Лараме Нохчийн Республикин бахархой!

Нохчийн Республикин экономика а, мохк а кхиоран, махлелоран министерствос хаам бо республикин шаьш урхалла даран меттигерчу органийн куьйгалхойн а, бахархойн хьашташ кхочушдечу республикин а, муниципальни а организацийн а белхан дикаллин мах хадорна лерина социологин хаттам бар дIахьош хиларан хьокъехь.

2016-чу шеран 1-чу февралера 1-чу марте кхаччалц республикин экономика а, мохк а кхиоран, махлелоран министерствон официальни сайта тIехь дIахьур бу хаттам баран рогIера (шолгIа) мур. Районийн куьйгалхойн  белхан мах хадоран  IT-хаттам бар хIора шарахь дIахьош ду республикехь.

Россин Федерацин Президентан Указаш кхочушдаран декъехь, коммунальни бахаман а, транспортаца кхачояран а, иштта кхидолчу а дакъошкахь районийн куьйгалхоша биначу белхан мах хадорехь жигара дакъалацаре кхойкху республикин бахархошка.

Дехар ду массаьрга а, хIора хаттарна леррина тидам бар а, шайн дог-ойланна уггаре а герга долу жоп харжар а.

Анкетехь далийначу хаттаршна, цу тIехь долчу жоьпел сов, хаттарехь билгалдаьккхинчу гIуллакхан хьокъехь шайна хетарг (ала луург) яздан а мегар ду. Республикин пачхьалкхан Iедална мехала ду хIора а хаттаран хьокъехь республикин бахархойн ойла йовзар.

Хаттам бар  чекхдаьллачул тIаьхьа, цуьнан жамIаш Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин официальни сайта тIехь довзуьйтур ду. ЖамIаш тидаме а эцна, Экспертийн комиссис республикин районийн куьйгалхойн а, меттигерчу предприятийн а белхан мах хадорехь (я церан болх тобарехь) дан дезарш билгалдаьхна, уьш Нохчийн Республикин куьйгаллина довзуьйтур ду.

 

№15, еара, чиллин (февраль) беттан 11-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: