан министр С.Шойгу центральни тIеман округехь хилира. Цигахь тIеман а, социальни а объекташ яр муха дIахьош ду хьаьжира иза.
***
Россин къоман антитеррористически комитетан рогIера кхеташо хилира. Цуьнан декъашхоша дийцаре дира ГIирма а, Севастополь а террористийн кхерамах ларъярехь дан деза гIуллакхаш.
***
Мехкан къинхьегаман министерствехь бечу хаамашца дIадаханчу шарахь белхан алапа (ахча дайдаларе хьаьжча) 9,5 процентана лахделла, ткъа пенси – 3,8 процентана.
№15, еара, чиллин (февраль) беттан 11-гIа де, 2016 шо