Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан Хьалха-МартантIерчу зIакардохнан фабрикехь хилира. 100 эзар гергга зIакардохнна лерина йолчу керлачу корпусехь а, хIоаш дIасадекъаран цехехь а болх муха бо хьаьжира иза.
Кадыров Рамзанца цхьаьна цигахь вара Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Кадыров Ислам, Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитель Хакимов Хьасан, иштта кхиболу официальни нах.
Республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхира, кхечанхьара Нохчийчу чукхоьхьучу кхачанан сурсатийн меттана, вайн продукци юкъаялорехь республикин юьртан бахаман декъехь керла инвестпроекташ кхочушъяр вуно мехала хилар.
«Арахьара чукхоьхьучу сурсатийн меттана вайн кхачанан сурсаташ юкъадахарна боккха тидам тIебохуьйту оха. Жижиган а, шурин а сурсатийн барам лакхбаккхарна а, стоьмаш, хасстоьмаш кхиорна а тIехьовсийна къаьсттина лерина гIуллакхаш до. Инвесторша хаза а хеташ шайн ахча агропромышленность кхиорна юкъа дохуьйту. Цундела, оцу кепара инвестицийн проекташ кхиорна къаьсстина тидам бан беза», – элира Р.Кадыровс.
Иштта, цо билгалдаьккхира Хьалха-МартантIерчу зIакардохнан фабрикехь хьанал сурсаташ арахоьцуш хилар.
«Доккха хIума ду дуьххьара схьайиллинчу цеха чуьра дохка 300 эзар гергга котаман хIоаш хилар. ЧIогIа мехала ду предприятис хьанал сурсаташ арахоьцуш хилар а, Нохчийн Республикин а, Россин кхийолчу регионийн а бусалбанашна дикачу сурсаташца кхачоеш хилар а», – тIетуьйхира республикин Куьйгалхочо.
Иштта, Кадыров Рамзана баркалла элира инвестицеш юкъаозоран гIуллакхаш кхочушдинчу республикин Правительствон вице-премьерана Хакимов Хьасанна.
Билгалдаккха деза Хьалха-МартантIера зIакардохнан фабрика 2013-чу шарахь дуьйна болх беш хилар. Фабрикин сурсаташ Нохчийн Республикехь хилла ца Iаш, Россин кхийолчу регионашкахь а духкуш ду. Кхузахь болх беш ялх корпус, 300 эзар гергга зIакардаьхни лело меттиг ю. Кху шарахь кхин а ши корпус схьаеллар ду дагалаьцна, тIаккха фабрикехь кхин а 200 эзар котам лело меттиг хир ю.
А.ХАСБУЛАТОВА
№15, еара, чиллин (февраль) беттан 11-гIа де, 2016 шо