Нохчийн дуккха а хилла турпалхой

IMG_2888

«Нохч-ГIалгIайчоь – Даймехкан Сийлахь-боккхачу тIеман (1941-1945) шерашкахь»  аьллачу темина республикин Iилманан-практикин конференци дIаяьхьира Соьлжа-ГІаларчу Зорбанан цIийнехь. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Жамалдаев Шаида, Нохчийн Республикин дешаран, Iилманан министра Байханов ИсмаьIала, Нохчийн Республикин Iилманан Академин президента Гапуров ШахІруддис, иштта республикехь дика бевзаш болчу Iилманчаша, яздархоша, журналисташа, кхечара.

«Тахана кху чохь гулбелла дуккха а Iилманчаш бу, историн декъехь дукха болх бина нах а бу. Цара вайна дуьйцур ду нохчаша а, гIалгIаша а Даймехкан Сийлахь-боккхачу тIамехь хІун дакъа лаьцна а, 1941-1945-чуй шерашкахь вайн къомана тIенисделлачух а. Дерриге а къам махках даккха цхьа а бахьана хуьлийла дац, бакъ долуш, цу тайпа нах бохор доккха зулам ду. Делахь а, вайн къоман цхьаболу векалш хилла хIетахь шайгара цхьацца зуламаш, ледарлонаш, гIалаташ дуьйлуьйтуш. Цуьнца доьзна дуй-те вай махках дахар а?  Вай дохадайта бахьанаш лелийний-те оцу наха?
ТIе мел нисделлачу хIуманна вай ваьш доцург массо  а бехке хеташ Iедал ду вайн. Вай тидаме эца деза вайгара а гIалаташ дуьйлуш хилар. Цунах лаьцна Айдамиров Абузара дика дийцина «Вайн амалш»цІе  йолчу  шен книги тIехь. Вайгара цхьа гIалат даьлча, иза тIелаца а, бехк болчохь бехк тIеэца а Iама деза вай», – элира Жамалдаев Шаида цхьаьнакхетар долош.

КхидIа Гапуров ШахІруддис, историн Iилманан кандидаташа Бугаев Iабдуллас, Идилов ШаIранис, Цуцалаева Сапията, Горчханова Елизаветас шайн докладашкахь дийцира вайнехан къомо Даймехкан Сийлахь-боккхачу тIамехь баьхначу кхиамех, Берлин гIала схьаяккхарехь дакъалацарх а лаьцна. Билгалдаккха деза, оцу тIамехь дакъалаьцначарех кхоалгIа дакъа нохчий хилла хилар. Ткъа нохчийн бахархойн барамца дуьстича, муьлххачу а кхечу къомахчул дукха нохчашна юкъахь хилла оцу тIеман турпалхой.

Iилманехь, истори талларехь къа мел хьоьгучарна Ш.Жамалдаевс баркалла олуш, конференцин берзийра.

А.ВАХАЕВА

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: