Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Ессентукера Соьлжа-ГIала схьакхелхинчу КузменкогIарна.
Кадыров Рамзана, ша вахана, декъалбира керлачу хIусамна чу кхелхинарш. Чохь мел оьшучу гIирсаца, йийбарца кечйина йолу хIусам чIогIа тайнера долахошна. Бераш а ца дитира тидамаза, царна тайнигашца совгIаташ дира.
Федеральни а, региональни а журналисташца шен хиллачу къамелехь Р.Кадыровс дийцира, шена Н.Кузменкон дахарах а, лаамех а лаьцна социальни сетехула хиъна хилар: «Н.Кузменкос кехат яздира соьга шен проблемаш йовзуьйтуш. Цо хаийтира ша Нохчийчу Iа а, яха а схьакхалха лууш хилар а, ша Нохчийчоь шен Даймохк лоруш хилар а. Соьлжа-ГIалин мэрана юкъа кхин хан ца юлуьйтуш цуьнан хьашт кхочушдар тIедиллира ас. Ткъа тахана уьш керлачу хIусамчу кхалхарца декъалбан лиъна веана со», – бохура Р.Кадыровс.
Кадыров Рамзана билгалдаьккхира республике эзарнашкахь нах схьаоьхуш хилар а, царна юкъахь кхечу къаьмнийн векалш хилар а.
«Вайна юкъахь болх бан а, Iа а дуккха а нах богIу. Царна кхузахь массо а тайпа хьелаш кхоьллина, цундела царна атта ду кхузахь. Иза иштта хиларна воккхаве со», – элира цо.
Билгалдаккха деза, Кузменко Наталья Соьлжа-ГIалахь йина а, кхиъна а хилар. Нохчийн Республикехь тIеман хьалхара компани йолаелча, кхиберш санна, Нохчийчуьра дIакхелхина иза. Ессентукехь сецна. Амма шен хIусам ца кхоьллина цигахь. Вайн республикин Куьйгалхочунна дIахаъалц бен ца Iийна иза хIусам йоцуш. ХIинца, Даймохк лоручу Нохчийчохь, ши чоь йолчу хIусамехь яха таро ю цуьнан.
Хь.БАХТАЕВА
№15, еара, чиллин (февраль) беттан 11-гIа де, 2016 шо